ТIекхочийла долу линкаш

Прокуроран "дикаллих" ца кхета нохчий


Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан прокуратуран неIарехь, Соьлж-ГIала, 01ГIа2012

Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан прокуратуран неIарехь, Соьлж-ГIала, 01ГIа2012

Нохчийчоьнан прокуратура лаккхарчу сийлаллехь ю Оьрсийчоьнан Ιедалшна хьалхахь. Цо массо а агΙор тергонехь латтайо мехкан дахаран агΙонаш, могΙарчу нахалахь лела харцонаш. Бакъду, Ιедалан ницкъашкара юьйлучу харцонашна хьалха и гΙорасиз хилар а далхадо бакъоларъярхоша. Делахь а, коьрта прокурор Савин Михаилан хьукматана нах реза ца хила ду дукха хΙуманаш.


Шен куьйга кIелхьарчу урхаллин болх юкъараллина дIабовзуьйтуш, интернет-сайт а йолуш, махкахь низам гал ца долуьйтуш, къахьоьгуш ю Нохчийчохь инарла прокуратура мехкан а, кхин а лакхарчу а хьаькамашка ладоьгIча .

ТIебогIучу лахьанан баттахь диъ шо кхочу Нохчийчоьнан прокуратуран коьртехь Савчин Михаил волу. Лаккхарчу корматаллица адамийн бакъонаш а, низамаш а лардарна, аьлла, мехкан куьйгалхочун сацамца «Нохчийчоьнна гIуллакх дарна» цIе йолу мидал елла цунна. Ишта кIадо йоцуш, бахархойн а, мехкан а дуьхьа хьанала къахьоьгуш, даккхий гIуллакхаш листарна, елла Савчинна уггаре еза ларалуш йолу Кадыров Ахьмадан цIарх орден а.

Лаа дац, гарехь, мел кIезиг хIума а кхузахь низамхойн тергамза дуьсуш цахилар. Курчалойн кIоштахь, масала, цара само яр бахьанехь Iорадаьлла цигарчу коьртачу дарбанан цIийнехь могIарерчу нехан "кIоршаме" бакъонаш талхор: белхахоша лазарне баьхкинчу нахана тIедожош хилла чоьхьабовлуш когатуду бахилаш олу чIурам тIоьрмигаш эцар. И кхачамбацар дIадаккхар тIедожийна коьртачу лоьрана, ткъа куьг бехке ши белхахо мукъаваьккхина (я яьккхина). Уьш муьлш бу дуьйцуш дац. Схьахетарехь, цара шайггара шайна са яккха юхкуш хилла цкъа когатуду хIуманаш, дарбанан цIийнан хьаькамашна хууш хIума а доцуш.

5 сом а, туьма а мехаш а болуш, цу кепара чIурам тIоьрмигех йина «мачаш», цхьанне а къайле а йоцуш, хецна юхкуш ю дукхахдолчу дарбанан цIийнашкахь. Цу декъехь ма йоккха харцо-ледарло гучуяьккхина прокуратуро, бохуш, цхьа беламе хIума санна тIеоьцу цхьаболчара Курчалойн кIоштахь низамхошна Iорадаьлларг.

Эца оьшург-м тергоне а ца оьцу цхьаммо а. Цуьрриг къайле йина хIума а доцуш, карахь лоьрийн полис олу кехат делахь а, дацахь а, цомгашчуьнга токхамаш бойту Нохчийчохь лоьраша - лазархо этIо везахь, цунна молханаш эца дезахь а,бен-башхалла а йоцуш. Ткъа и санна йолу харцонаш прокуратуран белхахошна гуш яц, цхьа ца гича а хIумма а доцу кIадбоццург бен.

Кху муьрехь, масала, иттаннашкахь, ткъаннашкахь суьдешка кхуьйлуш бу Нохчийчохь хьехархой а, лоьраш а. Бахьана - цIахь ягочу газана а, тоькана а Iедална йогIу ял охьайилла, бохуш, тIеIаткъам бар. И хьал, чIагIлахь бен, маллуш дац.

Оьрсийчохь болх беш низам ду ярташкахь къахьоьгучу хьехархошна маьхаза ток, ягориг хилийтар билгалдоккхуш. Масала, и низам, №3266-1 ноьмар а йолуш, Оьрсийчоьнан Iедало тIаьххьара карладаьккхина 1992 шеран Товбеца-беттан 10-чу дийнахь. Кхидерг доцуш, цу тIехь 55-чу артикло боху, ярташкахь бехачу хьехархошна маьхаза ягориг а, ток а латто еза, ишта маьхаза чохь Iа хIусамаш хилийта а еза.

И низамаш дан а доцуш санна, хьийзош бу тахана Нохчийчохь хьехархой, ца йогIу ял охьайиллар тIедожош.

«Хьажал кхуза, - боху Теркйистерчу цхьана хьехархочо, - со школехь болх беш волу 35 шо ду. Соьга кху беттан 16-чу дийнахь суьде кхойкхуш хIара кехат даийтина Алхалаева А. цIе йолчу суьдхочо. 149 эзар 536,67 сом ахча охьадилла бохуш хьийзош ву со. Ткъа низамо соьга и ма дилла боху. Амма кхара охьадилла боху, шаьаш иза тIаьхьа юхалур ду, боху. Юхалуш хилича, ас стенна ло иза? Я мичара дала деза ас и ахча, иттех эзар алапа оьцуш Iаш волчу?

Оцу хьехархочо дийцарехь, цуьнан школерчу шинга изза газ бахьнехь суьдехь дов а хаьттина, цара толам а баьккхина. ТIаккха а, юх-юха а тIекхуьйлуш бу керла-керла хьехархой , цо дийцарехь. Цунна тоьшалла дора цуьнан карахь долчу суьдера даийтинчу кехато а.

МогIарера бахархой ца кхетарг, прокуратуро стенна могуьйту ишта харцонаш бохург ду. Цунна ца го, боцу бехк тIе а теIош а, суьдешка дIаийзош болу хьехархой, бохуш, хеттаре буьйлу хьехархой шаьш а.
XS
SM
MD
LG