ТIекхочийла долу линкаш

2050 шарахь бусулбанаш алсамбевр бу 73 процентана


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалара коьртачу маьждигехь, 26Охан2013

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалара коьртачу маьждигехь, 26Охан2013

Дуьненаюкъарчу «Пью Центро» (Pew Forum) таллам бина кху дуьнентIерчу динийн кхане муха хир ю бохучух лаьцна. Гучудаьлларг ду бусулба дин лелочу нехан терахь 73 процент алсам дер хилар. Бусулбанийн терахь цхьатерра ала мегар долуш, дIахьуттур ду керстанийн терахьца.

Динаш лелочу адамийн терахьаш (2010)

«Пью Центро» (Pew Forum) бинчу талламца, 2010-чу шарахь дуьнентIехь бара 2,168,330,000 керстнаш – дуьнентIехь дехачу адамех 31,4 %.

Бусулбанаш – 1,599,700,000 – дуьнентIехь дехачу адамех 23,2 %.

Ша-тайпа динаш лелон нах бара 1,131,150,000 – дуьнентIехь дехачу адамех 16,4 %.

ХIиндусаш бара 1,032,210,000 - дуьнентIехь дехачу адамех 15 %.

Буддисташ бара 487,760,000 - дуьнентIехь дехачу адамех 7,1 %.

Къаьмнийн дин лелораш бара 404,690,000 - дуьнентIехь дехачу адамех 5,9 %.

Кхин долу динаш лелораш бара 58,150,000 - дуьнентIехь дехачу адамех 0,8 %.

Жуьгтийн дин лелораш бара 13,860,000 - дуьнентIехь дехачу адамех 0,2 %.

Делах тешачу нехан терахь дара 6,895,850,000 стаг.

2050 шарахь хир болу хийцамаш

2050 чу шарахь Делах тешачу нехан терахь хир ду 9,307,190,000 стаг.

Керстанийн терахь хир ду 2,918,070,000 стаг. Церан терахь алсамдер ду 749,740,000 стаганна – керстанаш хир бу дуьнентIехь дехачу адамех 31.4%

Бусулбанийн терахь хир ду - 2,761,480,000 стаг. ТIекхетар ву 1,161,780,000 стаг – бусулбанаш хир бу дуьнентIехь дехачу адамех 29.7 %

Ша-тайпа динаш лелочу нехан терахь хир ду 1,230,340,000 стаг. Уьш алсамбевр бу 99,190,000 стаганна - дуьнентIехь дехачу адамех 13.2 %.

ХIиндусийн терахь хир ду 1,384,360,000 стаг. Уьш алсамбевр бу 352,140,000 стаганна -- дуьнентIехь дехачу адамех 14.9%.

Буддистийн терахь лахлур ду -1,490,000 стаганна. 2050-чу шарахь церан терахь хир ду 486,270,000 - дуьнентIехь дехачу адамех 5.2%.

Къаьмнийн динаш лелон нах алсамбевр бу 44,450,000 стаганна. Церан терахь хир ду 449,140,000 - 5.9%.

Кхин долу динаш лелочеран терахь хир ду 61,450,000 стаг. Уьш а тIекхетар бу 3,300,000 стаганна.

Жуьгтийн динан агIончаш хир бу 16,090,000 стаг. Уьш алсамбевр бу 2,230,000 стаганна. Хьалха хилла 0,2 % процент буьсур бу уьш.

Проценташца аьлча, уггаре а алсамбевр берш бу бусулбанаш. 2010-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича 73 процент, керстанаш - 35 процент, хIиндусаш - 34 процент алсамбовлучу заманчохь.

Хийцамаш хиларан бахьанаш

Коьрта бахьана ду бусулбачу доьзалшкахь бераш алсам хилар.

Дерриг а дуьне схьаэцча, юккъерчу барамехь бусулба доьзалшкахь дуьненчу долучу берийн терахь ду 3,1 %. Керстан доьзалшкахь иза ду 2,7 %. Кхин долу динаш лелочу доьзалшкахь – 1,7 %.

Кхузахь цхьхIума билгалдоккху «Пью Центро». Цхьадолу терахьаш хIиттош хала дара билггала Делах тешачу нехан терахь хаа. Иза хьакхъалуш ду, масала, Оьрсийчохь дехачу жимачу къаьмнех, шайна юкъахь гIезалой а, башкираш а, нохчий а, суьлий а, гIалгIай а, кхин долу къаьмнаш а долуш. Кхеташ ду, изза ала мегар хиларх керстанаш, я кхечу динийн векалш лоручу Оьрсийчурча а, кхечу пачхьалкхарчу а къаьмнех а.

XS
SM
MD
LG