ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Патрушев: Шемахь а, Иракъехь а тIом беш ву 3 эзар гергга Къилбаседа Кавказера вахархо  


Патрушев Николай.
Патрушев Николай.

Дуьненаюкъарчу терроран тобанаша жигара даьккхина Къилбаседа Кавказерчу бахархошка шайн могIаршка кхайкхар. Цунах лаьцна дIахьедина Ставрополехь кхеташо дIаяьхьначу Оьрсийчоьнан Кхерамазаллин кхеташонан секретаро Патрушев Николайс.

Цо дийцарехь, цу регионехь терроран тобанаш кхолла гIертар хааделла Оьрсийчоьнан лерринчу сервисашна. Патрушевс чIагIдарехь, карарчу хенахь Шемахь а, Иракъехь тIом беш ву 3 эзар гергга Къилбаседа Кавказера вахархо.

Стохка адамийн бакъонаш ларъярехула йолчу Оьрсийчура «Мемориал» центро таллам бинера Къилбаседа Кавказехь Iедалша терроризмаца къийсам латторах лаьцна. Бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, цу регионера бахархой радикалан тобанех дIакхетаран бахьанех цхьаъ ду Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша цигахь лолош долу адамашна ницкъ бар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG