ТIекхочийла долу линкаш

Пресса маьрша хиларца Зимбабвехь санна ду Оьрсийчура хьал


Дуьне - Freedom House-ан рапорт 2012

Дуьне - Freedom House-ан рапорт 2012

Вашингтонехь туп тоьхначу Freedom House цIе йолчу вовшахтохаралло рогIера рапорт арахецна, кху дуьнентIехь пресса маьрша хиларца доьзна хьал довзуьйтуш долу. Цо дийцарехь, кху дуьнентIехь х1ора ялх стагах цхьаъ бен вац маьршачу прессах пайда эца аьтто болуш. Freedom House тобано дийцарехь, Оццула ледара хьалх хилла дацара пресса маьрша хиларца кху тIаьхьарчу 10 шарахь.


ХIора шарахь ша арахоьцучу рапорта тIехь Freedom House вовшахтохаралло маьрша хиларан мах хадийна 197 пачхьалкхехь болчу зорбанан а, телевизионийн а, радион а, интернет-зобанан гIирсийн а. Цара бухе дехкинарш дара бакъонийн а, политикан а, экономикан а хьал хIоттарш.

Freedom House-о бинчу талламца, маьрша пресса йолчу меттигашкахь бехачу нехан терахь лахделла 14 сов процентана, 1996-чу шарахь хиллачу хьолаца дуьстича.

Оцу шарахь дуьйна болийна Freedom House тобано шен талламаш.
Амма сингаттаме хаамашца цхьана, Freedom House тобанна хетарехь, синтеме хиламаш а хилира кху тIаьхьарчу хенахь. И сатийсамаш боьзна бу Iаьрбийн бIаьсте олучу Iаьрбийн пачхьалхкашкахь хьулуш болчу хийцамашаца.

Уокер Кристофер Freedom House-ан стратегихула а, анализан а вице-президент ву.
Цо дийцарехь, пресса маьрша хиларехь мехала гIулчаш яьхна Либехь а, Тунисехь, цхьадолчу декъана, Мисарехь а. Уокера дийцарехь, цуьнца цхьана цу регионерачу кхечу пачхьалкхашкахь Iедалша репрессеш йеш ю прессан векалшна тIехь.

Уокер Кристофер: Кхаа махкахь гIуллакх тадалар гира тхуна. Церах шина пачхьалкхехь Тунисехь а, Либехь а, цкъа а ца хиллачу кепара, хьал хийцаделла, пресса маьрша хуьлуш. Цу хеннахь, цу регионехь цхьамогIа пачхьалкхаш ю пресса шена тIехь къоршаме Iаткъам ловш йолу. Царах ю ГIажарийчоь а, Шема а, Бахьрейн а.

ГIажарийчоьнан цIе яьккхина Freedom House-о иза уггара вочарах а вониг ю, аьлла. Уокера дийцарехь, цу мехкан Iедалша таIзарш до интернетехь а, могIарерачу зорбанан гIирсашкахь а шайна хетарг маьршша дIаолуш болчу нахана. ГIажарийчохь санна во хьал лаьтташ ду Беларусехь а, Къилбаседа Коррейхь а, Туркменистанехь а, Узбекистанехь а.

Freedom House-о дийцарехь, цу пачхьалкхашкахь дукха къезиг бу бозуш боцу хаамийн гIирсаш. Ткъа берш Iедалшна болх беш бу. Бозуш боцу журналисташ халонаш ловш бу.

Стохка, шо чекхдолуш, Узбекистанехь, масала, финансийн бахьанаш долуш, дIачIегIира тIаьххьара Iедалех дозуш доцу «21-чу бIешаран куьйзга» цIе йолу газет. Уолкера дийцарехь, и газет дIачIагIаран бахьанаш кхин дара.

Уокер Кристофер: Газеташкахь материалаш зорбане яха, уьш яржо Узбекистанан территори тIехь цхьа а аьтто бац. Карарчу хенахь Iедалш шайн махкара информацин аре цIанйина довлуш ду, жимма а маьрша хаамаш баржо къеззиг болу аьттонаш дIабохуш. Иза чIогIа во ду и мохк кхиарна. Цо гойтуш ду пресса боккха тIеIаткъам ловш хилар могIарерачу узбекашна цкъа а гина боцу.

Евроазин регионехь пресса маьрша хиларца яккхийн проблемаш ю Эрмалойчохь а, Азербайджанехь а, Казахстанехь а, ГIиргIазойчохь а, Оьрсийчохь а, Таджикистанехь а. Уьш маьрша пресса йоцу пачхьалкхаш лоруш ю. Украина юкъахь ю маьрша пресса ю ала мегар долчу пачхьалкхашна.

Пресса маьрша хиларехь 172 меттиг дIалоцуш ю Оьрсийчоь. Цигара хьал цхьанадогIуш ду Мугабе Роберта куьйгалла дечу, Африкерачу Зимбабвехь долчуьнца.

Iамерки Цхьанатоьхна Штатахь 22-чу меттехь ю. Ткъа кху дуьнентIехь пресса уггара маьрша йолу пачхьалкхаш ю Финлянди а, Норвеги а, Швеци а.
XS
SM
MD
LG