ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чайка къелхьаравала гIерташ ву аьлла хета Браудерна


Hermitage Capital олучу инвестицин фондан куьйгалхочо Браудер Уильяма дIахьедар дина ша дакъа цалаьцна Оьрсийчоьнан инарлан прокуроран Чайка Юрийн доьзалхойх лаьцна Навальный Алексейн коррупцица къийсам латточу Фондо бинчу талламехь аьлла. Амма цу фондо бинчу белхан боккха мах хадийна цо.

Чайка Юрийс хьалхо дIахьедар динера Браудер Iамеркин коьртачу талламан урхаллан агент ву, Оьрсийчоь йохо Iалашо йолуш леррина операци дIахьош волу аьлла. Чайкас шех лаьцна дуьйцург хьераваьллачу стага а дуьйцур дац аьлла хета Британерчу бизнесхочунна. ХIума лачкъош лаьцна волчу стага кIелхаьрвала гIерташ лелочух тер аду аьлла хета Браудерна Оьрсийчоьнан инарлан прокуроро Чайкас дуьйцург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG