ТIекхочийла долу линкаш

Стаг вен кхел яр юха а юкъадаккхарна дуьхьал бац Оьрсийчура ах бахархой


Оьрсийчоь -- Бесланехь школа дIалоцуш дакъалацарна вен кхел кхайкхийна Кулаев Нурпаша ву Буру-гIалахь суьдо бинчу сацаме ладугIуш. 26Стигал.2006.

Оьрсийчуьрча бахархойх ах шайн махкахой байа бакъо яла лууш бу пачхьалкхана.

Оьрсийчуьрча бахархойх ах, хьалха санна, реза бу шайн махкахь зуламхой, шайна юкъахь Iедалша экстремисташ бу боху нах а болуш, кхел еш байарна.

Цу тайпа ойланаш ю Оьрсийчоьнан махкахой, дерриг а дуьне схьаэцча адамаш дайаран кхел яр наггахь бен хуьлуш дацахь а, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Социологаша а, бакъонашларъярхоша а билгалдаккхарехь, Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а зуламхо вен кхел йон. Цигарчу бахархойх цхьана дакъа тешна ду, адам ден бакъо хилар тоьлла гIирс бу бохучух пачхьалкхехь «къепе а, кхерамазалла а» хилийта.

2016-чу шарахь кхелан сацамца байа билгалбаьхна хиллачу нехан терахь кхаа декъана лахделла. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Amnesty International бакъонашларъярхойн дуьненаюкъарчу вовшахтохараллан хIора шарахь арахоьцучу дIахаийтарна тIехь.

Бакъонашларъярхоша бинчу хаамца, стохка дерриг а дуьненехь вен кхел кхочуш йина 1032 стагана.

20 шо ду Оьрсийчохь стаг вен кхел кхочуш яр дихкина долу. 1997-чу шарахь Охан-баттахь Европан Кхеташонан декъашхо хуьлуш Оьрсийчоьнан Iедалша тIе куьг таIийра цу хьокъехь долчу документана.

Иза дара "Адамийн коьрта бакъонаш а, маршонаш а ларъярехула йолчу Конвенцин стаг вен кхел яр доьхкуш долу «Номер 6 протокол».

Амма кхоччуш стаг вен кхел дIа ца яьккхина Оьрсийчохь. Иза хьехош ю дуккха а Оьрсийчоьнан низамашкахь, дагадоуьйту «Левада-центран» социологаша.

Кху шеран Чиллан-баттахь цара таллам бира Оьрсийчуьрча бахархошна юкъахь, стаг вер хьокъехь кхел ярх лаьцна царна хетарг къастош.

Ах гергга респонденташа (44%) дIахьедар дина стаг вен кхел ярна шаьш реза ду аьлла. 32% цу талламехь дакъалаьцначу нахана хета, 1990-чу шерашкахь ма хиллара, стаг вен кхел буьззинчу барамехь юхаметтахIотто еза аьлла. Кхин 12% нах бу уггаре а луьра таIзар даран артикл лелор алсамдаккха деза аьлла хеташ.

Стаг вен кхел ярна дуьхьал ву 41% Левада-центро бинчу талламан респондент. 25% хета цкъачунна цу тайпа таIзар дарна мораторий латто еза аьлла.

Ткъа стаг вен кхел яр буьззинчу барамехь дIадаккха а деза, кхин цкъа а юха юкъадоккхур доцуш аьлла хеташ бац Оьрсийчохь 16% бахархой а бен. Кхин а 15% процент социологийн талламехь дакъалаьцна нах бисира дала жоп доцуш.

Amnesty International-о кечдинчу рапортаца а догIуш, уггаре а дукха стаг вен кхелаш кхайкхийна Китайхь - 10 эзар стаг.

Китай.

Китай.

Хьалха санна 90% цу тайпа кхелаш еш ерг ю масийтта пачхьалкх, шайна юкъахь ГIажарийчоь а, Саудийн Iаьрбийн пачхьалкх а, Пакистан а, Иракъ а, Шема а йолуш.

ГIажарийчоь - Вен кхел кхочуш яр.

ГIажарийчоь - Вен кхел кхочуш яр.

2006-чу шарахь дуьйна дуьххьара Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ яц цу пачхьалкханашна юкъахь.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG