ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Баиев Хьасан хьакъ ву Нобелан лауреат хила"


Баиев Хьасан Нобелан цIарх совгIат дан хьакъ ву аьлла, кехаташ цу комитете чуделла хIирийн юкъаралхоша. Цаьрга жоп деъна, цуьнан кандидатура шаьш толлур ю аьлла.

И гIуллакх айдинарг ю хIирийн евзаш йолу блогер а, юкъаралхо Царахова Белла. Цо Маршо Радиога дийцира шена а, шен накъосташна а хIунда хета Баиевна и преми йогIу аьлла.

Ша лоьран дуй къар ца бар а, къонах хилар а, шегара гIо оьшучу нехан дуьхьа иза халонаш елахь а лан кийча хилар а, иштта кхин дIа а дика агIонаш йийцира цо.

Царахова: "Ас хIинца кхозлагIа чуделла цуьнан кехаташ оцу комитете. Кхузахь, хIирийн махкахь иза чIогIа дукха везаш ву. Сан декхар ду аьлла хета суна, цуьнан мисси аттачу яккха. Суна хIун товш ду хьаий шуна цуьнгахь? Иза патриот хилар! Иза чIогIа дика лор хилар! Шен кхуза схьаван бакъо ма хилли, иза шен доьзал цигахь а битина цIавеъна.

Кхин хIун Iаткъам бан беза цо шена?! Цуьнан бераш а, иза уллехь а воцуш хьалакхуьуш ма ду. Цо ша аьлла, ша кхузара дIавахча, чIогIа холчу хIутту ша, кхузахь ша алсамо оьшуш волу дела. Иза даккхий къамелаш а дац. Иза халбате дахар дIакхоьхьуш ву. Шуна а дика хууш ду иза. Доьзал цигахь бу. Ша кхузахь ву. Оцу ша долчунна мах хадо безаш ма бу. Суна иштта хета".

Царахова Беллас айдинчу оцу гIуллакхан ХIиричохь дуккха а нах тIетайна. Ша лаккхарчу доьшийлашкахь лекцеш йоьшу Баиев Хьасанах лаьцна. ЛадогIаршхоша чIогIа тIеоьцу цуьнах дуьйцуш дерг, боху Царахова Беллас. Цунна хета, оцу нохчийн лоьран хьакъболу ларам тахана а бина бац аьлла.

Ала догIу, блогеро бинчу оцу кхайкхамна тIетайна «Бесланера наной» цIе йолу комитет а. 2004 шарахь цигахь хиллачу терактехь чевнаш йинчу берашна а, баккхийчарна а мехаза операцеш йина цо.

И болх кхин а дIахьур болуш а бу. Оцу комитетан куьйгалхочо Дудиева Сусаннас, леррина дIахьедар а дина Баиев Хьасанах дош олуш. Маршо Радиога а иштта къамел дира цо.

Дудиева: "Лоьро Баиевс шен леларца дIагайтина, лоьрийн болх-машаран буйла. Лоьро дахар лардо. Нахаца боькъу цо баланаш а, бохам а. Баиев Хьасанна шенна лиънера, 2004 шарахь Бесланехь терактехь зен хиллачу берашна операцеш ян.

Бакъволу машархочо а, лоьро а, доттагIчо а, дас а, кху дахарера къаьхьаллан чам хуучо санна, жоьпалла шена тIе а эцна, террорхоша берашна йина чевнаш ерзийра. Цо гайтира машаран а, кхечуьнах доглазаран а масал. Терроризмо берашна чов йина а ца Iаш, цо дуьненна чов йина.

Машар а, дуьне а лардан оьшург ду дикалла а, хазалла а, машарабезар а. И ша мел долу хIума долуш ву Баиев Хьасан а, кхиболу лоьраш а, нахана хилла чевнаш дIа а йохуш, уьш дуьнене а, машаре а дегайовхонца хьожуьйтуш. Оха даима гIортор йийр ю Баиев Хьасан санна болчу нахана".

Баиев Хьасанна ши де хьалхий бен ца хиъна, шен цIе Нобелан преми яла хьакъболчу нехан тептарехь ю аьлла. Шена ша динарг доккха хIума ца хета. Ша шега далучу агIор нахана гIодина, цуьнах дозаллаш а деш ша лелла а вац.

Ша дарба дан тIелоцучу нехан къоман башхаллаш ца къестош, я кхечу билгалонашка а цкъа а хьежна вац аьлла, дийцира цо.

Баиев: "Суна иза селхана аьлчий бен хиъна а дац. Хиънехьара ас иза дойтур дацара, хIунда аьлча, ас цхьана хIуманна дуьхьа аьлла еш яц и операцеш".

Ала догIу, Баиев Хьасан шолгIа ву Нобелан преми яла хьалхатоьттуш. Дуьххьара, 2006-чу шарахь Великобританин парламенто дехнера Машаран номинацехь иза билгалваккхар.

Ткъа и совгIат кхечира Ал-Барадеи Мухьаммадана, зарратан энерги маьршачу хьашташна аьлла лелор айдинчу.

XS
SM
MD
LG