ТIекхочийла долу линкаш

Латарехь арсаш диттина нохчийн кхиазхошна


Австри--- Венера нохчийн туька, 18ГIад2012

Австри--- Венера нохчийн туька, 18ГIад2012

Венехь иттех нохчийн кхиазхошна тIелатар дина 60 герга стагах лаьттачу тобано. Уьш дукхах берш ОвхIанистанера нах бара бохуш дуьйцу эшам хиллачара. Арсаш а, довганаш а етташ, нохчийн берех леттачу зуламхоша ворхI кIантана чевнаш йина, царах шиъ реанимацехь ву.

Кегирхошка шайн мукъа хан, урамашкахь а ца лелаш, Iуналла дечу тховкIелахь яккхийтархьама Iедало лерина кхоьллинчу, Югендцентрум олучу кхерчахь хан а яьккхина, цIабаха арабевллачу нохчийн иттех кхиазхочунна тIелеттера арахь цаьрга хьоьжуш лаьттина болу овхIанхой. Iедалхоша дийцарехь, мел кIезга а 60 стагах лаьтташ йолу овхIанхойн тоба арсех а, ирйинчу дечигех а, эчигех а лаьттачу герзашца чIагIбелла хилла.

Венерчу 20-чу кIоштахь метрона гена доцуш тIебеттабеллачу цара масех минотехь тIаккха нохчийн кхиазхошна арсаш а, кхин болу шайгара герзийн гIирсаш а биттина, Iедал тIекхача кхиале дIасабевдда уьш. Хилларг гуш тешаш нисбелла нохчийн кегирхоша чохь суьйре яьккхинчу Югендцентрума белхахой. Цара оцу сохьта полисхошка орца дехна.

Латарш хиллачу метте схьакхаьчначу Iедалхошна гинарг тIеман арехь хуьлуш дегр санна сурт дара – чевнаш йина, лазийна Iохку кегирхой, массанхьа а дIасадиттина цIийш. Оцу сохьта схьакхаьчначу лоьрийн машенашца ворхI нохчийн кхизхо лоьрийн цIийна кхачийнера.

Царех шиъ дера чевнаш хилла валар-висарна зил тIе кхаьчна волу, цу сарахьехь операци а йина, хIинца а реанимацехь ву. Важа пхиъ чолхечарна тIера яйчарна тIекхаччалца чевнаш йолуш ву.

Латарш хиллачу кIоштахь зуламхой лахайоьллачу полицина бевдда боьлхучура гучу а бевлла, лаца кадаьлла тIелеттачу овхIанхойх ялх стаг лаца кадаьлла. Царна а дуьхьал бехкталламан гIуллакхаш схьадиллина. „Ши бехкталламан гIуллакх стаг вен гIортар бахьана долуш ду. Кхин а пхиъ шога чевнаш яр бахьана долуш ду“, - бохуш дийцира Маршо радионе 20-чу кIоштарчу полисхойн декъан векал волчу Айденбергер Паула.

Иштта цуо билгалдаьккхира, зуламан теш хиллачу Югентцентруман белхахо йолчу зудчуо дийцарехь, тIелатар динарш ханна дуккхаъ нохчийн берел баккхийха а хилла, уьш дуста йиш йоцуш нохчел алсамох а хилла, цул совнаха, йоллу суьйре а шайн кхерчахь баьккхинчу нохчийн кегирхой цхьанна а кепара шена хууш цу овхIанхошца Iотта-баккхар долуш а бацара, аьлла.

Бакъду, полисхоша, шайн рогIехь, билгалдаьккхира, хетарехь, овхIанхой нохчашна тIелатар царний, нохчийн берашний юккъехь Фейсбук социалан машанехь масех де хьалха даьлла дов хила мегаш ду, аьлла. Иза хIун дов ду бохург Iедало цкъачунна хоуьйтуш дац.

Цу юкъана хилларг къастон, нохчийн кхиазхой шайгара цхьа овхIанхошна дуьхьал бекхаман акцеш ян гIортарх ларон а Iалашонца Венехь вовшашкхеттера цу гIалахь кхоьллинчу нохчийн-гIалгIайн Кхеташонан векалш. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь цу Кхеташонан куьйгалхочуо Мусалатов Шайхис дийцира, шаьш Iедалхошца а, латарийн закъалташ хиллачу кегирхошца а цхьаьна а кхеташ, и хилларг талла а, цунах кхин а доккхаха долу зулам ца далийта а Iалашо йолуш ду, бохуш.

Мусалатов Шайхи: „Тхо Iуьйранна Кхеташонехь вовшахкхетнера, цу овхIанхошца вайн кегирхойн хилла латар а, цара вайн берашна ницкъ бар а, цара царна тIехь гайтина къизалла а йийца. Ши шо хьалха иштта овхIанхошка латарш нисделлачу хенахь церан баккхийнарш, тхо а цхьаьна а кхетта, дIадерзийнера оха и хIума.

ХIинца юха а и дов далар хIун бахьана ду-те? Iедал мичахь хилла-те цара сел къиза вайн берашна йоьттучу хенахь? Дуккхаъ хеттарш ду тхан цу хьокъехь. Амма уггаре а халахеташ дерг – нохчийн цIий цхьа а мах боцуш, дораха даьлла-кх, иза Iенош ду-кх тахана, Iанийча мага а мегаш“.

Хиларг шуьйра дийцаре деш ду Венерчу нохчийн диаспорано а. Къаьстина зударша тайп-тайпачу ватсапашкарчу тобанашкахь а, телефонашца вовшашца зIене буьйлуш а сагатдо, шайн доьзалера божабераш гергарчу хенахь керлачу латарийн декъа нисбаларна а, царна цхьа зулам даларна.

ХIунда аьлча, хIинцале а массийтаза нисделла Австрехь нохчийн, кхечу къаьмнийн кегирзй вовшех леттачул тIаьхьа юх-юха а и дов дIа ца доьрзуьйтуш, кегирзоша шаьш вовший ира-кара хIиттош, и санначу девнехь даккхий зуламаш хуьлуш. Иштта нохчийн кегирхошна цу хиллачух кхин а доккхаха зулам даларна саготтачу Венин яхархочуо Кагерманова Жовзана дуьйцу, хилларг Iедале къастадайта деза, кегирхоша шайгара хIуммаъ ца лелош, бохуш.

Кагерманова Жовзан: „Ас сайга хаьттича, и хIума Iедале дерзадойтур дара. Iедало уьш лийцина а бу, иштта Iедале вай дIа дийца а деза, и нах шайгахь герзаш а долуш тхан берех лерина лата арабевлла а бара, цара тхан бераш хьийза а до, аьлла. Дала диканца дIадерзадойла и хIума, массеран а чу беана бохам бу-кх иза“.

Цу юкъана полицин векало Айденбергер Паула дийцарехь, хиллачу кхо теш карийна цкъачунна Iедалхошна, цаьрга хаттамаш а бина. Цул совнаха, лийцинчу овхIанхошкара герз а схьадаьккхина.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG