ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Освалд вийча халахеттера шайна боху цуьнца юкъаметтигаш лелийначу Беларусера яхархочо Маркова Иннас


Беларуси -- Маркава Инна, ГIад29, 2013.
Беларуси -- Маркава Инна, ГIад29, 2013.

50 шо кхаьчна Iамеркан президент Кеннеди Джон вийна. Иза хилира президентан кампани дIахьош Даллас-гIалахь. Цунна бехке вина ши шо Советан Пачхьалкхехь Минскехзь даьккхина волу Освалд Ли ХIарви. Иза вевзаш хиллачу Маркова Инница интервью йина Маршо Радион корреспонденто Буторин Павела.

Маршо Радио: Муха стаг вара Освалд Ли ХIарви? ХIун ойла кхоллаелира хьан цуьнца юкъаметтигаш лелош?

Маркава Инна: Хаий шуна, иза вайн кIентех тера вацара. Со даиман а цецъялара. Цуьнан кхузара доттагI Эрик нисса бIостанехьара стаг вара. Эрик хьекъал долуш а, сатохар долуш а, вуно кхетам болуш а стаг вара, цуьнца вуьстича. Ткъа иза цхьа тамашийна стаг вара, шен леларехула.

Иза кхечу културан стом хилар хила а мега иза. Цу хенахь тхо цунах цакхетара. ХIинца хаа вайна Iамеркахой муьлш бу а, дерриг дуьне муха ду а вайна гонаха. Цу хенахь тхо цакхетара, ткъа аса иза цхьана а кепара цатидара. Цу хенахь суна гуш дара иза тхо санна ца хилар а, массо санна ца хилар а.

Маршо Радио: Шу цхьана хенара дара, иза жима хетара, я воккха хетара хьол?

Маркава Инна: Суна иза сайл воккха хетара. Цхьаъ дуьйцуш хилара иза. Юха, цIеххьана дIа а соций, вуно ладаме стаг а хуьлий, шечуьнан ойла а еш дIахIоттар иза. Иза хаалора суна цунах. Ойла кхоллалора, хIунда дIасецна иза цIеххьана олий.

Маршо Радио: Iамеркица йолу шен уьйраш дIахедо гIерташ вара иза?

Маркава Инна: Цунна моттара, шен кIоргенза хиларца, шега кхин дахар юха долалур ду аьлла, массо а хIума дIа а хадийна. Иштта дIадолош хиллачух тера ду цо шен дахар юха.

Маршо Радио: КГБ-но Iаткъам беш меттигаш яьхкирий хьуна Освалд вевзаш хилар бахьана долуш, къаьсттина иза Кеннеди верне бехке винчул тIаьхьа?

Маркава Инна: Цу хенахь тхан да политикехь болх беш вуй хаара суна. Суна хаара тхайн дас хIун ойланаш йо. Суна хаара тхайн дас со дахарехь муха новкъа йоккхуш ю. Цундела суна моьттара айса деш дерг дерриг а нийса ду. Суна ца моттара айса ца оьшург, гIалат деш ду, кхечу пачхьалкхарчу стагана улле а яхана. Цундела суна тIе и хаттар айина цхьа а ца веара.

Маршо Радио: Спортаца йолу юкъаметтигаш муха яра цуьнан?

Маркава Инна: Суна хетарехь, Цу хьокъехь инзаре ирча ойланаш яра моьтту суна цуьнан. Цо цкъа а ца хьахийра спорт.

Маршо Радио: Ша эскарехь гIуллакх дарх хIумма а дийцарий цо?

Маркава Инна: Цо элира эскаран гIуллакх къордийна шена, шена и гIуллакх ца деза. Ша эскархо вац. Аса тхайн да эскарехь гIуллакх деш ву аьлча, цо элира ша цкъа а лууш вацара эскарехь гIуллакх дан аьлла.

Маршо Радио: ББС-на еллачу интервьюхь шега юьхьдуьххьала хьо КГБ-н белхахо ярий аьлла, хаьттича Прусакова Маринас элира «Дала тIе ма даийтийла иза, яцар дера» аьлла. Хьуна хIун аьлла хета иза КГБ-н агент ярий Марина?

Маркава Инна: Марина шеко а йоцуш, нисса яцахь а, КГБ-ца йоьзна яра. Иза иштта ца хилча хьа йолуьйтур яра иза махкара ара? Иза суна хетарг ду. Iамерке дIаяхар цуьнан дахар кхоччуш хийцар дара. Цу хенахь махкара дIаваха вуно хала дара.

Маршо Радио: Хьуна муха хийтира Освалд Ли ХIарви Iамеркан президент верна бехке веш ву аьлча?

Маркава Инна: Ирча хьал дара соьгахь. Суна дика дагадогIу и де. Иза тхан институтехь дара, ширчу корпусехь. Пенах тоьхна доккха кIайн кехат дара, газеташна тIера схьахедийна Освалдан сурташ а долуш. ХIора а тIе а воьдий, инзаре цецволий юххера дIавалара, цхьа а комментари а ца еш.

Кхера а ца кхоьруш цхьа комментари ян майра хилира тхо, хIинца иза вевзаш хилар кхераме дуй хууш. Иза дара, ванах, ма верстина иза алар. Кхузахь, Минскехь волуш иза оза вара, чукхетта беснеш а йолуш.

Маршо Радио: Ткъа Освалд вийча цунах къахийтирий хьуна?

Маркава Инна: Суна къахийтира цунах. ХIунда далахь а, халахийтира тхуна, ма Iовдал ву иза, мича гIоьртина, хIунда дина цо иза аьлла.

Маршо Радио: Цо иза дина бохучух теший хьо?

Маркава Инна: ХIа -хIа.
XS
SM
MD
LG