ТIекхочийла долу линкаш

Арсанукаев Шайхин тезетахь дегнаш доьлхура...


Нохчийчоь -- Нохчийн лаьмнаш, сурт даьккхина хан евзаш яц.

Нохчийчоь -- Нохчийн лаьмнаш, сурт даьккхина хан евзаш яц.

Арсанукаев Шайхи вина 1930-чу шарахь. Кхетам тIеэца ца тиггал, лазаме делахь а,тахана тIетоха дезаш нисло, дIакхелхина 2012 –чу шарахь. Шеко яц, Шайхи даиманна а ваха висина нохчийн къомана, нохчийн маттана, нохчийн исбаьхьаллин литературана саготта мел болчеран дегнашкахь, кхетамехь…


Ваха висна дешан кIорге яста,ойланийн литтанаш херцо говза хиларал сов, иза дог-дика, кIеда-мерза, хьасане адам а хилла, гIоьналлин куьг кхийдош, чекхваларна а. И юххера вевзачу, цуьнца гергарло лелийначу яздархоша тоьшалла а деш, Арсанукаев Шайхин дахаран къилба, цуьнан сих-дегIах ийна амалан билгало хилла гIо лацар, орцах вийлар, къинхетамалла…

Нагахь, хьан гIо оьшуш велахь цхьаъ тахана,
Сихлолахь цунна тIе кханеш ца йохкуш,
ХIун хаьа кхана хьан дагара долий,
я вуьсий тIевахна ала йиш йоцуш.
.
И дешнаш цуьнан синхаам турпалхо, дахарехь ма хиллара, ма-варра вовзуьйтуш, бакъ а, нийса а ду аьлча а, кхачо йолуш ца хетало. Цундела ала догIу ,гарехь, и дешнаш, Шайхех шех ду, цуьнан васт дуьззина карладоккхуш, гойтуш.

Лаххара а кху тIаьххьарчу 40 шарчохь нохчийн поэзин коьртачу лакхенех цхьаъ хилла лаьттина Шайхин кхолларалла. Шовзткъе итт шо гергга зама ю цуьнан дуьххьарлера жарга зорбане яьлла, «Лаьмнашкахь Iуьйре» цIе а йолуш. ХIетахь дуьйна, нохчийн а оьрсийн а меттанашкахь араевлла ткъех байтийн гуларш йоцуш, цуьнан ирташ зорбане йийлина дозанал арахьа кхечу къаьмнийн меттанашкахь а - немцойн, полякий н, туркойн, чехийн, иштта кх. дIа а.

«Даймахкахь каш доцуш, Дайх ала дош доцуш, Дала мА лайла вай , кIентий…». Цу дешнийн автор ву Арсанукаев Шайхица 40 шарахь гергарло лелийна, иза юххера вевзаш хилла байтанча, хьехархо Яралиев Юсуп. Иза тешна ву Даймехкан хазаллех, Iаламах, адамех исбаьхьаллин дош кхалош, кIадо йоцуш дийцина, Шайхи шех ала доза доцуш дукха довха дешнаш дитина дIавахна аьлла. И ву дуьйцуш шен воккхачу накъостах, кхоллараллин пхьалгIахь шена къилбаседа а хилла лепначу дешан говзанчех.

Яралиев: «Бакъдерг аьлча, нохчийн литературана юьхькIам болуш стаг вара Шайхи. Массарна а дукхавезаш а, оьшуш а вара. Цуьнан Iожалла суна чIогIа Iовжаме хета, сайн деваша дIаваьлча санна. Кху кIоштера нах соьга кадамаш беш хуьлу-кх, цуьнан шен гергарнаш а тIехь, хьан вара-кх иза алсам, бохуш. Нохчийн литературан цIе латтийна стаг вара Шайхи, хьуна ма-хаъара. ТIаьхьа бен волавелла а вацара литературехь болх бан. Аьтто хилла а вацара. Жималла а Казахстанехь дIаяхнера. Цо динарг дисина-кх. ГIишлош йоьгIначун гIишлош йисина. Бахамаш биначуьнан бахамаш бисна. Цуьнан ойланийн жовхIарш дисина нохчийн къомана.Цуьнан поэзии йисина-кх»

Арсанукаев Шайхин Iожалло, синтемах дохийна, дукха адам листина кху деношкахь цуьнан юьрта, Дишни-Ведана. Цуьнан гергарнаш ган, цунах кадам бан, тезетахь хиллачу эзарнех цхьаъ ву Бена-Веданара хьехархо, исбаьхьаллин литература езархо Ахматов Iалавди. И ву дуьйцуш, иза дIакхалхаро вайнехан литературана а, къомана а бинчу эшамах.

Ахматов: «Деллахь, нохчийн къоман литературан боккха седа дIабайна-кх. Инзаре къомана оьшуш стаг вара Арсанукаев Шайхи. Къоман тезет ю аьлла а хетта сунна тахана хIоьттинарг. Цунна дала гечдойла. Везахинволчу Дала къинхетам бойла цунах а, вайх а».

КIорге йолчу даше, байталле, шовкъ-марзо лаьттинчу дешархойн, ладогIархойн дегнаш оьцуш, йийсаре деш екна цуьнан ирташ: байташ, поэмаш, повесташ… Уьш ягаръяр маьIне ца хетало тахана, чиркх санна ваьгна, хIан-хIан, седа санна леппа Шайхи кхачавеллачу дийнахь. Цуьнан кхолларалла нохчийн литературехь уггаре шорто йолчех цхьаъ хиларе терра, кхеталуш ду, поэтан дешнаш тIехь мукъаме евлла дукха эшарш хилар а.
Эпитеташ, айдардешнаш, дустарш ца кхоош, мел дийцарх, сов хир доцуш, дийна, адамах ийна, цуьнан цхьа дакъа долуш санна, гайтина АрсанукаевсIалам, кхета аттачу дешнашца яьстина философан кIорге йолу,Iар-дахар, валар-висар ахкаме дохку теманаш. Шайхи Iаламан сурт хIотторан эла, паччахь хилла аьлча, я кхечу агIор мел чIогI ала гIортарх, тоаме ца хетало, Яралиев Юсупа ма-аллара, цо нохчашна дитина жовхIарш девзаш:

Сетташ детта ткъес дIатийна, цIанби стиглахь тхов.
Юха а сирла нур даржийна, Малхо дилли ков.

Исбаьхьчу Iаламах дIаэвелла ца хилча, цуьнан хазаллех, дагна гилгаш а дуьйлуш, цуьнан тийналле ладогIа охIла ца хилча, кхоллалур дуй-те иштта сурт:

Кхокха санна, даржош сийна тIемаш,
Сирла Iуьйре юьрта йоьссина,
КIайн йовлакх а коьртахь, лере теIаш,
Бал ю цхьаъ-ам дуьйцуш кхурана.

Арсанукаев Шайхи юххера вевзаш хиллачара, со бакъвийр вац, нагахь со цунах дестийна ала волахь. И кхерам цахиларна суна чIагIдан лаьа, шен байталлехь санна, догцIена, кIеда-мерза, къинхетаме, къомах мел дозаделлачунна само еш, оьзда, гIиллакхе Шайхи чекхваьлла хилар. Кхузара, байт кхоллархьама, дийшина аьлла ца хета кехата тIе цуьнан дешнаш -язораш. Иза Дала дуьнентIе воккхуш дуьйна сица а, цIийца а цуьнца цхьаьна кхоьллина, цунна велла дIаваллалц аьлла чудиллина хьал, синлаттам хилла, гарехь - адамалла а, дог-дикалла а, къинхетамалла а. ТIетоха, дIадаккха хьашто йоцуш, дахарехь Шайхи ма-хиллара ву цуьнан синхаам турпалхо «Мохкбегор» байта тIехь.

ЦIеххьана кхерийна, лаьттан дегI дегий.
ЭхI, латта, дийцахь хиллариг хьайна,
Алахьа,хIун цатам
Хилла хьо дегий?
Я дог хьан лазий-те харцо ца лайна?
Я атом иккхина мархаш ги гIенах?
Я жима бер гина-те къаьстина ненах,
Дестечун маьхьаро дина ша хьере,
ЦIеначу бIаьргаш чу гIоьртина кхерам?

Арсанукаев Шайхи дIакхелхина вайнехан дегнашкахь ваха, даиманна а дагалецамехь,кхетамехь виса, адамийн дикаллах, комаьршаллах шен махкахой тешо.

Алахьа, хIай Латта, ХIун гира хьуна :
ДоттагIчо тешнабехк би доттагIчунна?
Я меттахь дIатесна шайн нана къена,
СапаргIат баха-те кIентий дIа гена?
Я къона безам гина осалчоIехош?
Я поэт воллура харц дешнаш лехьош?
Бендоцуш лелачийн гина аьрта яххьаш?
Я гина-те тIехьашха тоха урс айдеш?

ЭхI,маржа,Латта,
ХIун хили-техьа?
Со орцах вер ву-кх, хьо дега ма дехьа…

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG