ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь керла юкъадолучу хIуманца къуьйсу православин килсанаша


Оьрсийчоь -- президент Путин Владимир ву Патриарх Кирилца оьрсийн православин килсан мозгlарийн цхьанакхетарехь дакъа лоцуш, Москох, 01Чил2013
Оьрсийчоь -- президент Путин Владимир ву Патриарх Кирилца оьрсийн православин килсан мозгlарийн цхьанакхетарехь дакъа лоцуш, Москох, 01Чил2013

Малхбале Европехь йолчу дуккха а юкъараллашкахь керла хийцамаш хуьлуш бу. Царех дукхах ерш йолчехь, православин килса уьш совцон гIерта. Маршо радион корреспондента Коалсон Роберта бIаьрг туьйхира, реформаш ян гIертачу пачхьалкхашкахь православин килсанаша лоцучу декъе.

Гуьржийчоьнан коьрта Тбилиси-гIалахь гей-парад дIаяхаьрна дуьхьало ян, шайца цхьа тоба а эцна, Iаьржа духарш доьхна мозгIарш гича, дуккха а нах Iадийнера. 17 стагана чевнаш еш цигахь хилла буй-тIарий емалдира Гуьржийчура килсан куьйгалло. И гей-парад дIаяхьале де хьалха гуьржийн патриархо Ильяс ШолгIачо кхайкхам бинера Iедалшка, «гуьржийн гIиллакхаш сийсаздеш йолу ралли ма яйта» аьлла.

Ерриг а Малхбале Европера юкъараллашкахь – Гуьржийчура, Оьрсийчура, Сербера, Молдовера а, кеп-кепара, шайн хьажамашца керла дахаран хийцамашка кхойкху – зударийн бакъонаш ларъеш, кегийчу къаьмнийн бакъонаш ларъеш, гейн, лесбиянкийн а бакъонашкахьа къуьйсуш а.

Гуьржийчоь -- гейн парадана дуьхьало ян боьлхуш бу гуьржийн мозгlарш
Гуьржийчоь -- гейн парадана дуьхьало ян боьлхуш бу гуьржийн мозгlарш
​Цигахь цхьанадогIуш кхин хIун ду аьлча, и къийсамаш православин килсанаша сацор ду. Муьлхха а керла хIума, шайн деза къоман гIиллакхаш хIаллакьдан Iалашо йолуш болу, арахьара кхерам бу олий хета царна.

Давитая Заза, православин динан кислано бинчу кхайкхамна жоп луш, гейн митинга дуьхьало ян ваханчех цхьаъ вара.

Давитая: «Кхузахь гулбеллачарна гIортор еш ву со. Тхан гуьржийн гIиллакхашца а, оьздангаллица а догIуш доцу хIума даржорна дуьхьала ду тхо. Гейшна гIо деш цхьайолу арахьара организацеш ю. Гуьржийн оьздангаллина дуьхьал демонгстраци ян лууш бу уьш.»

Цунах жимма тера догIуш, амма оццул чолхе доцуш хьал кхолладеллера хIара бутт болалуш Сербин коьртачу Белград-гIалахь. 3,000 гергга нах вовшакхеттера Стигалкъекъа беттан 10-чу дийнахь. Европан Берто юкъаралла а лелош, Сербин а, цунна луларчу Косован а юкъаметтигаш нисъяран барт, шайн пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIертар лерира сербин националисташа. И демонстарци вовшахтоьхнера шина православин кислан мозгIаро. Оццу хенахь, ша цу акцин дакъа ца хилар дIакхайкхийра патриархо Иринейс.

Царах цхьаммо Атанасийс элира гулбеллачарга, Сербин премьер-министр Дачич Ивица шен кхоллам кхерамна кIел тосуш ву, Европехьа теIаш хилла Сербин премьер-министран даржехь волуш вийна волу Джинджич Зоран санна. Цуьнан реформина дуьхьал хиллачу ультранационалисташа тIелатар динера Джинджичана 2003-чу шарахь.

Атанасие: «Премьер-министро дийцара иза бакъйолчу политикехьа хиларх лаьцна, амма дуьнена Сербина. Дин долчу Сербица бала болуш вац иза. Халахеташ делахь а, изза дийцира Джинджича а. Цунах хIун хилира вайна хууш ду. Дала дIанисдийр ду. Дин доцуш, дуьненан Серби яц.»

Цул тIаьхьа Дачичина а, Сербин Iедална а веллачунна деш долу доIа даре кхайкхира гулбелларш.

Косово -- сербин къомах болу нах бу Европан Барто юкъарло лелош, Сербин а, Косован а юкъаметтигаш тояран барт чlагlбарна дуьхьал гулбелла, 12Сти2013
Косово -- сербин къомах болу нах бу Европан Барто юкъарло лелош, Сербин а, Косован а юкъаметтигаш тояран барт чlагlбарна дуьхьал гулбелла, 12Сти2013
Иштта, Молдовера консервативан керста динан дай а бу шайн пачхьалкх Европан Бартаца дIаэн Iалашонца йохучу гIулчашна дуьхьало еш. Цуьнан декъехь ду, дукха хан йоццуш къобалдина, гей я лесбиянка хетачеран бакъонаш эшон ца магош долу низам а. Вевзаш волчу цхьана мозгIаро емалдира, цо ша ма-аллара, «Молдовина содомизаци» яр.

Фейган Джералдин, динца боьзна хаамашца болх бечу Форум 18 олучу хаамийн агенталлина болх беш волу Москохара окрреспондент ву. «Оьрсийчохь (Делах) тешар: Коммунизмал тIаьхьа тешаран бакъонаш» цIе йолчу жайнин автор а ву иза. Маршо радиога емейлехула еллачу интервьюхь цо яздина, «динан национализм, 19-чу шарахь дош доцу хIума санна емалъйина елахь а, православин културашкахь кIорге гIиллакхаш долуш ю. Дерриг а православин динехь тешаш бу, къоман кхерамазалла, иза православин динехь дисарца доьзна ду бохучух».

Цул сов, Тбилисера дина Iеламча Миндиашвили Бекас билгалдоккху, дукхах болчу праволсавин мозгIарша малхбузера хIума емалдар. Цо ма-аллара, «малхбузено Iиса пайхамарна дуьхьал болу некъ кечбо, уьш къамнаш хуьлчура довларна».

Билгалдаккха деза, дукхах долчу динаша исторехь керлачух лардина, шайн динехь кIоргера бух болу а, деза гIиллакх хетта къоман деза хIума. Амма Европехь цхьаммо а сел оьгIазе ца до иза, православин керстанаша санна.

Иштта, дуьненан Малхбузенах къаьсташ ду православин дин, диктаторш болчу Iедалшна гергара юкъаметтигаш хиларца. Оьрсийчоьнах лаьцна аьлча, арахьара дуьне мостагIе ду, зе дан Iалашо йолуш ду бохург, Iедалан а, динан а цхьанабелхан ондда бух хилла лаьтта.

Баханчу баттахь оьрсийн президента Путин Владимиран Iедало тIедожорца, арахьара, Iедалех йозуш йоцу организацеш «агенташ санна» дIаязъяла езачу хенахь а, оьсрийн патриархо Кирилла дIахьедар дира, феминизм «чIогIа кхераме хIума ду», аьлла. «Зударий шайн чу берзийна хила беза», элира цо. «Иза ишта ца хилахь,» массо хIума хIаллакьхир ду – доьзал, ур-атталла, Даймохк а».

Журналисто Фейгана бахарехь, Iедал авторизман новкъахь тIех гена даьллачу хенахь цуьнца килсано уллера юкъаметтигаш латторо цуьнан сий дохор ду, ларам бойъур бу. Иза карарчу хенахь Беларусехь хуьлуш ду, элира Фейгана.

Кишиневера политолого Ботан Игора бахарехь, Молдовера низамашца а догIуш, дин а, Iедал а ша шех лаьтташ делахь а, ма-дарра долу хьал нийсса бIостанехьа ду.

Ботан: «Низамашца аьттехьа а динца йоьзна йоцчу Молдовехь вайна гуш дерг хIун ду аьлча, килсано гуттар а шен дIахьедарш до Делах тешаш болчарна. Вукху агIора, Iедало тIеIаткъам бина килсанна, политикина юьстах латта аьлла. Цхьана агIора, ишта дан а гIерта килса.»

Мухха делахь а, Сербера а, Гуьржехара а меттигера килсанаш културин тIегIанехь оьрсийн килсанца уьйраш тесна елахь а, цуьнан урхаллин кIел яц. Амма Молдовера килса Москохарчу патриархийн куьйга кIел ю. Цуьнца а догIуш, дукхах ьолахь, Кремлах йоьзна ю элира Ботана.

Ботан: «Суна хетарехь, Молдовера православин килса дуьхьал хир ю пачхьалкх Европан Бертана юкъаяхарна. ХIунда аьлча, кхузара килса Москохарчу православин килсан урхаллин кIел ю. Дукха хан йоццуш, цо дIахьедар дина, Молдова оьрсийн дуьненан дакъа ду, аьлла.»


Оьрсийчоь -- президент Путин къамел деш ву Патриархаца Кириллца, Москохара килса, 05Сти2013
Оьрсийчоь -- президент Путин къамел деш ву Патриархаца Кириллца, Москохара килса, 05Сти2013
Гуьржийчохь а, ишта Сербехь а, Iедалша юхаетта консервативан килсан элементаш. Гуьржийчоьнан премьер-министро Иванишвили Бидзинас элира Стигалкъекъа беттан 14-чу дийнахь, «гейш а, лесбиянкаш а Гуьржийчохь бехар а бу, церан бакъонаш аю, юкъараллин царца собаре хила а дезар ду», аьлла.

Сербин премье-министро Дачич Ивицас элира, Стигалкъекъа беттан 10-чехь православин килсан мозгIаро Белградера митингехь дина дIахьедар «аьттехьа тIеэца мегар доцуш а», цара лелийнарг «уьш инквизин хенахь бехаш санна» дара, аьлла.
«Ша цецволу» элира цо, «Везачу Далла хIун дина те, цу тайпа нах дуьненанхь шен векалш хиллал», аьлла.

Малхбале Европера дуьненан кеп йолчу Iедалийн а, консервативан православин элементийн а къийсам беха хила тарлора. Бакъду, Грецехь, Кипрехь, Румынехь, Болгарехь а долчу масалша гойту, православи Европица дIаэр башха чолхе хIума доций, бохуш ерзайо шен материал Маршо радион корреспонденто Коалсон Роберта.
XS
SM
MD
LG