ТIекхочийла долу линкаш

Олимпиадан цIе дIакхачийна Британе


Британи -- Лондонерчу Олимпиадан цIе дIакхачийна Британе.

Британи -- Лондонерчу Олимпиадан цIе дIакхачийна Британе.

Британерчу Корнуолл олучу кIоштарчу паччахьан тIема-хIурдан флотан кеманийн базе охьахиина Олимпин цIе йохьуш догIуш долу кема. Хаьштиг Британе деанчу делегацина коьртехь дара принцес Анна а, вевзаш волу футболхо Бэкхем Дэвид а.

Грецера Олимпин цIе эцна догIучу кеманна дуьхьал бахана бара дуккха а нах. Кема гIоттучу а, охьахуучу а асан тIехь Бэкхем Дэвида Лондонерачу Олимпиадан хаьштигах пайда ийцира шаьш Грецера шайн махка кхачийна йолу цIе Олимпиадан кеда чохь латош. ХIинца дуьйна дIа цу чохь йогур ю 2012-чу шеран Олимпиадан цIе.

Корнуоллехь Британин делегацина дуьхьал веана вара премьер-министран когаметта Клегг Ник а, 500 юкъараллан а, тIеман ницкъийн а векалш а, ткъа иштта лараме хьеший а.

-ХIинца дуьйна дIа 8 эзар стага кар-кара а оьцуш дIахьур ю цIе. И адамийн заьIа дIатесна хир ю ерриге Британехула. 10 къира даьлча дерриге дуьненна гур ду Олимпиадан цIе Лондоне дIакхочуш, - элира Клегг Ника.

Шоьтан дийнахь Iуьйранна и Олимпиадан цIе беркеман тIехь дIакхачийра Лендс-Энд - Дуьненан Йист - олучу метте. Иза 30 сов километр генахь ю Корнуоллерчу тIеман базанна.

Лендс-Эндера Олимпиадан цIе дIайолаелира Лондоне некъ бан. Уггара хьалха иза, кара а эцна, дIаьяхьнарг вара кхузза Олимпийн ловзаршкахь лаккхара меттигаш яьхна волу Британера яхтсмен Эйнсли Бен.

Ерриг а Британехула чекхяьккхинчул тIаьхьа цу цIарах Охан-беттан 27-чу дийнахь латор ю Лондонерчу Олимпин стадионехь XXX-чу Олимпиадан цIе.
XS
SM
MD
LG