ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Освалд Ли ХIарви вевзаш хилла Яхлиел Инесса ца теша цо Кеннеди вийна бохучух


Беларус -- Яхлиел Инесса, ГIад 29, 2013.
Беларус -- Яхлиел Инесса, ГIад 29, 2013.

Лахьан-беттан 22-чу дийнахь 50 шо кхочуш ду Далласехь Iамеркан президент Кеннеди Джон вийна. Иза вийнарг лоруш ву Освалд Ли ХIарвей. Ши шо сов даьккхина цу стага Советан заманахь Iамеркера ша веддачу хенахь Беларусин коьртачу гIалахь Минскехь. Яхлиел Инессана вевзира Осваль Ли ХIарви иза Прусакова ялийна а волуш. Яхлиела дагалоьцу и хан Маршо Радион корреспондентана ша еллачу интевьюхь.

Маршо Радио: Муха хилира хьан дуьххьарлера Прусакова Марина гар?

Яхлиел Инесса: Суна билгала дага ца догIу иза хьа ялийра. Амма тхан кампани яра, интеллектуалех лаьтташ йолу. Цхьаммо ялийра-кх иза. Иза цхьа беран куц долуш яра, дукха оза яра. Суна иза тайра.

Тхан доьзалехь иза тхан доьзалхо волуш санна тIеийцира. Тхо доттагIий хилира. Цул тIаьхьа цIеххьана кхаа баттахь мича яхана ца хууш яйра иза. Ткъа тIаьхьо гучуелира, Алекехь марехь а йолуш. Оха Освалдах Алек олура.

Маршо Радио: Маринас хIун дийцара цунах лаьцна.

Яхлиел Инесса: Хаий шуна, уггаре а хьалха аса эр дара. Со ца теша тахана цара, иза моха йогIуш хилла, сихха чура волуш хилла бохуш, цунах лаьцна яздеш долчух. Иза аьттехьа а бакъ дац. Суна иза нисса бIостанехьа вевзара. Суна иза дика стаг хетара. Со дуьхьал ю цара цунах лаьцна мел яздинчунна.

Маршо Радио: ХIун мотт бара аша буьйцург?

Яхлиел Инесса: Оьрсийн мотт.

Маршо Радио: Муха бара цуьнан оьрсийн мотт?

Яхлиел Инесса: Цо акцент а йолуш бийцара оьрсийн мотт. Амма тхо кхетара цунах, иза а кхетара массо а хIуманах. Тхан хIусамехь хилла иза дукхазза а. Цхьа хIума дуьйцур ду аса шуна. Цара цо Кеннеди вийна бохун дела дуьйцу аса иза.

Цхьана дийнахь тхоьгахь иза волуш телевизионехула гойтуш дара Хрущевн а, Кеннедин а цхьаьнакхетар. Шуна дагадогIу хир ду иза маца хилла, суна дицделла иза билгала муьлха шо дара. Цо Кеннедех лаьцна довха дешнаш элира. Цо элира кхетамчохь волу президент иза цхьаъ бен хилла вац аьлла. Уьш цуьнан дешнаш дара.

Маршо Радио: Iамеркехь хиллачу шен дахарх лаьцна хIумма а дийцарий цо?

Яхлиел Инесса: Оха цунах лаьцна хIумма а ца дийцара. Аса цуьнга ца хеттара, суна иза баш дIоггара хаа лууш а дацара. Амма шаьш дIадаха кечлуш цара элира соьга цунах лаьцна. Суна хетарехь, уггаре а хьалха цара иза хаийтинчарна юкъахь яра со.

Маршо Радио: Ткъа муха дийцара цара, шаьш Iамерке дIадаха деза аьлла сацам баран бахьана?

Яхлиел Инесса: Цкъа делахь, цунна тIаьхьа терго еш хьоьжуш дара Iедал. Иза кIордийнера цунна. Цхьана дийнахь, тхо церан балкон тIехь къамелаш а деш Iаш долуш, луларчу бьалкон тIехь ладоьгIуш Iаш цхьа зуда яра, шех бIаьрг кхетча иза сихха дIалечкъира.

И гIуллакх къордо доладеллера цунна. Ахчанца дукха ледара дахар дара церан, бакъдерг дийцича. Иза кхийтира ша кхузахь Iалур воций. Марина дуьххьара цуьнца яха лууш яцара, амма тIаьхьо цо берта ялийра иза.

Маршо Радио: Маркс Карлах лаьцна дуьйцуш шен идеологех лаьцна дийцарий цо хIумма а? Муха бара цуьнан хьежамаш, социализм езара цунна, я капитализм езара?

Яхлиел Инесса: Тхан юкъаметтигаш кхечу тIегIантIехь яра. Оха цунах лаьцна ца дийцара. ХIунда аьлча сан бала бацара Марксаца. Тхан йовха юкъаметтигаш яра, дахаран хьелашца йоьзна йолу.

Маршо Радио: Шен Iамеркерчу доьзалх лаьцна хIумма а дийцарий цо?

Яхлиел Инесса: Цо шен ненах лаьцна дийцара. Цуьнан нанас гIо дора цунна. Сих-сиха дукха дацахь а ахча даийтара цара цунна. Шен вешех лаьцна а дийцара цо. Суна хетарехь, Iамерке дIабаханчул тIаьхьа уьш дуьххьара и волчехь бехаш бара, со гал ца яьллехь.

Маршо Радио: Хьуна хIун хийтира Освальд Ли ХIарвис Кеннеди Джон вийна аьлла Iамеркера хаам кхаьчча?

Яхлиел Инесса: Со белхан г1уллакхаш эцна командировке яхийтина яра, Гомеле, со гал ца яьллехь. Цара цуьнан цIе ца яьккхира, амма суна хIунда далахь а, дагчу иккхира, цунах хьакхалуш хила мегар иза аьлла. Амма Освальд Ли ХIарви цара аьлча, сан са малделира.

Юха метта еара со. Амма со цу хенахь ца тийшира цо иза дина бохучух. ХIунда? Уьш юха кхуза схьабахка дагахь бара. Марсхьокху бутт (1963) чекхболуш кехат деара цаьргара. Марина цIаерза лууш яра. Суна хетарехь, иза а цу ойланна тIе веанера.

Иза хиллачул тIаьхьа оха телеграмма яхьийтира Марине кадам беш. Уггаре а тамашийна дерг дара и телеграмма цуьнга дIакхачар. Цо жоп делира телеграммица, вочу агIор дагалеца ца оьшу Алек аьлла. Цул тIаьхьа тхан зIенаш хийдира.

Маршо Радио: Маринас пайда эцнера аьлла-м ца хета хьуна Освалдах, Iамерке яхархьамма?

Яхлиел Инесса: Дера ца хета. Маре яха лууш хилла хила-м мегар иза. Церан Ленинградера дахар дукха хала дара. Цундела кхуза еанера иза шен ненайишица яха. Цуьнан ненайиша а йовзара суна. Суна хетарехь, иза маре яха лууш яра. Иза чIогIа товш йоI яра. Маре яха лиина хила мега цунна, амма махкара дIаяха лууш яцара иза.

Маршо Радио: Освалд бахьана долуш КГБ-н белхахоша цхьа а Iаткъам бирий хьуна?

Яхлиел Инесса: Со Гомелехь белхан гIуллакх эцна яхана йолуш КГБ-н эпсарш баьхкина хиллера аса болх бечу метте. Цара сох лаьцна информаци схьаэцнера сан кехаташна юкъара. Кхин хIумма а ца хилира. Цхьаммо а тIе а ца кхайкхира со, цхьаммо а ле а ца йира со.

Маршо Радио: Хьан балхахь хIун хиттинера цара?

Яхлиел Инесса: Суна цхьа а хIума дага ца догIу. Суна хетарехь, цара хиттина хир ду со муха белхало ю бохуш? Тхан куьйгалхоша дика хIуманаш дийцинчух тера ду цаьрга. Цул тIаьхьа со цхьаммо а меттах ца яьккхира.

Маршо Радио: ХIара тIаьххьара хаттар ду сан. Хьо теший Освалд Ли ХIарвис Кеннеди Джон вийна бохучух.

Яхлиел Инесса: Аса хьалха ма аллара, со цунах ца тешара сайна иза хезчхьана. Иза сайна вевзаш хиларна, суна ца хета иза оццул шуьйра масштаб йолу стаг вара аьлла. Муха вехар ву оццул ехачу хенахь пуьташ буттуш а, шалхонаш лелош а. Со ца теша.

ТIехула тIе кхуза юхаверза дагахь а ма вара иза. Хаттарш, хаттарш...Царна жоьпаш карадаллалц сой ехар ю аьлла ца хета суна. Цуьнан доттагIий хилла долчу тхох цхьа а ца теша цо иза дина бохучух. Сан накъосташна цулла а алсам Марина евзара. Ткъа суна, иштта нисделла, алсам вевзара иза. Ца теша!
XS
SM
MD
LG