ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан къоман гвардин бакъо хир ю кхайкхамаш цабеш герз тоха


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а (аьрр) цхьаьнакхетта Оьрсийчоьнан чоьхьарчу эскаран куьйгалхочуьнца Золотов Викторца. Москох, Кремл, Охан-бутт 5, 2016
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а (аьрр) цхьаьнакхетта Оьрсийчоьнан чоьхьарчу эскаран куьйгалхочуьнца Золотов Викторца. Москох, Кремл, Охан-бутт 5, 2016

Керла кхуллучу Оьрсичоьнан Къоман гвардех лаьцна низамаш кхаьчна Пачхьалкхан Думан депутаташка. ХIинца долу чоьхьарчу эскаран бух тIехь и керла тIеман дакъа кхолларх лаьцна дIахьедина президенто Путина.

Оьрсийчохь Къоман гварди кхолла сацам барх лаьцна дIахьедина президенто Путин Владимира Охан-беттан 5-чу дийнахь. Цигахь гIуллакх деш болчу эскархойн бакъо хир ю, туху аьлла кхайкха а цадеш, герз тоха, нагахь царна бахархошна, я шайна кхерам хилар тусалахь. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Путина Думе дIаеллачу низаман проектан тIехь.

Президентан администрацино кечдинчу низамца а догIуш, Къоман гвардехь гIуллакх дечу эскархошна магош дац шайгахь болу леррина тIеман гIирсаш дуьхьал баха берах хилар гуш долчу зударшна а, заьIап нахана а. Царна иштта дихкина герз детта дуккха а гулбелла нах болуш а.

Закъалтана дIалецна нах маьрша бохуш а, дуккха а адамаша дакъалоцуш къепедацарш хуьлуш а Къоман гвардин эскаршна бакъо луш ю хи тухучу гIирсех а, гIагI диллинчу техниках а пайда эца, тIаьхьо прокуроре цу хьокъехь хаам а беш. Ткъа иштта Къоман гвардин эскархойн бакъо хир ю адамаш леца, оьшуш меттиг нислахь церан хIуасмашна чу а лелхаш.

Къоман гвардин эскаршна бакъо луш ю кехаташ хетта а, администрацин чулацам болу низам дохийна аьлла протоколаш хIитто а, 3 сохьтана бахархой лецна латтон а аьлла ду Пачхьалкхан Думан сайт тIехь зорбане яьккхинчу низаман проектан тIехь.

Къоман гвардин куьйгалхо хаьржина чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметта, Путинан шен хилла гIаролхо Золотов Виктор. Хьалхо «Интерфаксо» шен хьостана тIе а тевжуш хаам бира Къоман гвардехь гIуллакх деш 350-400 эзар стаг хир ву аьлла.

XS
SM
MD
LG