ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махершала Iелина Оскар елла Лос-Анжелесо


Лос-Анжелесехь хIора шарахь гIура бутт бовш дIахьош долу Оскар совгIаташ декъар дуьненан кинематографехь коьрта хилам ларалуш ду. Доккхачу декъехь Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь Голливудехь йохучу филмашна а, цу махкарчу артисташна а, режиссерашна а и совгIаташ доькъуш делахь а, амма ю номинацешкахь иштта кхечу мехкашкарчу филмашна лерина ерш а.

Амма иза ца хилча а, тIаьхьарчу бIе шарахь герга дуьненан кинохь коьрта тушпхьа хилла дIахIоьттинчу Голливудехь йохуш йолчу филмаша билгалдоккхуш ду миллионаша адамаша муьлхачу киношка хьовса баханчехь охьадуьллур ду шайн киснара ахча а, ткъа иштта кино исбаьхьаллехь коьрта агIонаш а, кхиамаш а, инновацеш а, цIераш а оццу Голливудаца йоьзна ю.

Ткъа кино исбаьхьаллехь къахьоьгучарна шайн карьерехь уггаре а йоккха лакхе лору Оскар шех олуш йолу дашо варкъ даьккхина йолу фигура кхачар.

ХIинцалца схьа бусалбачу мехкашкахь яьхна йолу филмаш Оскар совгIаташна номинацешка кхаьчнехь а, ткъа цул совнаха масех бусалбачу режиссераш яьхначу филмана и совгIат деллехь а, масала, ГIажарийчуьрчу Фархади Асхарна, делахь а цхьанна ролашловзорхочунна – я зудчуьнна а, я боьршачу стагана елла яцара Оскар.

Кху шарахь дуьххьара кхаьчна иза бусалба актерана – Махершала Iелина. Кхузахь ала догIу, ша Махершала Iела Iаьржа чкъор долу Iамеркахо ву, им диллина волу. Цуьнан бакъйолу цIе тамашийна ю – Махершалалхашбаз Гилмор ю, ткъа сел экзотикалле екаш йолу и цIе цунна кериста мозлIагIа йолчу нанас елла хилла, Инжил чохь Исакъ пайхамаран кIентан цIарах. Ша I999-чу шарахь бусалба дин тIеоьцучу хенахь цо Гилмор бохуш йолу шен фамили Iела бохучуьнца хийцинера.

ХIинца 43 кхо шо долчу актерна дуьххьара исторех бусалбачунна санна Оскар елла,„Беттасан серло“ цIе йолчу филмехь шозлагIчу планехь тоьлла рол ловзорна.

Бусалбачийн тема кху шарахьлерчу Оскаран церемонехь йийцаре ца еш ца йисира, хIунда аьлча дуьненчохь уггаре а вевзаш волу бусалба режиссер, лакхахь хьахийна волу Фархади Асгар бахьана долуш.

ГIажарийчуьра цу режиссерана кху шарахь шозлагIа Оскар кхечира – кхечу махкара тоьлла филм категорехь толам баьккхира цуьнан „Коммивояжер“ цIе йолчу лентано. Фархадина 20I2-чу шарахь а кхаьчнера цхьа Оскар, „Надеран, Симинан дIасакъастар“ цIе йолу филм яккхарна.

Амма шен шозлагIа Оскар схьаэца Лос-Анжелесе ца веанара режиссер – Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда ворхI бусалба пачхьалкхашкара, шайна юккъехь ГIажарийчоь а йолуш, нахана Iамерке бахкар дехкарна дуьхьал протест еш.

Миллионаш адамаш доллучу дуьнентIехь лайф эфирехь тергалйо хIора шарахь Оскарш екъаран церемони. Дуккхаъ нохчи а хуьлу царна юккъехь, ала дашна, шайна наханчул а хьалхох Оскар елла йолу филмаш ган кхиина болу, Оьрсийчохь пираташа керла филмаш кинотеатрехь гайта а кхиале дискашна тIехь яржош хиларна.

Оскар ялар тергалдеш яра вайн махкахо Цатишаева Марет а. Цо иштта дийцира шена кху шарахь цу кинематографан шатлакхахь уггаре а тайначух лаьцна.

Цатишаева: „Суна уггаре а дагахь диснарг Мерил Стрип ког тасбелла охьакхетанза ялар дара. Иза охьакхеттехь халахетар дара суна, чIогIа дика актриса ю иза. Цунна йогIуш а яра Оскар, соьга хаьттича, амма кху шарахь ца кхечира цунна. Оцу Ла Ла Ленд мюзиклан елар, суна мюзиклаш дика ца хета, амма кху шарахь и мюзикл юьйцучохь биснера уьш. Бусалба кIантана Оскар ялар а хазахийтира суна“.

Уггаре а дукхах Оскарш кху шарахь, кинокритикаш шайхаллаш дина ма-хиллара, ткъа иштта Цатишаева Маретс хьахийна ма-хиллара, Ла ла ленд цIе йолчу мукъамийн филмана кхаьчна – ялхазза дина цунна и совгIат.

XS
SM
MD
LG