ТIекхочийла долу линкаш

ФСИН-ан мозгIар: Набахташкара джамаIаташа бусулба дине берзабо тутмакхаш


"Покрова Пресвятой Богородицы" олучу Москох N2 йолчу (Бутырка) талламан изоляторера килсан лаккхара мозгIар протоирей Кобелев Константин синтем байна ву Оьрсийчуьрча набахташкарчу джамаIаташа лелориг бахьана долуш, хаам бо life.ru сайто.

МозгIара чIагIдарехь, цу джмамаIатийн декъашхоша бусулба дине берзош бу неоязычникаш а, скинхедаш а олу чубоьхкина нах. ДжамаIаташа пропаганда дIахьо кхоччуш цхьана а дине бирзина боцучу нахана юкъахь, аьлла хета цунна.

МозгIара чIагIдарехь, оьрсийн къомах боцу нах байина а, царна арсаш хьекхна а болчу скинхедаша радикалан ислам тIеэцна меттигаш ю набахташкахь.

life.ru хаам барехь, цу тайпа цхьа стаг колоне воьдуш сатесна хиллера бухахь шен накъостий карор бу шена аьлла. Амма кхин скинхедаш ца хилла цигахь. ТIаккха эххаре а радикалан исламан боламан декъашхо хилла цуьнах.

Амма православин мозгIар ца теша и тайпа нах баккъалла а бусулбанаш хуьлу бохучух. Цунна хетарехь, цу нахана шайн куралла коьрта ю динел а, уьш баккъалла а болу бусулбанаш бац.

XS
SM
MD
LG