ТIекхочийла долу линкаш

Кхарна - хелхарш, вукхарна - кхалхарш


Нохчийчоь -- Лерина операци дIахьош бу лаьмнашкахь Iедалан ницкъаш

Нохчийчоь -- Лерина операци дIахьош бу лаьмнашкахь Iедалан ницкъаш

Нохчийчоьнан Ιедалш, белхи а кхайкхош, халкъе мохк кечбойтуш ду Дезде шаьш кхайкхийначу тΙедогΙучу шоьтан денна – мохк юха а Оьрсийчоьнах дΙатухуш, референдум хΙоттийна а, оццу дийнахь керла конституци тΙеэцна а 10 шо кхачарна. Ткъа лаьмнашкахь цΙий Ιена, тΙемаш лаьтта...




Ницкъаллин структураша лаьмнашкахь, цхьана билггалчу меттехь зераш дIахьош, тIеман тасадалар нисделла ТIехьа-Мартанан кIоштахь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло Iорадаккхарца, цхьана полицин белхочунна чевнаш йина. Лазарне кхачийна дархо цIарца вуьйцуш вац. Герзаца дуьхьало ечарлахь дараш ду я дац цкъачунна хууш дац. ГIаттамхой хила тарло меттиг, алссам ницкъаш тIе а оьзна, гоне а ерзийна, латтош ю, буьйранчаша дийцарехь.

Официалан чIагIдарехь, маьршачу нахана хьовзам а ца боккхуш, ярташна 6-7 чакхарма нацкъара дIахьош ю тIеман операци. Полицин урхаллин хьаькамашна хетарехь, гона юкъахь Умаров Докка биста кхаччалц тIемалойн баьччанаш хила а тарло. Низамхойн хьостано билгал ма даккхара, ТIехьа-Мартанахь а. гIалгIайн мехкаца долчу дозанехь а ирделла, тIеман хьу йолу хьал лаьтта масех де а ду.

Кху Зазадоккху-беттан 15-чу дийнахь Бумта юьртана гергахь гIаттамхойн тоба хааелчахьана, тIемалойн тусабеллачу метте туху бохуш, юкъ-кара яккхий тоьпаш а етташ, Iедалан герзахоша хаддаза дIахьош ду кхузахь зер-талламаш. Бахархоша тоьшалла а деш, ур-аттал беркеманех пайда а эцна эскархоша.

Ала дашна, цара къепе а я хатI а доцуш ницкъала герзаш кхийсар бахьанехь еза чевнаш а йина, дарбанан цIийне кхачийна кху деношкахь хьонка лахьо вахна маьрша ши вахархо. Царех цхьаъ, хааме даьккхина ма-хиллара, дIакхелхина.

Вийна кхузахь, Даьттах-эвлана гергахь, ворхI тIемало. Герзаца дуьхьало а еш, тIом беш, эгар бакъдар доцург, уьш муьлш, мичара бу а дуьйцуш, церан цIерш хIинццалц схьа гIарьяьхна яц.

ТIеман хьелаш доьзна а доцуш, дагахь доцу а дараш а нисделла кху муьрехь оьрсийн эскархошлахь. Беркема а чу а доьжна Ханкалахь велла кхоъий,лазийна ,вочу хьолехь тIеман лазарне кхачийна цхьаIIий воцуш,граната а иккхина,чевнаш йина ,цхьана ханна кхуза гIуллакх дан Москохара веъначу шина низамхочунна.

«Терек» буьрканан тобано шен рогIера ловзар дIахьош Соьлжа-гIалахь, кху Зазадоккху-беттан 17-чу дийнахь нисделла уьшшиъ лазор. Цигахь кхерамазалла ларьеш хилла Москохарчу ОМОНа декъашхой. ТIаьххьара гIарбаьккхинчу хаамца, цхьамма леррина граната а кхоьссина, баьккхина цу шинна и бохам.

Бакъду, и хаам шеконца тIеоьцурш хаъал алсам бу и бакъмоьтттучарел а. Цара дийцарехь, ког мел баьккхинчохь низамхой а болуш, гIашший беш тIеваха тарлуш доцчу стадион гергахь иза хуьлийла а дац.

ТIематасадаларш а, вер-ваккхарш а доцуш, хаддаза карош ду Нохчийчохь, тIаьхьалонна дIадиллина, хьуламехь латтош долу тайп-тайпана герзаш а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG