ТIекхочийла долу линкаш

Парижерчу зуламо сингаттам беана Европерчу бусулбанашна


Франци-- Париж, Эйффелан бIов, полицин патрул, Лахьан-беттан 23 де, 2015

Франци-- Париж, Эйффелан бIов, полицин патрул, Лахьан-беттан 23 де, 2015

Парижехь а, Брюсселехь а террорхойн тIелатарш я террорхошна дуьхьал операцеш йинчул тIаьхьа йоллучу Европехь а кхерам баьржаш бу нахалахь.

Оршот Iуьйранна Венерчу метро чохь. Карлслатц цIе йолчу гIалин юккъерчу станцехь социйле чу вуссу еха, раз-пурхI дIасаяьлла маж йолу, Нохчийчохь мацах цхьа шайх халкъалахь беламе гIалат дарца „вахабистш“ аьлла цIе йоккхуш хиллачу наха лелийнарг санна кIайчу бойнах йина пес а йолуш, боца хадийна хечин когаш болуш стаг.

Цу доллучунна тIе генара дуьйна схьа цуьнан тидам массара ца бича ца болуьйтуш йолу цIарула цIен кроссовкийн мачаш а ю цуьнан когахь. Ткъа кочахь кхозуш бу Iаьржа тIоьрмиг, башха боккха бацахь а, амма оцу сохьта „бомба чуховшур йолуш бу“ аьлла ойла дагатосуш болу.

Iуьйранна нах балха боьлхучу хенахь вуно дукха платформи тIехь гулделла адам цунна генахуо сеца, бухехула юкъкара цуьнга, къайлаха хьажа а гIерташ, бIаьрг тухуш.

ЦIерпошта „хIувв“ аьлла мох беш схьахIоьттича, цу стеган маж тайп-тайпанчу агIор дIасаластайо, ткъа нах, и мажйерг муьлхачу вагон ву волу а хьовсий, луларчарна чутаттало. Ша и стаг, шал шера массо а шега хьоьжуш а, шех озалуш а вуйла кхеташ волу, шен карахь лелочу телефона тIехула пIелгаш хоьхкуш, гуттар ша цхьа хIума йоьшуш волчуха кеп йеш вара, цIерпошта чу хиинчул тIаьхьа а цхьана мIаьргонна бIаргаш телефон тIера хьала ца айдеш. Вахана тIехьарчу гIента иза охьахиъча, уллохь Iаш хиллачех ши зуда меллаша хьала а гIаьттина, вагонан кхечу чакхене хьалаелира.

Цу цхьажимма беламечу суьрто гойту, Европерчу шахьаршкахь кху деношкахь нахера кхерам алсамболуш хилар, къаьстина бусулба кеп йолчаьрца - еха мажош йолчу божаршца я Iаьржа доьхначу зударшца.

Австрехь ехачу Ибрагимова Ровзана, бусулба духар лелочу, дийцира Маршо радионе, тIаьхьарчу деношкахь цхьаццаболчу меттигерчу бахархойн бусулбачаьрца йолу агресси гаррехь лакхаяьлла бохуш. Шеца кху деношкахь Iоттаделларг а дийцира цуо.

Ибрагимова Ровзан: „Хьал чIогIа хийцаделча санна хета суна. Суо йоьдуш-йогIуш кхарах ца хууш а дIа ма хьакхлахьара со бохуш, ларлуш лела со, сайна цхьаъ кочавар кхоьруш. Дукха хан йоцуш сайн сихъелла социйле йоьдуш йолчу суна тIехьара цхьаммо тоьхна, дIатеттира со. ТIаккха юхайирзича цхьа зуда яра „Мухьаммад“ боъуш луьйш. ЛортIехь хир яц хIара аьлла сайн новкъа со юха а дIайолаелча, юха а тIехьара туьхи суна.

ТIаккха ас юха а йирзина, цу зудчуна буй туьйхира. Цул тIаьхьа цигахь нах гулбелира, амма суо сих хиларна со дIаяхара. ХIинца сайца балхатIерчу австрихочуьнца а къийсалуш йоллура-кх со, цуо бусулба дин иштта ду бохуш, ас вуьшта ду бохуш“.

Нехан кхерамаш дебош бу Iедалхойн официала хаамаш а. Террорхоша тIелатарш динчу Францехь я мукъденошкахь террорхошна дуьхьал операцеш йинчу Белгехь хилла ца Iаш, Италехь а, Швецехь а, Германехь а, Австрехь а Iедалхоша кхайкхамаш бо бахархошка, сема хила, йоллучу Европехь а террорхоша кхин а талорш дан сахьт дац бохуш. Иштта, масала, Швецин куьйгалло „лакхара кхерам“ цIе йолчу тIегIанна тIе баьхна къепелардархой а, къайлаха сервисхой а. Италин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алфано Ангелинос дIахьедар дина, Париж санна кхерамехь Рим а ю аьлла.

Тоьлашха дац Германера хьал а. Немцойн полисхойн хьукматан куьйгалхочуо Мюнх ХIолгера Германи исламхойн терроран Iалашонех цхьаъ ю элира. „Карарчу хенахь вайн махкара 750 стаг ву Шемий, Иракъей тIаме вахана. Царех кхозлагIа дакъа юхадирзина Германехь ду“, - элира цуо, и юхабирзинарш вуно кхераме хилар а хьахош.

Шен рогIехь Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Микл-Лайтнер Йоханнас Шемахь я Иракъехь тIамехь а хилла юхабирзина болу нах – ткъа уьш Австрехь бIе ца кхочуш бу, - шайн кхерчашкара арабовла йиш йоцуш, петарийн тутмакхаш бан беза элира, и бакъо луш долу низам кесталгIа парламентан тидаме шен хьукмато дуьллург хилар билгал а доккхуш.

XS
SM
MD
LG