ТIекхочийла долу линкаш

Сочера Олимпиада юкъахйита дагахь бу цхьайолчу пачхьалкхийн куьйгалхой


Оьрсийчоь -- Красноярскера сурташдахкархо Слонов Василий сурт дуьллуш ву "Марша дог1ийла Сочи 2014" цIе йолу. ГIур9, 2013

Оьрсийчоь -- Красноярскера сурташдахкархо Слонов Василий сурт дуьллуш ву "Марша дог1ийла Сочи 2014" цIе йолу. ГIур9, 2013

Уггаре а хьалха ша Сочерчу ловзаршка ваха дагахь вац, аьлла, хаийтинарг немцойн президент Гаук Йоахим вара. Ши кIира хьалха цуо шен векалшкахула гIардаьккхира, ша Оьрсийчуьрчу Олимпиаде немцойн спортхошна белшаш гIортон гIур вац бохург. Цунна метта цуо ша Германин спортхой уьш цIехьа бирзича шен резиденцехь тIеоьцур бу, элира.

Кест-кеста Оьрсийчоьнан куьйгалле цу махкахь адамийн бакъонаш ларйаре а, бакъонечу пачхьалкхан декхарш кхочушдаре а, хаамийн гIирсийн маршонаш Iалашйаре а кхайкхамаш беш волу Гаук Малхбузерачу куьйгалхойх хьалхарниг хилира, Сочерчу Олимпиаде ца ваха болу шен сацам дIакхайкхинарг.

Бойкот ярхьама ша цига ца воьду вохург цуо хьахийна дацахь а, амма хIинцачул 4 шо хьалха хиллачу Лондонехь дIадаьхьначу Олимпийн ловзаршка немцойн президент вахана хиларна, массарна а кхеташ ду, иза Соче ца воьдуш сацаран бахьанаш.

Цул тIаьхьа Еврокомиссин вице-президент йолу Рединга Вивиана а дIахьедар дира, ша Сочера Олимпиадина бойкот ян дагахь ю, аьлла. Люксембургера орамаш долчу цу евзаш йолчу Европерчу политико шен цу кепарчу сацаман бух а балийра - Оьрсийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар.

Францин президент Олланд Франсуа Соче гIур вац, аьлла, хаам баржийра масех де хьалха цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министро Фабиус Лорана. Цуо ца хьахийра, шен президент Олимпийн ловзарш схьаделларан даздаршкахь дакъа ца лоцуш сацаран бахьана. Бакъду, билгалдаьккхира, Олланд ца вахана ца Iаш, иштта Францин куьйгаллера векалш а цига боьлхуш ца хилар.

Оьрсийчу олимпиаде ца богIучу дуьненаюкъарчу куьйгалхойн могIарехь ву Цхьатоьхначу Штатийн президент Обама Баракъ а, - иза официалан дIахьедарца, болх дукха тIех сов хиларна ца кхуьу цига ван. Цхьатоьхначу Штатийн куьйгалло лерина билгадоккху, Обама ца вар – иза цу ловзаршна бойкот яр дац бохург.

Жимма хьалхехьуо цу пачхьалкхехь цхьа могIа сенаторша кхайкхамаш бинера, Сочерчу ловзаршна бойкот яре. Iамеркера Оьрсийчу Обамина метта богIур берш цхьа могIа лакхарчу даржашкара хьаькамаш бу.

Польшин президента Коморовский Бронислава, премьер-министро Туск Дональда тергал ца деш дуьтур ду Сочера Iаьнан спортан даздарш. Эстонин президент Тоомас Хендрик Ильве а, Белгин премьер-министр Бельгии Элио ди Рупо а ву Оьрсийчохь сила доккхачу дозаллийца а, гIовгIанца а кечдечу Олимпийн ловзаршкахь шаьш дакъалоцур ца хилар хIинцале а дIакхайкхиначу Малхбузерачу куьйгалхошна юккъехь. Ткъа и рагI, схьахетарехь, хIинца а кхачаелла а яц.

Ала догIу, Оьрсийчоьнан куьйгалло цу хьокъехь Малхбузе спортий, политикий цхьаьнаиэян гIерташ ю боху ойла яржош хилар. Ши бутт хьала журналистийн хеттаршна жоьпаш ша лучу хенахь Путин Владимирс Малхбузе Сочера Олипийн ловзаршна дискредитаци ян гIерташ ю, элира.

22-ха Iаьнан Олимпийн ловзарш Сочехь чилла беттан 7-чохь дуьйлалур ду. Цу беттан 23-ха кхаччалца дахлур ду уьш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG