ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин вен теракт ян кечлуш хиларна Украинехь лаьцна латточу Осмаевн гIуллакх цхьана ханна сацийна


Украина -- Осмаев Адаман адвокат Черток Ольга а, хIусамнана Окуева Амина а журналисташца къамелаш деш, Одесса, 24ГIу2012
Украина -- Осмаев Адаман адвокат Черток Ольга а, хIусамнана Окуева Амина а журналисташца къамелаш деш, Одесса, 24ГIу2012

Украинерчу Одесса-гIалин Приморский кхело ханна сацийна, оьрсийн президент Путин Владимир вен Iалашонца теракт ян кечлуш хиларна бехке вечу Осмаев Адаман гIуллакх таллар. Цуьнан гIуллакхехула кхин а экспертизаш ян езаш хиларца доьзна ду иза боху Осмаеван адвокато Черток Ольгас.

Кхин а сов экспертизаш дIаяхьаро хIун хуьйцур ду хууш дац. ХIунда аьлча, Одесса кIоштан прокуратуро чIагIдарехь, иза кхин дIа а Осмаев бехке вийр волуш ю.

Адаман адвокат йолчу Черток Ольгас бахарехь, Украинера Iедал буьххьера хийцаделла, амма бакъонийн органашкахь хIинца а хевшина Iаш хьалхалера нах бу.

Черток: Цул сов, КIоштан Чоьхьарчу ГIуллакхийн декъан хьалхара талламхой баьхкинера кхеле. Цу петарехь хилла бу уьш, сан цаьрга дала шортта хаттарш дара. Цу шимма кхелехь, шайна хIумма дага а ца догIу, хIумма хаа ца хаьа, элира. Амма, цхьана талламхочо цу петаран неIарна тIе мухар тоьхна - протоколехь гуш ду иза. Вукху талламхочо, мухур тоьхна йоцу неI схьайиллина. Цхьана талламхочуьн неI дечкех йина ю, вукхуьнан атьган ю. Петаран долахо а, хIусамийн-коммуналан сервисийн векалш а, цхьаа воцуш неI схьайиллина талламхочо. Цу уллехь хила беза тешаш а тхуна карош бац. ХIунда аьлча, шина талламхочух цхьаннен протоколашкахь тешаш цхьана меттахь бехаш бу, вукху протоколехь кхечу меттехь бехаш бу... Цхьа теш пхеа тайп-тайпана меттигехь Iаш ву.

Адаман гIуллакхехь дуккха а ю шалхонаш. ЦIе яьлла хиллачу петарна чохь тамашийна йисина оьккху хIума – ацетон хилар, царах цхьаъ ю.

Черток: Ша шех цIейолуш йолу оьккху хIума йисина боху петарна чохь - ацетон. Иза хаза нехан санна атта цIе йолуш хIума ю. Бедарх чим иккхича а йогуш хIума ю иза. Оьккху молханах дуьйцучу мел долчу жайнашкахь ду иза. ТIаккха тхан хаттар ду - и йогу хIума, йоккха цIе яьллачу петарна чохь ца эккхаш муха йисина? Тхан шеко ю цундела, и оьккхург цIе яьллачу хенахь цу чохь хилла бохучуьн хьокъехь.

Теракт ян кечлуш хиларна шеко ю аьлла, Оьрсийчоьнан Федералан Кхерамазаллин Сервисо лехамашка ваьккхина хилла Осмаев Адам Украинера Кхерамазаллин Урхалло 2012-чу шарахь Чиллан беттан 4-чу дийнахь лаьцна вара, Тираспольская урамехь цхьа петарна чохь эккхийтар хилча. Оццу Чиллан беттан 27-чу дийнахь хаам баржийра, Къилбаседа Кавказера тIемалоша хIетахь оьрсийн премьер-министр хиллачу Путин Владимирна тIелатар кечдеш дара, аьлла. Цу шеран Гезгмашин беттан 10-чу дийнахь цу гIуллакхца воьзна Казахстанан вахархо Пьянзин Илья итт шарана чувоьллира.

Адам бехке ван кхин цхьаа бахьана ца хиларна, Пьянзин кхайкхийна хан бухе юьллур ю, шен клиент бехке веш, аьлла хета Осмаев Адаман адвокатана. Цул сов, таллам иза бехке ца валучу тIе балахь, Адам набахтехь воллушехь вен а сахьт дац.

Черток: Иза хила тарлуш ду. ХIунда аьлча, цуьнга кховдон цхьа а бехк ца хилча, кхеташ ду, стаг вацахь, проблема а яц. ХIинца, цхьа алар ду гIазакхийн маттахь - хеча тIехь латтон агIо лелош - иштта, иза бехке варна гIортор ян, Пьянзинна кхайкхийна таIзар юьхьарлоцур ду. Оьрсийн Федерацехь цунна итт шо хан кхайкхийра, и таIзар болх бан а доладелла. Ша Пьянзин кхелехь а воцуш, цо талламца цхьаьнаболх бина аьлла, цунна еккъа хан кхайкхийра. Суна хетарехь, Осмаеван гIуллакхехь коьрта меттиг дIалоцур берг кхелан и сацам бу.

Нагахь санна Украинан коьртехь демократин Iедал чIагIлахь, шайн гIуллакх а хийцалур дара аьлла хеташ ю Осмаеван адвокат.

Цхьана агIора, Украинехь шуьйра лаьттинчу протесташа Янукович Викторан Iедал хийцина. Цхьа-моггIа гIарадевллачу терроран гIуллакхашца лецна хилла нах арабовлийтина. Уьш бу Ленина хIоллам эккхийта гIерташ хиларна лецна хилла «васильковски террорхой» а, 2012-чу шарахь Днепропетровскехь лелхийтарш дан кечбелла хиларна дIалаьцна хилларш а. Уьш мукъабахар, махкара политикехь хиллачу хийцамашца дузу политикан аналисташа. Амма Адаман кхузахь а ирс ца хилла. Политикан бахьанца чувоьллина стаг санна араволийла дац Адщаман, элира цо.

Черток: Халахеташ делахь а, тхан ситуаци а ю чIогIа тамашийна. Адам бехк хиларан хIара ду аьлла бахьана цхьаъ ду - эккхар хиллачу муьрехь иза цу петарна чохь нисвалар а, иза цхьа жимма ваьгна хилар а. Кхин цхьана цхьа тайпа бахьана дац иза бехке ван. ПIелгийн томмагIнаш дац, цхьа а тайпа лараш яц. Нагахь санна, террорана бехке беш хиллачеран бехк хилар тIечIагдан генетикан талламаш бинехь, цхьаъ дара. Цигахь а, цундела шиъ дIахецна, важа шиъ чохь витина. Адаман гIуллакхехь цхьаъа хIума а дац. Цуьнга мел кховдош болу бехк, уллехь адвокат воцуш, цуьнгара яьхначу кийтарлонашна тIехь кечбина бу.

Адам аравалийтар-м дуьйцур дацара, и гIуллакх юхаталла мукъа а хьажон аьтто баьлча, цхьа дегайовхо хир яра, иза бехке воций кхел тешон, аьлла дерзийра шен къамел Осмаеван адвокато. РогIера кхелан кхеташо Охан-беттан 2-чу дийнахь хир йолуш ю.
XS
SM
MD
LG