ТIекхочийла долу линкаш

Мархийн-бутт боькхуш кхобур бу Лондонерчу Олимпиадехь дакъалоцучу спортхоша


Британи -- Лондон - 2012 -чу шеран Олимпиадан мидалш.

Британи -- Лондон - 2012 -чу шеран Олимпиадан мидалш.

ТебогIучу Товбеца-беттан 27-чу дийнахь Лондонехь дIадуьйлалур долуш ду аьхкенан Олимпин ловзарш. Оццу хенахь болалуш бу Мархийн бутт а. Цу кепара бусулба спортхоша шозза хало ловр ю цу деношкахь. Цундела цхьаболчу бусулба Iелам нахана хетарехь, Лондоне боьлхучу спортхоша доькъуш кхаба мегар дара марханаш.


Лондонехь хир йолчу Олимпиадехь дакъалоцуш хир ву 3000 гергга бусулба спортхо. Товбеца-беттан 27-чу дийнахь йолаелла Марсхьокху-беттан I2 дийнахь дIайоьрзур йолуш ю рогIера аьхкенан Олимпиада.

Церах 17 де ду мархийн баттана юкъадогIуш. Цундела хIора бусулба спортхочунна хьалха хаттар хIутта, хIун дан деза, марханаш а кхобуш къийсавала гIерта веза, я цхьаьна ханна марханаш кхабар тIаьхьа татта деза олий.

Дешначу наха дийцарехь, некъа воьдучу бусулба стаганна магош ду марха ца кхаба. Цундела цхьаболчу бусулба Iелам нахана хетарехь Олимпиадехь дакъалоцучу спортхоша а мегар дара марханаш доькъуш кхаба.

Иштта, масала, 27 шо долчу тхэквондох латархочунна БахIави Ахьмаданна и хаттар халачех ду. 2008-чу шеран Олимпиадехь БахIавис 7-гIа меттиг яьккхира ша санна беза болчу спортхошна юкъахь. Цо дийцарехь, иза доькъуш марханаш кхаба дагахь ву Лондонера Олимпиада дIайирзинчул тIаьхьа.

БахIави Ахьмад: «Уьш чIогIа мехала къийсадаларш ду. ХIора а спортхочуьнан сатийсам бу Олимпиадан мидал яккхар. Цундела спортхоша Олимипиада йоьдуш марханаш кхаба деза аьлла, ца хета суна. Амма оха доькъуш кхобур ду уьш, Рамазан-баттахь кхобуш долу массо а марха а кхобуш. Иза доьзна ду оха хIора денна тренингаш еш хиларца. Ткъа къийсадаларш дIадоьлхуш марха кхобийла дац, юуург ца хьехийча а, ирх-пурх хи ца мелча ца довлу тхо».

Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхарчу а, ГIажарийчурчу а Олимпин комитеташа тIедилла мегаш ду шайн спортхошна марханаш кхабар. Амма дукхах болчу бусулба пачхьалкхашкарчу спортхоша боькъуш кхобур бу бах шаьш мархийн бутт.

Дешначу стага Фидайи СаддикхуллахIа дуьйцу цу хьокъехь Къуръано бохучух лаьцна.

Фидайи СаддикхуллахI: «И проблема йоьзна ю мичахь дIадоьлхуш ду къовсадаларш бохучуьнца. Ду уьш шун эвлахь, я шун гIалахь, бохучьнца доьзна ду иза. Нагахь уьш цхьаьна кхечу меттехь далахь, Къуръано боху: «Нагахь хьо цомгуш валахь, я некъа воьдуш валахь, марханаш доькъуш кхаба».

Федайис дийцарехь хIора бусулба стага ша бан беза марханаш кхабарх лаьцна болу сацам.

Фидайи СаддикхуллахI: Нагахь стаг могаш вацахь, марханаш кхабар цунна хала хир далахь, я кхин бахьана долуш иза кхача баа безаш валахь, бусулба стага ша бан беза сацам кхаба деза ша марханаш, я ца деза бохучуьнан хьокъехь. Амма кхузахь билгала маца мегар ду марханаш кхабар тIаьхьататта аьлла, билгалъдаьккхина дац.

Медицинан говзанчаша дийцарехь, марханаш кхобуш болчу спортхоша мелла а лахара гайтамаш гойту, къаьсттина алссам ницкъ оьшучу къовсадаларшкахь.

2007-чу шарахь лоьраш таллам бинера марха кхобуш волчу Алжирерчу шина футболхочуьнан масалан тIехь. Лоьрашна гинарг дара цаьршинан тIахаьлла хилар а, чехка вадар а, ницкъ ловш хилар а марханаш кхобучу деношкахь лахделла хилар.

Делахь а Дуьненаюкъарчу Олимпин комитетан векло Мон Рональда дийцарехь, Олимпиада хир йолу хан 10 шо хьалха дуьйна билгалъяьккхина хиллехь а, цхьаммо а латкъам ца бинера и хан хийцахьара аьлла.

Мон Рональд: «Дера иза мехала хаттар ма ду. Цундела Дуьненаюкъара Олимпин комитет синтем байна ю цхьаболу спортхой и бахьана долуш эшам хуьлуш хиларна. Олимпин Ловзарш хир долу хан билгалъяьккхинарг Лондонера и ловзарш вовшахтохаран комитет яра. Луучуьнан аьтто бара и хан хийца аьлла, бахьанаш дало. Амма цхьа а дуьхьала вацара цунна».

Мона дийцарехь, дукхах болу латкъамаш бина болу нах бара Олимпиадехь дакъалоцуш боцу нах.

Цу хеннахь, бусулба спортхой дIатарбеш, Лондонан Iедалша царна ша-тайпа хьелаш кхоьллина. Бусуба спортан тобанаш дIатарйинчу меттигашкахь церан аьтто хир бу Iуькъина хIума кхалла а, сарахь, марха дохош, дерриг а оьшуш дерг дан а.
XS
SM
MD
LG