ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нана яла цу "дипломатин"!


Кху беттан 11-чу дийнахь Москох Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министрца цхьаьна зорбанан конференци дIахьош Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс цхьана нахана "дебилаш" (тентакаш) боху. Хууш дац цо тентакаш ю бохурш муьлуш бу, гочдархой, Саудийн пачхьалкхан министр ал-Джубейр Адел, я кхин берш. Амма цецвоккхург ду лаккхарчу дипломато массо а дуьнентIера телевизионийн камерашна хьалха цу тайпа оьзда доцу къамелаш дар шена магийтар.

XS
SM
MD
LG