ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохорна синтем байна ю Iамеркан векал ХIейли


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллехь Iамеркан даима векал йолу ХIейли Никки, Охан.17, 2017

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллехь Iамеркан даима векал йолчу ХIейли Никкис кхайкхам бина Нохчийчуьрча Iедалшка сихонца таллам бе ламастан гендеран башхалла хийцина болу нах республикехь лечкъийна, царна тIехь къизаллаш лелийна, уьш байина бохучу хаамашна аьлла.

«Нагахь иза бух болуш делахь, доцуш санна дита мегар дац иза. Бехкенаш жоьпе озо беза», - аьлла ду ХIейлин Iамеркан Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллехь йолчу векалаллан сайта тIехь зорбане даьккхийнчу дIахьедарехь.

Москох комментари ца еш дитина и дIахьедар.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG