ТIекхочийла долу линкаш

Ирахь латтарна меттана - Фейсбук


Кабул -- телефон тlехь шен фейсбук агlоне хьоьжуш ю къона овхlанхо, Кабулерчу Французхойн Културин центр, 04Гlа2012

Кабул -- телефон тlехь шен фейсбук агlоне хьоьжуш ю къона овхlанхо, Кабулерчу Французхойн Културин центр, 04Гlа2012

Юкъахь гергарло доцчу зудчуьнгий, стаге а, и шиъ цхьаьна лаьтташ делахь, гома хьоьжу ОвхIан-пачхьалкхехь. Амма Фейcбуко юкъара дIаяьхна и чолхенаш. Маршо радионан корреспондента Наджибулла Фарангиза дийцарехь, и бахьанехь чIогIа лакхадаьлла цу махкахь Фейсбуках а, кхечу социала машанех а пайда эцар.

Акбар Мухьаммад цкъа а ирахь ца лаьттина йоIаца. Амма ОвхIан-пачхьалкхера юккъерчу школан дешархочуьн шортта зудабераш-доттагIий ду цуьнан Фейбук-агIонна тIехь. Юкъахь уллера гергарло доцучу зудчунна, борша стагана а вовше гар эвхьаза лору ОвхIанан юкъараллин а, динан а кепо. Цундела Фейсбук агIонна тIехь виртуала довзар Iаламат шуьйра даьржина цигахь.

ХIора сарахь, зудаберашца «онлайн къамелаш деш», мел лаххара а, цхьа сахьт доккху Акбара Кабулерчу Шах ШахIид олучу кIоштахь шен хIусаманна уллерчу, адамех йоьттинчу интернет-кафехь. Цхьана сохьтехь интернетех дIадала ши доллар ахча даккха, гараж чохь болх бо цо.

Акбар: «ОвхIан-пачхьалкхехь яц зудаберш ган аьтто луш йолу диско клубаш. Сан бакъо яц кхузахь зудаберашца ирахь латта ваха а, юьхь-дуьххьала царца къамелаш дан а. Зудчуьнца юкъаметтиг таса беккъа аьтто боккхург, зуда ялор ду. Амма дукхах болчу нехан ур-атталла и таро а яц. Фейсбуко и проблема дIаяьккхина дукха нахана.»

Акбара бахарехь, зудаберашца онлайн къамелаш даро, тIамо йохийначу, къечу пачхьалкхера дахар мелла а атта хоьтуьйту.

«Нахана юккъе а хIоьттина, хийрачу йоIаца къамел деш латтахь, цунна хIума эр ду. Ткъа Фейбук чохь ден къамел кхераме дац. Хьуна еттар яц цу йоьIан гергарчара,» боху Акбара.

ОвхIан-пачхьалкхера Юкъаметтигийн а, Хаамийн а министраллин хьесапехь, Фейсбук тIехь 470,000 интернет-агIо ю цу пачхьалкехь схьайиллина. 2008-чу шарахь 6,000 яра.

Овхlан пачхьалкх -- интернет кафе чохь Фейсбук агlонна тlе хьоьжуш ю хазара тайпанара йолу овхlанхо, Кабул, 22Тов2012

Овхlан пачхьалкх -- интернет кафе чохь Фейсбук агlонна тlе хьоьжуш ю хазара тайпанара йолу овхlанхо, Кабул, 22Тов2012

30 миллион овхIанхойх 2 миллионан интернет кафешкахь а, мобилан телефонашкахула а тIекхача йиш ю интернетана.

Ши шо гергга хьалха евзина Сипер Ахьмадана Фейсбук. Кабулерчу университетехь цуьнца доьшучо гайтинера цунна иза муха лелайо.

Сипер: «Еккъа цу Фейсбук чувалархьамма масех чаккхарма некъ бора интернет-кафе. ТIаккха айса интернет-кафе схьаелла сацам бира аса. Фейсбуко дагатесира суна и ойла.»

21 шо долу журналист-студент хIинца Кабулехь уггар йоьттинчех йолчу шен кафена урхалла деш ву. Сих-сиха ша волче богIучу хьешашна Фейбук тIехь агIо схьайоьллуш гIо до Сипера.

ОвхIанерчу кегий нехан профилаш тIехьаьжча го, царна товш ерш Болливудан кинош а, овхIанан мукъамаш а, спорт а – дукха хьолехь футбол а, крикет а юйла.

БIаьрг тоьхча гуш кхин цхьа хIума а ду. Фейсбук тIера божабераша кIезиг сагатдо кхерамазаллина. Церан суьрташка а, цара яздеш дерг а деша йиш ю хьеннан а.

Амма зудаберийн шайн кхерамазалла ларъян деза. Цара наггахь бен шайн сурт ца туху цу тIе. Амма цо божарийн тидамех кIелхьар ца боху уьш.

Маршо радионо интернет-агIо схьайиллинера 22 шо долчу, лоьрийн дешар доьшучу зудаберан цIарах – цуьнан агIонна тIе хIун тайпа нах богIу хьажа. Баттал кIезигчу хенахь 900 стага доттагIалла кховдийнера.

Дукхах болчу божаршна къамелаш дан а, сурт ган а лаара. Вукхарна боккъалла а юкъаметтиг таса лаара.

Овхlан пачхьалкх - хlокху къона овхlанхочунна Сабирина нахана хьалха йиттинера, Джагори кlоштара молланаша а, къаноша а жимачу стагца дlайижинера аьлла бехке а йина, 22Гlу2012

Овхlан пачхьалкх - хlокху къона овхlанхочунна Сабирина нахана хьалха йиттинера, Джагори кlоштара молланаша а, къаноша а жимачу стагца дlайижинера аьлла бехке а йина, 22Гlу2012

Оццу хенахь, дукхах йолу зудаберийн агIонаш схьайоьллуш берш божарий бу бохуш дуьйцу, Кабулера 22 долчу студента БахIер РафиуллахIа.

БахIер: «Сан доттагIа боккъалла а тешна вара, ша Фейсбук тIера цхьана йоIана гергарло тесна бохучух. Цунна иза боккъал а езаеллачу хенахь гучудаьллера, йоьIан цIарах агIо йиллинарг тхан лулара хасапхочуьн кIант хиллий.» Меттаван дикка хан ийшира цунна.

«Сайна бевзаш берш бен тIе ца туху аса хIинца. Фейсбук тIерчу зудаберашца къамелаш дан ца хIутту со, хIунда аьлча, Фейсбук тIера 50 процент овхIанхой-зудабераш долчуха, агIонаш схьайиллинарш кIентий бу.»

Цуьнан метта БахIера Фейсбукана тIе шен хазахета байташ етта. ОвхIан-пачхьалкхан крикетан-тобано махкал арахьа боху толамаш карлабоху.

Ткъа Кабулерчу Шах ШахIидехь волу Акбар, хIинца а Фейсбук тIехь шен безам лоьхуш ву.

Акбар: «Сан уллерчу доттагIчунна Iамеркера зуда евзина Фейсбукана тIехь дукха хан йоццуш. И шиъ зудий-майрий хилла, иза Чикаго ваха дIавахана. Фейсбук тIехь зуда лохур ма ю ша аьлла, чIагIо йина вара иза. Цо иза дан а ди. ХIунда ца деш ду и? ХIораннен а ю дика дахар лаха бакъо.»

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG