ТIекхочийла долу линкаш

Антверпенехь полицино лаьцна адамашна тIе машен тоха гIоьртина стаг


Белги -- Антверпен, Заз.23.2017.

Белгехь Антверпен гIалахь полицино дIалаьцна урамехула схьабогIучу нахана тIе машен тоха гIоьртина стаг. Цунах лаьцна хаам бина Libre Belgique сайто.

Полицин векло дийцарехь, гIашлойн аьтто баьлла къелхьара бовла. Машенна урхалла деш хилларг мила ву дуьйцуш дац.

Цо адамашна тIетоха гIортийна машен регистраци йина ю Францехь. Цу чохь полицина карийна герз.

XS
SM
MD
LG