ТIекхочийла долу линкаш

Нохчий кийча бу оьрсийн боберех адамаш дан


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президентан цIарх берийн бакъонаш тергонехь латтош волу Астахов Павел, Москох,17Деч2013

Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президентан цIарх берийн бакъонаш тергонехь латтош волу Астахов Павел, Москох,17Деч2013

Оьрсийчоьнан президентан цΙарх берийн бакъонаш Ιалашъечу адвоката Астахов Павела хаам бина, ша Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца Петарбухара бобераш нохчашка кхаба далар дийцаре деш ву, аьлла. Стенца дозу цунна, Оьрсийчохь дехачу бΙе сов къаьмнашна юкъара нохчийн къам а къасттийна, цуьнга де эшначу оьрсийн берашна тΙехь верасалла леладайта лаар?




Европе а, Ιамерка а бобераш дΙадалар товш Оьрсийчоьнна дацахь, уьш массанхьачул а дика лелондерг, иза реза хилахь, Нохчийчоь ю, боху Астаховс. Оцунна некъ Ιедало ахча-бохчанца баккхахь, бераш цΙахь а дуьсуш, царех хила ма-доггΙа нах а хуьлуш доьрзур ду, аьлла хета берийн омбудсменна Астахов Павелна.

«Хьовсал шу, боху цо, ша «Росбалт»-агенталлица къамел деш, оьрсашлахьчул шозза дукха ду нохчашлахь, заьΙапа а долуш, дуьнентΙе довлу бераш. Амма цкъа а хезар дац шуна нохчаша и санначех цхьа бер а дΙатесна олуш. Цул совнаха шуна хезар дац нохчашкара, бераш Ιамерка дΙадала ца магадо хΙинца, ткъа оха хΙун дан деза боху оьрсийнчех долу хΙара чΙеΙар».

Шен ойла чекхъяккха дагахь веъна, Нохчийчуьра боберашца долу хьал а зийра Астаховс ши бут хьалха. ДΙавахча, Кадыров Рамзанна мидал а яийтира, «Берийн дуьхьа жигара къахьегарна» цΙе а йолуш.

«Нохчийн бераша цигаьрка ца узу, къаьркъа ца молу, нехаш ца яржайо, боьха мотт ца буьйцу, дена-нанна дуьхьал ца лоь, спорте гΙерташ а ду» - боху Астаховс.

Амма Астаховс дуьйцучунна чекх хьоьжучу «Росбалт»-агенталло шеконе юьллу нохчашлахь берашка йолу йовхо. Цигахь могуш долу бер, заьΙап ду олий, дΙа а яздойтий, лаккхара ахчанаш оьцу Ιедалера дай-наноша, аьлла хета «Росбалтна».

Астаховс арабаьккхина некъ мел бух болуш лара беза, мел бакъ ю нохчаша шайн могуш долу бераш, кехаташ тΙехь заьΙап а деш, ахчанаш оьцу бохург а довзийтина, Маршо Радионо хеттарш дира Нохчийчохь берашца болх беш а, демографин хьал девзаш а болчу говзанчашца.

ТΙехьа-Мартанарчу ЗАГСехь, аьлча а, доьзал кхоллабалар, стаг вар, валар чоьте оьцучу хьукматехь дуккха а шераш болх беш ю Лариса. Хьал цо иштта довзуьйту.


Шен балха тΙехь алссам зеделларг а долуш, шаьш тахана кхиочу 67 беран хьовха, кху ткъеха шарахь хьалакхиийначу 1100 берах муьлххачун а пΙелг лезча, белха а хууш бу Теркйистерчу Ιелин-Юьртарчу берийн цΙийнан белхахой. Уьш санна догкΙеда а, къинхетаме а ву церан хьакам Юсупов Руслан а. Цуьнца тхан иштта къамел хилира.


Бераш нехан долуш санна а ца кхиадо Ιелин-Юьртарчу Юсуповн берийн цΙийнехь. Иза-м ша а ву цига кхаьчна хиллачу массех оьрсийн, аьлча а, хΙинца нохчий лара догΙучу, кегийрхойн да. Цо а, цуьнан зудчо Марема а кху муьрехь маре елла шайн йоΙ, аьлча а, Туманова Юлия, аьлча а, шен нана цо лоручу оцу зудчунан цΙа а езаелла, изза шена а тиллийтина йолу Марем, Эльмурзаева Марем. Руслана а, цуьнан цΙийннанас а вехха зийра шайн нуц хила гΙертарг а.


Юсупов Руслан воккхаве пачхьалкхан бераллах жоп лучу омбудсмена Астахов Павела нохчийн Ιадаташ, церан да-наналла хестош. Цо шеко а йоцуш элира, ша а, кхиболу нохчийн а реза бу Астаховна дагадеанарг юьхьаръэца, оьрсийн бобераш доладерзон, аьлла.


Астахов Павела бух а болуш гΙиттайойла Оьрсийчуьрчу боберийн проблема кхеташ ду. Цигахь да-нана дийна долуш а, доцуш а дΙатесна, дΙакхийсина бераш вуно дукха ду.

Ткъа нохчийн къам шен заманашкахь Ιаьмна шех демократин кхетамаш шен Ιадаташца долу къам ду дуьнене а бахийта. Наггахь юьрт а яц Нохчийчохь суьйлийн, чергазийн, хΙирийн, гуьржийн, я оццу оьрсийн орамах дΙа а хаьдда, нохчалле бевлла нах боцуш. Ларадала мега нохчий къам тахана шех кхечу цΙийнах схьадевлла адамаш дΙаэдала лууш хиларца а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG