ТIекхочийла долу линкаш

Прессо кхуллу Малхбузенехь нохчех ойла


Германи -- "Little Olympia" спортан тобанера нохчийн бераш, Берлин, 25Марс2012

Германи -- "Little Olympia" спортан тобанера нохчийн бераш, Берлин, 25Марс2012

Тахана оха шун тидаме юьллу "Адамаш, хиламаш, зама" программа. Нохчех Малхбузенерчу пачхьалкхашкахь кхоллаеллачу ойланах лаьцна ю иза.

Ткъех шо хьалха дара иза. ТIом баьлла дуьне доьхна хьийзачу нохчий хьийзачу деношкахь Чехехь Нохчийчу рицкъ хьажо дагахь араяьлла хиллера цу махкахь евзаш йолу журналист, цхьамогIа гуманитаран вошахтохараллийн жигархоша накъосталла а деш.

Уггаре а дукха цу сагIа гулдечу меттиге баьхкинарш къаной хиллера, коммунистийн Iедалш лайна болу а, оьрсийн эскарш ПрахIин юккъехь лаьттина денош дагадогIу а баккхийн зударий а, божарий а.

ГIуллакх кхиамца хилийта нохчий а кхайкхича дика хир ма дара, цаьрга шайна тIебеана бала бийцийта безара аьлла цига шена бевза мухIажираш кхайкхина хиллера цу журналисто. Нохчий сихонца баьхкина схьакхаьчнера цо билгалъяьккхинчу меттиге, цу хенахь уггаре а бахамаш болчу наха бен хохкуш йоцучу «Мерседес 600» олучу машена а хевшина….

Цул тIаьхьа дуккха а шераш девлла. Цу хенахь нохчий хьашт хилча каро хала хиллехь а, тахана нохчийн къелла яц Евробертан территори тIехь.

Ткъа тахана муха хьожу цигара бахархой вайнахе оццу Чехехь а, кхечу Малхбузерчу пачхьалкхашкахь а? И хаттар дийцаре деш кху программехь дакъалецира Чехехь евзачу цхьана компанехь доккха дарж дIалоцуш волчу Сухий Мартина а, Францерчу Страсбургехь ехачу Бакуева Луизас а, Парижера Iилманчо Вачагаев Майрбека а, Вашингтонера яхархочо Паскушева Эльзас а, Австрехь вехачу Шалиев Казбека а, ткъа иштта Норвегин вахархо волчу Маршо Радион корреспонденто Чабаев Лемас а.

ЛадогIа программе.

ХIара программа кечйинчул тIаьхьа кхечира хIара хаам. "Бангкок пост" газето дийцарехь, Тайландехь аэропорташкахь талламах чекхбаха аьлла омра делла Iедалша уйгурийн а, нохчийн а къомах болу цу махка кхаьчна нах.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG