ТIекхочийла долу линкаш

Карлаевлла Харжамашкахь Лелачу ХIилланийн Кепаш


Оьрсийчоь -- Парламентан харжамашкахь лелла харцонаш емал ен "Яблоко" партин гулам, 17ГIу2011

Оьрсийчоь -- Парламентан харжамашкахь лелла харцонаш емал ен "Яблоко" партин гулам, 17ГIу2011

Путин Владимир Кремле юхавогIийла луучу гонаша къепе талхийра харжамашкахь, чIагIдо дуьненаюкъарчу тергамхоша. Ткъа харжамийн каппаш тидамехь кхаьбначу Оьрсийчоьнан бахархоша билгалдоккху, хьалха а лелаш хиллачу хIиллан кепашна тIекхетта кхин а керла кепаш, бохуш. Харжамашкарчу харцонийн кепаш толлуш яра Маршо Радион корреспондент Бигг Клер.


Тергамхоша билгалдохучу харжамашкарчу гарзбурчаллех уггаре а даьржинарг ду гIутакхаш чу совнаха кхаьжнаш тийсар а, харжамаш чекх а бевлла, жамIаш дечу муьрехь доцу терахьаш кандидатна тIеяздар а. Иза дан тарло я харжамхойн декъо, я комиссин векалша.

Оьрсийчоьн харжамийн исторехь дукха хан ю терахьашца гIурт лелор даьржина. Дукха хьолехь комиссеша до иза, нах кхаьжнаш тесна а бевлла, дIабахча.

Европан кхерамзаллехула а, юкъарлонашкахула а йолчу комиссин монитораша тоьшалла дина, хIокху харжамашкахь кхаьжнаш багарбарца шалхенаш лийлира, ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча, хIора кхоалгIачу куьпахь, аьлла.



Цхьа нах, масситта харжамийн куьпехула кхаьжнаш а тосуш, чекхбовлар ю рогIера харцонан кеп. Оьрсаша «карусель» цIе тиллина оцу кепана. Президентан харжамаш дIабоьлхуш Москохахь а, кхечу дуккха а гIаланашкахь а бигалъевлла, автобусашкахула дIаса а хехкалуш, дуккха а каппашкахь кхаьжнаш тийсина тобанаш.

Харцонан оцу кепах лаьцна хаам бинчу гIараваьллачу блоггера Навальный Алексейс Iора яьккхина ишттачех массийтта эзар акци.



Оцу «карусель» кепехь керла технологи а юкъаелира президентан харжамаш дIабоьлхуш. ГIурт лело кечбина харжамхой, шаьш бехачу луларчу куьпара дIа а бохий, церан кара тоьшаллаш а лой, уьш кхечу каппашкахула дуккхаза а чекхбахар.

И тайпа харцонаш Iора яха а дара вуно хала. Бехачу меттигашкахь кхаж тасарх мукъаваьккхина вара кху харжамашкахь 2 миллион сов стаг.

Керлачу харцонан кепех ю хIара а – тергамхой бу аьлла кечбина зуламхой. Шаьш нийсонан терго йо а бохуш, харцонаш лело бухаховшийна нах. Ишттанаш дуккха а гучубевлла Петарбухахь а, Нижний Новгородехь а.

Яьржинчех яра харжамийн дийнахь белхашкахь болу нах балхана герггарчу куьпе кхаж таса дIаязбар, шайх цхьа шатайпа корпоративан харжамхой бар. Оцу кепо аьтто бора хьакамашна белхалошна тIеIаткъам бан, церан лаам а ца лоьруш, уьш лаххьийна харжамашка дIабига а, шайна хьаштволчу кандидатна кхаьжнаш цаьрга дIабалийта а.

Оцу кепехь белхан меттигашна гергаоьзначу харжамийн каппашка вигина заводийн, фирманийн, фабрикийн куьйгалхоша 14 миллион харжамхо. Цу кепехь харцо лелорхьама пачхьалкхерчу дуккхаъчу хьукматашкахь белхан де дина кIирандийнахь дIабахначу харжамийн дийнах.

Керла харцонан кеп яра, нах кхаьжнаш таса баьхкича, царна шайна хьалхара кхечу наха и теснийла гучудийларш. Кхечу дешнашца аьлча, кхаьжнаш лечкъор. Москохахь цхьамма зIе тоьхнера комиссин лакхарчу хьукмате, шен кхаж лачкъийна, аьлла, цул тIаьхьа цуьнан телефона чу СМС кхаьчнера, ахь тIех гIовгIа яхь, оха бекхам бийр бу хьуна, аьлла.

90 эзар харжамийн каппашка хIиттийнера веб-камераш. Амма дукхахйолчара ма-оьшшу цIена а ца гойтура каппашкара хьал. Магаданехь, масала, тоьшалла дора харжамхоша, шайн камерша гойтург де ду, арахь буьйса йоллушехь, бохуш.



Иштта ю Маршо Радион корреспондента Бигг Клерас харжамашца доьзна тидаме эцна харцонийн кепаш.
XS
SM
MD
LG