ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчухула а ядор ю Олимпан ЦIе


Оьрсийчоь - Гоьваьллачу спортхочун Карапетян Шаваршан карахь дIаяйна Олимпан ЦIе юхалатош ю Кремлан пенашна гергахь, Москох, 6ГIа2013
Оьрсийчоь - Гоьваьллачу спортхочун Карапетян Шаваршан карахь дIаяйна Олимпан ЦIе юхалатош ю Кремлан пенашна гергахь, Москох, 6ГIа2013

Олимпан ЦΙе Соче кхачале, махкашкахула йоккхуш, Нохчийчу а кхачор ю. Кестта хир ду иза. Цунна кечамаш беш ду Ιедал. Ткъа оцу хиламах нах кхин баккхийбеш а ца хаало махкахь...




ТIедогIучу шеран юьххьехь Сочехь хинйолчу Олимпиадан ЦIе шен рожехь тIеэца а, кхузахь эстафета дIаяхьа а хIинца дуьйна а кечамаш бан болийна Iедалехь болучара. Спортан министаралло бинчу хаамца, цу Iалашонца 15 миллион сом ахча къасто дагахь ду меттигера Iедал.

Леррина цу гIуллакхна кхоьллина белхан тоба, коьртехь социалан хьелаш листаран министран гIоьнча Дулаева Хадижат а йолуш.

Кар-кара а луш, махкахула Олимпиадан ЦIе чекхъяккхарна тIехьажийна, биъ бутт хьалха дуьйна дIахьочу кечамаша гойту Сочехь хиндолчу къийсадаларшна лерина Нохчийчохь рогIера даздарш дIахьуриг хилар.

Олимпиадан ЦIе махкахула чекхйоккхуш хинйолчу эстафетан хьокъехь зевне дIахьедардина спортан а, туризман а министро Алханов Хьайдара.

"Нохчийчухула Олимпиадан ЦIе чекхйоккхуш, - боху Алхановс, - эстафета дIаяхьаро совнаха а таро лур ю Оьрсийчоьнан бахархошна а, дуьненна а кхузахь хилла бIаьрла хийцамаш, вайн баьхна кхимаш, вайнехан оьзда ламасташ гайта. Цул сов вайн махкахойн дог-ойла кхоллалур ю, шаьш Сочехь хинйолчу Олимпиадан декъашхой хилча санна».

«Сочи -14» Iаьнан Олимпиадан хьомара, цуьнан сий-лерамна Соьлжа-гIала йугIур бу, дийцарехь, Оьрсийчоьнан наггахь гIаланашкахь а бен йоцу Олимпиадан символика - 5 чIург тIехь йолу масех хIоллам. Iедалан хьостано гIардаккхарца, 40 стага кар-кара лоцуш, дIахьор ю Нохчийчухула Олимпиадан ЦIе.

Цхьаболу тергамхой а, бахархой а тешна бу, эстафетехь дакъалоцучех дукхахберш тахана Iедалан мукъ-архаш карахь ерш хир бу аьлла.

Iедалдайша шайна рогIера даздарш дIадахьа къилба Олимпиадан цIе лаьцнехь а, могIарчу бахархошка кхин дIоггара кхочуш а дац церан хазахетар. Мелхо а дукхахболчара совнаха, эрна еш харж ю аьлла хета иза. Болх-некъ а боцчу, къоьллин марахь болчу махкахь, миллионашкахь ахчанаш а лестош, цу кепара «ког хецца» даздарш дIадахьар ца тов.

Ишта хьажам бу нехан кху беттан юьххьехь хиллачу а, тIедогIугIучу шеран юьххьехь хиндолчу а даздарийн хьокъехь.
XS
SM
MD
LG