ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пенсе воьду хан тIетоха дагахь ду Оьрсийчоьнан Iедалш


Оьрсийчоь -- Ставропол махкарчу Ульяновка эвларчу базарахь ю меттигера йоккха стаг. ГIура-бутт, 22, 2015
Оьрсийчоь -- Ставропол махкарчу Ульяновка эвларчу базарахь ю меттигера йоккха стаг. ГIура-бутт, 22, 2015

Оьрсийчоьнан финансийн министралло план кечйина пенсийн системан  реформа яр хьокъехь. Цуьнца а догIуш тIетухуш ю пенси воьду хан, ткъа иштта сацош ду болх бечу пенсионерашна пенсеш далар.

Оьрсийчура «Ведомости» газето бинчу хаамца, Финансийн министралло Белхан министралле план хьажийна Чиллан-беттахь премьер-министр Медведев Дмитрий волчехь кхеташо хиллачул тIаьхьа хIоттийна йолу.

И документ 6 пунктах лаьтташ ду. Масала, Финансийн министраллана хета зударий а, божарий а цхьатерра хан йолуш пенсе баха беза аьлла а, и хан 65 шо хила деза аьлла а. ТIехула тIе и хан цу терахь тIе йоккхур йолуш ю шарахь 6 баттера 12 батте кхаччалц алсам а йоккхуш.

Керлачу проектца а догIуш, сацош ду болх беш волчу пенсионерана пенси далар. Цул сов, Финансийн министраллана хетарехь, хенал хьалха пенсе бахийта оьшуш дац могашаллина зе дочу белхашкахь болх беш болу баккхийн нах, нагахь уьш цигахь кхин дIа а шайн балхахь буьсуш белахь.

Нагахь хенал хьалхе пенсе боьлхуш болу нах бюджетан сферехь болх беш белахь (хьехархой а, лоьраш а, кхоллараллан белхахой а) Финансийн министраллан планаца алсам яккха езаш ю пенсе баха оьшуш йолу белхан стаж. Иза а дийра ду хIора шарахь цхьана шаран иза алсам а йоккхуш юьхьарлаьцначу пенсе воьду хене кхаччалц.

Кхин цхьа хIума а дан деза аьлла хета Финансийн министраллана. Пенсийн фонде дIалучу ахчанан дакъа дерриг а алапах даккхар, хьалха санна цхьана тIегIантIе кхаччал даьккхина а цаIаш. Кхин цхьа хийцам а бийр бу пенсех лаьцначу низамна тIехь. 2017-чу шарахь дуьйна пенсешна индексаци яр.

Оьрсийчоьнан премьер-министран зорбанан секретаро дийцарехь, министрийн кабинетехь Финансийн министралло кечйина план хIинца а йийцаре цайина. Оьрсийчоьнан Iедалша пенсе воьду хан тIетохар дийцаре дан долийра 2015-чу шарахь кризисна духьал план хIоттош. Амма цу хьокъехь болу сацам банза бисира.

Стохка ГIура-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар дира пенсе воьду хан тIетохарх лаьцна сацам шен хеннахь бан безаш бу аьлла. Цуьнца цхьаьна цо дIахьедар дира шега ма-хуьллу дуьхьал ваьлла лаьтташ ву ша пенсе воьду хан тIетохарна аьлла.

Белковский Станислав Оьрсийчохь вевзаш волу политолог ву. Пенсин реформа хила езаш ю боху цо.

Белковский: "Вуно дика кхеташ ду Пенсийн фонд пенсеш дIадаларца ларалур цахилар а, ерриг система реформа ян оьшуш хиларх а. Со, цхьа а шеко а йоцуш, радикалан кепара пенсе воьду хан тIетоха еза бохучуьнан агIонча ву.

Пенсица йоьзна хан оьрсийн стагана синIаткъамца доьзна доза ду къанваларан. Цундела тамашийна хIума ду 60 кхаьчна борша стаг къано ларар а, 55 шо кхаьчна зуда йоккха стаг ларар а. Оццул хан бен цахилча церан бераш дан аьтто бу".

Оьрсийчохь пенсе воьду хан тIетохар синIаткъамца доьзна хаттар ду аьлла хета Белковскийна.

Белковский: "Суна мехала хетарг цу хаттарехь синIаткъамца доьзна ду. Цо пачхьалкхах возуш волчу стагах махкахо во ша шен куьйгалшца шен бахам кхуллуш волу. Цу агIор пенсица йоьзна реформа вуно мехала гIулч ю Оьрсийчоь демократи кхиорехь, Iедал а, Кремл а иза дан деза аьлла цуьнан ойла еш дацахь а".

Амма Оьрсийохь пенсийн реформа хир яц аьлла хета Белковскийна, 2018-чу шарахь хила беза президентан харжамаш хиллалц.

Белковский: "Путин Владимир консерватор хилар бахьана долуш 2018-чу шарахь хир болу президентан харжамаш тIекхачале олийла дац иза шуьйра реформаш ян хIуттур ву аьлла".

XS
SM
MD
LG