ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ехха хенаш текхча а, цIабаха некъ ца буьту нохчийн тутмакхашна


Набахтерчу стеган куьйгаш ду аьчган гIу тIе дехкинаю Юкъара сурт.
Набахтерчу стеган куьйгаш ду аьчган гIу тIе дехкинаю Юкъара сурт.

Нохчийчохь тIемаш боьлхуш шайн чуьра схьа а луьйцуш, терроризмана бехке бина, еххачу хенашна чубоьхкина хилла нохчийн кIенташна дуьхьал керла тешнабехк баьлла. Мукъабовлийта цхьа кIеззиг хан йиснарш юха а чохь бита питанаш леладо набахтийн хьаькамаша. Кхечу тутмакхашна аьттонаш кхийдабо, цара нохчашна дуьхьала харц тоьшаллаш тIечIагIдахь. Амма ша-берриш а ца хуьлу реза набахтин хьакамашна лаамна тIаьхьахIиттина.

Лаьцчхьана дуьйна изоляторшна чуьра ара ца бовлийтар, уггар кIеда таIзар ду, набахтийн хьаькамаша нохчийн тутмакхашна тIехь латтош дерг. Низам дохиний-ца дохийний дац чоьте оьцуш дерг. Шайгара цхьа а гIалат ца далийта гIерташ, тийна-таьIна хан а текхна, арабовла гIерта нохчийн кIентий ца тов набахтин куьйгаллина.

Деношкахь юха а Маршо радиоца зIене велира Архангельск-гIалара шога раж йолчу набахтехь хан токхуш волу Садыков Рамзан. ХIокху шеран гуьйренан юьххьехь, Гезгмашан баттахь чекхдолу цунна тоьхна хилла 11 шо. Кхечу набахтера иза Архангельскера набахте валийча, набахтин куьйгалло цуьнга нийсса дIааьлла, хьо аравер ву моьттуш делахь, бакъ дац хьуна.

Садыков: Кхузахь оперативан сервисаш белхаш муха до (дийца лууш вара со). Суна уллехь лаьтташ накъост ву и цхьаъ ваьлла бакъдерг схьааьлла. Ша тIе а кхайкхина, цара дина долу къамел дуьйцу цо.

Маршо радио: Скинхедашца Iоттабаккхам хиллачу хенахь, шегара травматан тапча схьа а яьккхина, могушаллина дай зе дарна 8 шарна чувоьллина ву, Садыков Рамзанца цхьаьна набахтехь хан токхуш волу суьйли. Ала дашна, нохчийн йоI лачкъа йина, хьийза йина, йийначул тIаьхьа салтешка лаьттах дIайоллийтинчу оьрсийн полковникана Буданов Юрийна халла итт шо туьйхира. Царах исс шо бен цо чохь а ца даьккхира.

Садыков Рамзанна мотт бахь, 8 шо токхучу суьйличунна баккхий аьттонаш бан кийча ду Архангельск-набахтин куьйгалла. Телефонехула набахтера схьа цо Маршо радиога дийцира.

Ухмачев: Сан цIе Ухмачев Багаудин ву со, Iелин кIант. Садыков Рамзанца цхьана камери чохь ву со карарчу хенахь. Архангельск-гIаларчу -цхьаъ олучу, шога режим
Цхьа ши кIира хьалха оперативан декъан хьакаман когмаетта со шена тIе кхайкхинера. Садыков Рамзанах лаьцна хоетта волавелира иза соьга. "Набахти чура араваьлча вахьабхошна тIеваха гIерташ-м вац? Лаьмнашка гIур ву-вац олий? Дуьйций?" Аса элира тIаккха, хIан-хIа, ца дуьйцу. И хIума дан дагахь вац иза, аьлла.

Цхьа шой ах шой ду со камерин чохь волу, уьйтIа волуьйтуш вац со. ПКТ олу цунах. Ша со араволуьйтур ву, гергачарца дехха цхьанакхетар хуьлуьйтур ду, совнаха тIехьа хIума а тосуьйтур ю элира, ша аьлларг аса тIечIагIдахь. Со кхин изолятор чу вуллуьйтур вац а элира, ара ма веллина, иза вахьабхойх кхетта, тIом бан дагахь ву аса алахь. Со реза ца хилира. ТIаккха 15 дийнахь-бусий суна ШИЗО елира. Селхана араваьлла со-кх цу чуьра. Кхин дIа а и тайпа хIума лелон мега цара суна тIехь. 15 денний-буьйсанний дуккхаза а чувуллур ву.

Маршо радио: Хьайна кхин а луьра таIзар дахь хIур дийр ду ахьа, аьлла хаьттича, Ухмачевс тIетуьйхира.

Ухмачев: Соьга муха дийцалур ду сайн махкахочунна харцдерг? Доцург муха кхуллур ду? Цул сов цхьа шой ах шой ду тхойшиъ цхьаний кхузахь волу.
Со воцург а, кхин а карор-м ву царна кху кертахь цунна тIе доцург кхолла. Иза вевзаш кIезиг нах бу ба-м.
Ца луучарна тIеIаткъам бахь, хIуъа тIечIагIдийр ду. 15 дийнахь изолятор чохь Iе цхьанне ца лаьа. Цигахь серло йоцчу новкъа ю, тIуьна ю, шийла ю.

Маршо радио: Садыков Рамзан воцург, кхин а дуккха а нохчийн кIентий бу набахтешкахь оцу харцонех Iитталуш. Ехха хенаш токхуш, цара мелла а вовше зIенаш а тесна тайп-тайпанчу набахтешкара нохчашца. Цара дийцарехь, царна массарна а шайна цIадерза, шайн доьзалех цхьаькхета лаьа.

Амма, цигахь а дуьхьалонаш ю. ГIаттамах дIакхета кийча ницкъаш лору уьш Нохчийчура Iедалша. Набахтера цIавирзинчул тIаьхьа цамгарх вала ца кхиънарг, Iедалша тIекхайккхинчуьра тIепаза вайна.
Шайн бакъонаш ларъян цхьа организаци кхолла дага-м ца деана шуна аьлла, Маршо радионо Садыков Рамзане хаттар делча, цо вела а велла, элира.

Садыков: Дага ца деана. ХIунда ца деана? И бакъонийн организацеш юй, ерш? Царна юккъера нах бойуш, журналисташ а тIаьхь, шайна луъург лелош Iаш болу уьш, цхьана кепара дуьненах эхь ца ца хеташ лелаш болчу наха тхоьга, чохь даьхкинчу нахега хIун организаци кхоллуьйтур яра? Терроризмана бехке дина чудоьхкина тхо хилча хIете вете а. Байа кечбинчу нехан цIейозанна юкъа кхиссина ду тхо.

Маршо радио: Цхьа дика хьалха а даьлла, Садыков Рамзанан ша вехачу Соьлжа-эвла цIавоьдийла хилахь, цуьнан юха а гуттар бехказавийла дезар ду оьрсийн а, цунна муьтIахь долчу Нохчийчура а Iедалшна хьалха. ХIун хаьа, бехк боцуш, шен дахаран 11 шо луьрачу набахтешкахь хIунда даьккхийтинера шега аьлла, иза кхеле валахь? Хьанна хаьа, цу кхелехь бакъдерг толийта лаам болу цхьаъ мукъа а суьдхо нислахь?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG