ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чайка Юрий: Iедал лардийр ду цунах йоцчу организацех


Iедалх йоцу организацеш шогачу Iуьналле эца еза пачхьалкхехь, аьлла дIахьедина кхаарийдийнахь Оьрсийчуьрчу прокурорашка инарла прокуратуран гIантдас Чайка Юрийс. Цара «низам дохош хьал деача, тIаIзар дуьззина дан деза, уьш кхелехула дIасахоьцучу даллалц», аьлла Чайкас. Прокуратурано кхушара хуьлучу парламентан харжамашна беш кечам бу иза, аьлла хета тергамчашна.

Цл совнаха, Iедалх йоцу организацешна тIехьожучу урхаллийн болх а талла беза цара тайIзарш ма-доггIу луьра дойла хьожуш, аьлла инарла прокуроро. Юьйцурш ю массо кепара адамийн бюакъонаш тергоен, адаман дахар аттачу даккха гIодеш йолу йозуш йоцу цхьаьнакхетараллаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG