ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Спортхоша даиман а ца ларйо Олимпин ловзарийн оьзда амал


Британи -- 2012-чу шеран Олимпин ловзаршка баьхкина спортхой беха Лондонера Олимпин эвла,12Тов2012
Британи -- 2012-чу шеран Олимпин ловзаршка баьхкина спортхой беха Лондонера Олимпин эвла,12Тов2012

Толам баккхар даздеш корта бахош долу маларш мелар, леташ лелочу таррашна тIехь цхьацца харцонаш лелор, оьзда боцуш лелар Олимпин ловзаршца догIуш хIуманаш дац. Амма уьш нисло цхьайолчу Олимпиадашкахь.


Кху шара Стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан Iедалша дIахьедар дира шайн Олимпин тобанна доьхкур ду шаьш, Лондонехь Олимпиада йоьдуш, корта бахон маларш мелар аьлла. Спортхойх хилла ца Iаш, и дехкар хьакхалуш хир ду оьрсийн ерриг а делегацин декъашхойх. Иза хIунда дина ду ца дуьйцу Москох.

Амма Оьрсийчоьнан Олимпин тобанах догдаьлла бара церан махкахой ши шо хьалха Канадерчу Ванкуверехь Iаьнан Олимпин ловзарш доьлхуш. Оьрсийчоьнан спортхоша яккхиарг 12 мидал бен яцара, цаьрга мел-лаххара а 50 мидал яккхалур ю аьлла, хеташ хиллехь а.

Оьрсийчоьнан тобано, нах цец а бохуш, акха синкъерамаш дIабаьхьира шайн хьешан хIусамехь. Цхьана буса цара хьешашна водка а, виски а дотта, сурт хIоттош, вовшахтоьхнера мехкадаьтта дуттучу меттигашкахь лелош йолу насосаш.

Амма Олимпиадехь лело догIуш долу хIуманаш дац уьш.

Делахь а маларш мелар ша цхьа хIума хилла ца Iа Лондонера Олимпиада тIекхочуш дийцаре деш дерг. Иштта, емал деш, дицаре деш ду спортхоша, тIеерзийна камераш а йолуш, лелош дерг.

ХIокху баттахь Австралин Олимпин комитето дIахьедар дира, шаьш таIзар дийра ду шайн уггара тоьллачерах волчу шина спортхочунна-некадархочунна, и шиъ, къийсадаларш дIа а дирзина, цIавирзинчул тIаьхьа аьлла. ХIу ду бахьана?

Некадархоша Д'Арси Ника а, Монк Кенрика а дукха хан йоцуш шаьшшина сурташ дехкира Facebook-на тIе, кара эцна герзаш а долуш даьккхина долу. Олимпин комитетан декъашхошна хетарехь, вон къентийн васт кхоллар догIуш дац спортхочуьнгахь.



2004-чу шарахь Афинашкахь Олипиада йолуш ГIажарийчура дзюдох латархо Мирисмаили Араш, кхана лата везаш а волуш, сахиллалц Iийнера дууш-молуш. Латархойн кузана тIе валале оьзча, дукха веза а хилла, къовсадаларшна юкъара ваьккхира иза. Мирисмаилис элира, ша иза леррина дина дара, ГIажарийчоьно къобул еш йоцучу Израилерчу спортохочуьнца ца латархьамма аьлла.

Цу хиламо дагадоуьйту Польшерчу хьокханца кхоссавалархочо Козакевич Владислава динарг. 1980-чу шарахь Москох Олимпин ловзарш долуш иза дашо мидал йоккхуш къийсалуш вара советан спортхочуьнца Волков Константинаца. Козакевич дуьненан рекорд хIоттош волуш хьвсархоша шакарш а, мьхьарий а детташ хиллера, иза вохо гIерташ.

Амма Козакович кхосса а велла, Олимпин чемпион хилира. Лакхалла а схьа а эцна, ша хьала гIоттуш цо шена шакарш йиттинчу хьовсархошна маьттаза ишар йира. И бахьана долуш, Олимпин ловзарш дIадирзича Советан пачахьалкхан Польшехь волчу векало латкъам бинера Козакевичера дашо мидал дIаяккха еза, цо советан публика эшнаш ярна аьлла.

Польшин Iедало официалан жоп делира, Козакевича гайтинарг ишар яцара, цьунан куьйган пха озийна хиллера аьлла.

Наггахь харцахьа лелар доьзна хуьлу спортхочуьнан гIирсаца. 1976-чу шарахь Монреалехь Олимпин ловзарш долуш таррашца латархочо Онищенко Бориса цецваьккхинера шеца тасалуш волу Британера спортхо, хьакха а ца луш, цунна тур деттар гойтуш.

Суьдхоша таллам бича гучудаьллера Онищенкос лелочу герзан леррина кнопка хилла хилар. Иза тIетаIийча дуьхьлончина тур тоьхнач санна сигнал луш хиллера цуьнан герзо. И бахьана долуш Онищенко а, цу къовсадаларшкахь дакъа лоцуш болу кхин болу советан спортхой а юкъара бехийра Олимпиадина.

Олимпин ловзаршкахь дакъалоцучу спортхоша лелочарна юкъахь ду допингах пайда эцар а, шена деллачу совгIатах цавашар а.

Канадера 100 метар водуш волу спринтер Джонсон Бен цхьана дийнахь дуьненна а вевзаш волу а, емал веш волу а стаг хилира, 1988-чу шарахь Сеулехь Олимпин ловзарш долуш. Цунна дашо мидал елира 100 метр уггара чехка ведда аьлла. Оццу дийнахь цуьнгара иза дIа а яьккхира наркотикаш лелийна хилар тесто гайтича.

1998-чу шарахь Японехь Нагано-гIалахь Iаьнан Олимпин ловзаш долуш Канадерчу сноуборд хахкархочо Ребальяти Росса дашо мидал яьккхира божаршна юкъахь. Иза историн чулацам болу хилам бара, хIунда аьлча сноуборд хахкар дуьххьара юкъадахийтинера дуьненаюкъарчу комитето Олимпин программана. Амма масийтта сахьт далале Ребальятегара дашо мидал дIаяьккхира, цо къомал оьзна хиллера аьлла.

Ребальятин тIаьхьо аьтто белира шен дашо мидал юхасхьаяккха, къомал озар дихкина ца хиларна, Олимпин низамашца а догIуш. Амма цултIаьхьа къомал юкъатуьйхира дихкинчу молханийн цIейозанна.

Швецера охьатохарх латархо Абрамян Ара гIарвелира 2008-чу шарахь Пекинехь хиллачу Олимпин ловзаршкахь. Цо, шена коча оьллина а ялале, охьакхоьссира шена елла йолу йоьза мидал, шеца леттачу италхочуьнгахьа суьдхоша озабезам бина аьлла. Дуьненаюкъарчу Олимпин комитето къовсадаларшна юкъара дIаваьккхира иза.

Эххаре а хьахо богIу эшначу спортхоша лелийнарг. 1998-чу шарахь Iамеркан хоккейн тобанан декъашхоша, шаьш эшначул тIаьхьа, ла а ца делла, йохийра шаьш Наганохь Олимпин эвлахь чохь Iаш хилла хIусамаш.

Амма массо а и дагахь доцуш долу хIуманаш дисина Олимпин исторехь. Уьш дог ойъуш болу хиламаш ца хила а мега, амма уьш боцуш дуьззина хир дацара Олимпин ловзарийн сурт.
XS
SM
MD
LG