ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Метрохь теракт вовшахтоьхнарг лаьцна телефон тохар бахьана долуш


Петарбухехь хилла теракт толлуш полицин белхахоша лаьцна иза вовшатоьхнарг хила мега аьлла волу Азимов Аброр, хаам бо «Коммерсанто».

Ша а леш, и эккхийтар динарг ву бохуш вуьйцуш волчу Джалилов Акбаржонан телефон толлуш талламхошна гучудаьлла Азмов Iожалхочо тIаьххьара телефон тоьхна стаг хилар.

Талламхошна хетарехь, Джалиловс телефонехула цуьнга хаам бинчух тера ду, ша эккхийтар дан кийча ву аьлла.

Теракт хиллачул тIаьхьа Азимов къайлаваьлла хилла, шен телефонаш дIа а кхиссина. Амма Охан-беттан 17-чу дийнахь, керла телефон а, сим-карта а эцна, телефон тоьхна цо. Цу кепара Азимовс ларамаза хайитина ша волу меттиг.

14 стаг а вуьш, 50 гергга стаг лаза а веш, Петарбухерчу метрохь теракт хилира Охан-беттан 3-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG