ТIекхочийла долу линкаш

Толлур дуй, харц бехкаш кховдийна, оьрсийн набахтешкахь хIаллакбечу нохчийн гIуллакхаш?


Набахтин керт

Набахтин керт

Маршо радион эфирехь чубоьхкина латточу вайнехан проблемех лаьцна материал а хезна, тхоьца зIене ваьллера Оьрсийчура Архангельск кIоштехь, луьрчу режиман набахтехь 18 шо токхуш волу тутмакх Iимран. Кеста 8 шо кхочу, иза маьршачу дахарх ваьккхина. Кхелан сацам, гуш лаьтташехь, цхьана а кепара лортIехь волчу стеган хьекъало тIелоцур бацахь а, Нохчийчоьнан Лакхарчу Кхело къобалбина. Цу сацамо боху, хIетахь 29 шо хиллачу Iимрана Мангал баттахь оьккху молха эцна, юха, цхьана стагца берте а вахана, цул а хьалха чекхбаьллачу Стигалкъекъа баттахь эккхийтина. Оьрсийчура мел йолчу инстанце бина латкъамаш, кхин а эзарнийн нохчаша бинарш санна, жоп доцуш бисна. Iимранан цхьа дегайовхо ю, Европерчу Адамийн Бакъонийн Кхело шен гIуллакх нийсонца къасторна.

Набахтера хьелаш луьра доллушехь, Iимранан цхьана агIора аьтто белира тхоьца къамел дан. Иза хIинца довзуьйту аса шуна.

Iимран: Сан цIе Iимран ю, 2004-чу шарахь лаца а лаьцна чувоьллина ву. ГIалахь Лаккхарчу Кхелехь хан а тоьхна. Со чохь воллуш волу 8 шо хан кхочу (кеста). Дан хIума доцуш, чIогIа кIел висина цо хIокху сайн хьолаца. КIелвисина бохург хIун ду, (суна) тоьхна йолу хан а, сайца лелош йолу харцо а - цу хIуманаша кIелвитина со.

Маршо радио: Кхузахь билгалдаккха деза. Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу тIамехь Iимран дакъа лаьцна хилар. И тIом дерриг къомо бина хилар тидаме а ца оьцуш, хIетахь тIемалошна улле вахана хилларг а, тахана а чувуллуш ву. Схьагарехь, юха а тIама тIе ца вахийта.
ШолгIачу тIом болабелча Iимран цIахь Iийра, шен ненан дола а деш. ШолгIа тIом болабале, оьрсийн агIорчу ницкъаша а, царна бохкабала кийчча хиллачу бухарчу цхьаболу нохчаша а шайн цIейозанаш кечдина хиллий, Iимранна дага ца деана. Делахь а, Далла тIе болх биллина, Iимран шен ненаца висира.


Нохчийчохь шолгIа тIом болабале къайлахчу ницкъаша хьалххе кечдина хилла цIейозанаш


Iимран: ВаллахIи, ойла ма йора, дIаваха дог ма дара. Амма даго вита-м ца витира цхьанхьаа дIаваха. Нана ю сан ша цхьаъ. Йоккха стаг ю иза, цуьнга хьажа цхьа а вац. Сайн ненан дог ца дохон гIерташ, хало ца хилийта гIерташ цIахь Iаш вара "зачисткаш" йолчу хенахь. ТIаьххьар а тешнабехк бира цара (кхерамазаллин сервисо) суна.

Маршо радио: 2003-чу шарахь зачисткаш еш цкъа дIа а вигина, муьлхха а зулам тIелца бохуш, хьийзина Iимран.

Iимран: Со 2033-чу шарахь Гезгмашин баттахь чуьра дIавигира со гIазакхаша, "зачисткаш" ечу хенахь. Iуьйранна 6 даьлча. 3 дийнахь комендатурехь латтийра со етташ, ницкъ беш, шайга далург деш. Кхин шайга соьгара хIума ца даккхаделча, "бен дац шайна, ахьа цхьаъ тIелаьцчхьана" бохура соьга. Нохчий а бара цигахь, гIазакхел а дукха бара уьш. Уггар хьалха ТIехьа-Мартан тIерчу комендатуре вигира со. Цул тIаьхьа гIала (Соьлж-гIала) МВД олу яра иза, цига вигира со. Юха дIавахийтира со, амма паспорт схьа ца делира.
Юха, со сайн цIахь Iаш а волуш, юха бахка а баьхкина, "служба безопасности" олучара, со неIарехь лар а вина, тIе а кхетта, дIавигира. I0 дийнахь-бусий етташ ницкъ бира суна чIогIа. Прокуратуре дIавелира со. Талламхочуьн карахь дара сан паспорт. Шайна бух а, массо хIума а кечдина хиллера цара.

Маршо радио: Веккъа цхьа теш вара Iимранан кхелехь.

Iимран: Цара суна хан муха туьйхира? Соьгара даьккхина герз дацара, зулам динчу меттехь лаьцна а вацара со, я аса дина бохучу зуламна тешаш бац...
Веккъа цхьа кхиазхо вара - 8 шо хьалха кхиазхо вара иза, I6 бен дацара цуьнан - гIаларчу РУБОПехь волуш, цо суна дуьхьала тоьшаллаш динера боху, ша соьца цхьаъ оьккхуьйтуш вара, аьлла. И кIант лаьцна чувоьллина цара, 7 шо хан а тоьхна. Суна тIехь кхел ечу хенахь аса схьавалаве аьллера иза. "ХIан-хIа, бакъ дац иза, шена дукха йиттича, ша верна а кхеравелла, дийцинера ша иза" боху цу кIанта. Цо и тоьшалла керста дира. Суна ма хаьий, ша верна а кхеравелла цо иза дийциний.
Айса и зулам динехь-м, суна хала ма даций къера хила.

Маршо радио: Ахьа тIом бинан дела, хьо чуволла хьийзаш хиллий те Iедалш?

Iимран
: Айса тIом ца бина ца боху аса. Аса динчунна со къера хир ву. Аса бохург хIун ду, зулам динехь, низамаш ма-аллара, цунна тоьшаллаш даладе, боху аса. Низамаш ду бохуш, нийсо лелайо ша бохуш пачхьалкх ма юй хIара. Сайца харцо ма лелайе боху аса.
ТIом баран шен кхин бахьанаш ду. Хьалхарчу тIамехь хилла ву со.


Нохчийчура "новкъара дIабаха" нохчийн кегийрахошна яккхий хенаш йиттина


Маршо радио: ХIетахь Соьлж-гIалахь нохчашна тIехь дIаяьхьначу кхечу кхелаша санна, Iимрананан гIуллакхехь, луьра таIзар мел кхачош йолу артикл язъйина.

Iимран: Цара цу юкъа ца йохуьйтуш хIун йитина? Терроризм, бандитизм, Iедална болх беш волчу стагана тIекховдар... дукха хIума дара.

Цара хIун бохура, "сой, суна духьала тоьшалла дина бохуш волу и кIанттий цхьанхьа ваха а вахана, цхьаъ эккхийтина", боху. Цигахь гIазакхи а велла боху цара. ТIаккха аса боху: "дукха цхьана ца догIу хIуманаш ду (кхийдочу бехкехь), хилла хIума ма дац иза." ХIан-хIа", боху. "Шаьш и кIант хан а тоьхна, дIавахийтина. Тхан иза дIахеца везар ву. Тхайн гIалаташна къера хила дезара ду тхан. Тхуна ца лаьа тхайгара гIалаташ девлла хиларна къера хила." Къайлаха бохуш ду иза. Вела а воьлуш. (Абубакаров) бохуш кхелахо вара иза. Деллахь, дуьйцуш хаза дацахь а, иштта бу-кх вайн цхьаболу "нийсо лелош болу нах".

Маршо радио: Ахча а делла, Iимран кIелхьарваккха хьаьвсина цуьнан гергарнаш. Амма тIемаша мел долчух баьхначу нахехь долу ахчанаш, Нохчийчура суьдхой резабийр болуш дац. Цундела бехк боцу кIентий эзарнашкахь бу Оьрсийчура уггар а луьра хьелаш долчу набахтешкахь.

Iимран:
Делахь, хьовса-м хьаьвсира уьш, гIуллакх ца хилир-кха церан. Цигахь (Нохчийчохь суьдхошна) луш шортта ахча ду царна. ТIаккха (со санначара) луш йолу кепекаш йоккха хIума ма яц царна. Мел дукха делча а, цхьа I0 000$ лур ду царна. Ткъа цара (суьдхоша) иза цхьана дийнахь доккхуш ду. ХIора баттахь (керла) машенаш хуьйцуш, лелаш нах ма буй уьш.

Маршо радио: Юьхьанцара, ша бен ца нисвелла-кх оцу хьерана юкъа, бохуш, гIайгIане воьжна вара ша бохуш дийцира Iимрана. Амма, Сибрехара набахте кхаьчча, ша саннарш эзарнашкахь буйла хиъна цунна.

Iимран: Со саннарш дукха бу кхузахь чохь бохкуш - эзарнашкахь. Оьрсийчоьнан Къилбаседехь ву со. Архангельская область олуш меттиг ю хIара.


Харц бехкаш кховдийначу нохчийн гIуллакхаш юхатоллур дуй?


Маршо радио: Адамаш дайина а, кхин долу луьра зуламаш дина а шортта оьрсий бу боху Iимрана ша хиллачу набахтешкахь. Амма церна цхьаннен а яц нохчийн къомаха болчарна тIеязъеш йолу луьра артиклаш. Чохь латторан хьелаш а ду башха, къомах мила ву хьаьжжина. Кхин дIа дуьйцу Iимрана.

Iимран: Кхузахь цара мел чIогIа (луьра) зулам дича а... суна гина-м вац, духьала-м ца кхетта тхуна санна артиклаш кхайкхийнарш гIазакхашна юкъахь. Суна вуно дукха нах дукха гина кхузахь. Кхин артикл кхайкхайо царна. Вайнахана санна ца туху хенаш. Нохчий изолятор чу бухкуш бу. Цу чуьра ши нохчо аравалийтича, церан меттана кхин а ши нохчо вуллуш ву. Нохчо чохь воцуш и изоляторш хуьлуш яц.
Бахьанаш царна оьшуш дац, цара (набахтин белхахоша) шаьш лоху уьш. Шайна луъург тIеяздан йиш йолуш бу. Хьо дийнахь охьахиъна олий, маьнги тIе минотана дIатевжина олий яздо рапорт тIехь... Уьш лахьа а дой, шайна луъург яздо. Иза айхьа ца дина аьлла къовса вариант яц. ЦIениг (набахтин векал) ву, хьо зек (тутмакх) ву. Цунах тешар бу, хьох тешар бац.

Маршо радио: Чубоьхкинчу нехан бакъонех цхьаъ ю, набахтехь цхьа мур текхначул тIаьхьа, къинхетам бар доьхуш, хан яцъе аьлла, дехар дан йиш йолуш. Амма и бакъо, нохчашна йогIуш яц. Юьззина хан чекхяллалц, церан дехарш къаста ца до. Цунна тIехь леррина само еш набахтин белхахой бу.

Iимран: I2-I3 шо дIадала деза моьтту суна аса и тайпа дехар дале. Аса цхьа хIума эр ду аса. Цхьаа гIалат дина доцуш, чIогIа-чIогIа "нисделла" кIентий хила дезаш ду тхо. Соьгара "девлла гIалаташ", со санна болчу нохчийн "гIалаташ" а, тхо цкъа а арадовлуьйтур дац. Къемата тхо мел дика леларх. Хьо мел чIогIа хьажарх и "гIалат" ца язлеш, чекх ца волуьйту цара. Леррина деш ду иза. Ахьа и ца дахь а, хуьлуьйту-кх цара. Цхьа нохчо вац кхузахь и рапорташ а доцуш а, изоляторш йоцуш а. 2006-чу шарахь изоляторш чохь 2 шо хан яьккхира аса. "ПКТ" олуш ю уьш. Камерийн системин чу вуллуш, изоляторна чу вуллуш...

Цу чохь йовхарийн цамгар кхийтира суна. Дарбан цIийне а вигина, чуна цхьа молханаш мийладо бохуш, бахьанаш лелийра цара. Аса цIера молханаш даийтира сайна. Дарбанаш лелийча халла делан балийца метта веара. Со дарбан цIийнера куза набахте схьавалийча цхьана эха шарана витира со хIокхара. Делахь а, эха шарал сов хан ца йолу, со изоляторна чу ца вуллуш. Со санна важа нохчий а бухку. Леррина, гуш лаьтташехь, хаа хууш лелош долу хIума ду иза. Вуьшта, етташ, дубинкаш тIетташ хIума ца леладо кхузахь.

Тхо 20 нохчо ву кху кертахь (набахтехь). Тхо кIезиг делхьара и ницкъ тхуна тIехь а бийр бара. Амма тхуна хаьа кIезиг нохчий болчехь хаза нехан санна ницкъ беш (нохчий) латтош буйла.
Кхузахь сан хеннарниш бу, соьл кегий бу, баккхий бу, 30 шераш бу дукхах берш. Кху шарахь 4 бутт баьлча цIавоьдуш ву тхан цхьаъ. 8 шо даьккхина цо. ДIабаханчу баттахь цIавахана кхин цхьаъ. Цуьнан хьал дика ду, цуьнан цIахь хьаькамаш бу (гергара). Цара цуьнан гIуллакх галдолуьйтург хир дац, цунна хIума ца дойтуш, хьовсур бу. Тхан бан ма баций иштта хьакамаш... (воьлуш ву)


Страсбургера Адамийн Бакъонийн Кхел я Делан кхел


Маршо радио: Цхьа ткъеха нохчо ву Iимран волчу набахтехь яккхи хенаш токхуш. Царна кхелаша кхайкхийна бехкаш а, цхьана бустамна тIера схьаэцча санна бу – терроризм, бандитизм, герзана Iедалан стагана дуьхьало яр, иштта дIа кхин а.

Iимран: Соьца лелийнарш санна харцонаш ю-кх кху бухахь суна карийначу нохчийн а. ТIаккха ойла йо ахьа... Суна-м и харцо сайца бен ца йина моттара. Кхузахь цара схьахьовсийна дукха хилла-кх уьш... Айхьа ойла ехьа... Лаккхарчу Кхело со бехке веш бинчу сацамна тIехь яздина ду-кх - "ваха а вахана, июнехь (оьккхуьйтург) схьа а эцна, майхь эккхийтина"... "Шу лортIехь дуй?" аьлла аса хаьттича, и хIума тергал деш дац... (доккха садоккху). Жоп луш дац. ТIаккха ойла йо ахьа, деллахь, харцо-бакъо юьйцучехь дара хIара гIуллакх. Шайниг чекхдаьлчхьана, бен дIа хеташ бац уьш (субдхой) и стаг чувоьллича а... ТIаккха къар а делла Iаш ду-кх тхо кхузахь.

Маршо радио:
Нохчийчоьнна чIогIа гена ю ахьа хан токхуш набахти. Герграчерийн аьтто болий хьуна тIаьахьабахка а, хьо ган а?

Iимран:
БогIу. Амма... шарахь цкъа бен луш яц "свидани". Уьш баьхкича а... иза яккха а дукха къахьега деза. 7 чоь ю кхузахь тIаьхьавеанчунна луш. Тхо чохь воллуш верг I 500 стаг ву, гIазакхий а дукха ма буй кхузахь. РогIе хIотта веза, иза а кхочур юй ца хаьа.

Оьрсийчура а, Нохчийчура а Iедалх дог диллина Iимрана. Оьрсийчоьнан Iедалша лелочух-м кхетара – Кавказана оккупаци йичхьана дуьйна дIахьуш политика ю иза. Дерриг дуьненна а кхайкхош, Нохчийчура Iедалша инзаре даккхий ахчанаш а дойуш, Судане кхаччалц, мацалла ловчу наха сагIанаш дохучу хенахь, боккъал а йолчу проблемина тIе тидам ца бахийтар лору Iимрана а, кхин а эзарнаш-эзарнаш, набахтехь хIаллакьхьулчу нохчийн кIенташа. Шуьйра тIемаш дIабирзича, харц хенаш йиттина гIуллакхаш юхаталлийтаре сатуьйсуш бара уьш. Амма, аьлла, Iимарана дийцира:

Iимран: Хан а тоьхна чувоьллина волу стаг... кху чу ца нисвелча кхетар вац тхан хьолех. Кху чохь долу хьаллий, арахь долу хьаллий - царна юкъахь йоккха башхалла ма яй. ХIун дийр ду, цхьаъ тIехIоьттича, ца лайча ца довлу вай. Амма, тIаккха... куьйгаш а тесна Iаш вац со. Къар ца вала а гIерта. "Правовая инициатива" бохуш цхьа организаци ю-кх вайн Кавказехь болх беш. Цара а цхьацца латкъамаш кечбина, дIахьовсийнера. Сатуьйсуш Iаш-м ву со. АллахIана дика хуур ду... Дала яздинарг хир ду цунах, хIуъа дийцахь а... 5 шо хан ю цуьнга хьоьжуш Iаш волу.

Нагахь санна Iимранна а, цуьнан санна долу а гIуллакхаш юхаталлийта тIелаца адвокат я цхьана организаци ялахь, Маршо радионо уьйр тосуш гIо дийр ду. Иза боккъалла а керла заманан билгало хир ю, харцо дагах а кхетта, цхьа валар.
XS
SM
MD
LG