ТIекхочийла долу линкаш

ХIун башхаллаш ю набахтешкарчу нахана юкъахь?


Оьрсийчоь -- "СадоIу хан" ю набахтехь, Архангельск,11Заз2013

Оьрсийчоь -- "СадоIу хан" ю набахтехь, Архангельск,11Заз2013

ХΙун башхалла ю набахтешкарчу тутмакхашна ечу гΙелонашний, хьакъ доллу таΙзар цунна тIехь латторний юкъахь? И хаттар лаьтта юридикан теоретикашний, мехкашкарчу политикашний юкъахь. Цхьоболчарна хетарехь, тутмакхна етташ ца хилчхьана, дика ду набахтера хьал, кхечарна хетарехь, царна дуьненара хьал довзуьтуш, набахтешкахь телевизорш ца латтор а ю гΙело.




Наггахь йолчу набахтешкахь бен чохьбохкучарна телевизорш латтош цахилар йоккха проблема хета дуьнентΙерачу цхьацца мехкийн бакъоларъярхошна.

Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гΙулакхийн министр Ιийначу Мерабишвили Иванэс – хΙинца иза набахтехь ву, Ιедалан ахчанаш а диина, шен заманахь нахана гΙелонаш а йина аьлла, бехке веш – мацалла кхайкхийна. Цо далхочу бахьанех цхьаъ ду – чохь телевизор яцар.

Мерабишвилис кхайкхийна акци йийцаре йора ша мехкан парламенто а тΙехь.

«Телевизор тутмакхна, набахтийн низамашца а ларавеш, иза дика лелаш велахь бен кхачош яц, ишттачийн декъа воьдуш министр Ιийнарг нислахь, лойла ду цунна телевизор», - дара Гуьржийчоьнан юстицин министран Цулукиани Теан жоп.

ХΙоттийна Мерабишвилин Иванэна телевизор. Йихкина хилла мацалла а яьстина цо. ТΙехьожучу белхахоша чΙагΙдо, Мерабишвилис дийнан раж а ларйо, набахтин хьакамашца оьзда а ву, бохуш.

Мерабишвилин протестца доьзна Европерчу бакъоларъярхоша юха а ойланаш йо, къиза лара догΙий-те набахтехь валлочу стагна телевизор ца ялар бохучун.

Дуьненан практика иштта ю. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино 1955-чу шарахь дуьххьара билгалдехира набахтешкахь хила деза хьелаш. Жайнеш, газеташ, хаамаш баржабе электронан гΙирсаш хила догΙу боху оцу документо. Ша а къастийна юьйцуш яц цу тΙехь телевизор.

Юха а дагадоуьйту, 1955 шарера бу и хьехам. Европан кхелан а бара дукха хан йоццуш, набахтешкахь телевизорш хилча бакъахьа хир дара бохучу маьΙнехь сацам. Амма цхьаммо а декхаре ца йо набахти тутмакхашна, лаахь а, ца лаахь а, уьш латтон.

Иванишвили дуьххьара вац телевизор бахьанехь мацалла лаьцначех. Ши шо хьалха, 9 дийнахь мацалла а кхаьбна, шена телевизорца болх бен Плейстейшн-тайниг яьккхира алссам нах байъарна набахтехь кхобучу цхьана австралийхочо.

Телевизор хьовха, кхидолу ниΙматаш бахьанехь а гΙовтту набахтешкахь тутмакхаш. Стохка, масала, 80 гергга бер дерца гоьваьллачу норвегхочо Брейвик Андерса набахти хьаькамаш декхаре бира шена дегΙан чкъор къона латтаде кремаш а, йовха кофе а латтон.

Баварехь – немцойн мохк – тутмакхаша, низамехь шайна пайде зирх а карийна, бакъо яьккхира дела денна шийла йий латтон.

...Эццахь хуьйцур вай вешан къамелан экъа. Адаман дахарехь, бен-башха а дац, иза муьлхачу хьелашкахь деха я кхобу, вайн заманахь оьшуш хΙума ю телевизор. Ю, нагахь санна кхидерг, цул хьалха догΙург ладаллал дика нисделлехь.

Телевизор яцар далхочохь буй-те, масала, иттаннаш эзаршкахь ерриг а Оьрсийчоьнан шийла мехкашкара набахтеш а йоьттина беха, аьлча а, ца болуьйтуш кхобу нохчий– тΙеман тутмакхаш?

Адамаш терра малх шена тΙе хΙуттуш а йоцчу, хΙоьттича а, иза гуш а боцчу Архангельск-махкарчу цхьана набахтехь шераш токхуш ву соьлжахо Садыков Рамзан. Цо далхочу хΙуманашна юккъехула цуьнга телевизорх дерг хетта кийрахь дог дерг хΙуттур а варий-те?





Я ладугΙур вай кхечу набахтехь ехха хан текхна а, такха дезаш а волчу бумматхочуьнга Успанов Ιимране. Цуьнан хьелаш дуй-те телевизор хилча толуш?




Шен готтачу, декъазчу хΙусаме телевизор хΙоттор дехна деношкахь Москох «Лефортово»-набахтехь кхобучу Дагестанан коьрта шахьаран селхана да а хилла, тахана шен дегΙан дола дан а воцчу Амиров СаΙида. Цунна, гуьржийн министр Ιийначу Мерабишвилина санна, телевизор елла хила а тарло.

Иштачарна набахтехь а латтайо, тутмакхийн маттахь аьлча, шатайпа «лафа». Ткъа садыковгΙар, успановгΙар цкъа а ца хилла я хир бу ала а дац я гΙалийн дай а, я министраш а. Цундела царна-м тоьа, шайн синпΙилдиг а лаьцна, набахтерчу хьакамаш шаьш хьийза ца дича а...
XS
SM
MD
LG