ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пушкин вина 215 шо кхаьчна


Оьрсийчоь -- Оьрсийн поэтана Пушкинан монумент.
Оьрсийчоь -- Оьрсийн поэтана Пушкинан монумент.

Оьрсийчохь шуьйра билгалдоккхуш ду гоьваьлла байтанча Пушкин Александр вина де. Хаамийн гIирсашкахь цуьнан дийцарал сов кхоллараллин лехамехь болчеран гонехь йийцаре еш ю цуьнан лийр йоцу байташ, цуьнан ирташ, хIиттош ю исбаьхьаллин филмаш.

Пушкин исбаьхьаллин дешан къайле яьстина, и дош лепийтарехь инзаречу лакхене кхаьчна байтанча. Цу хьокъехь сан къамел хилла Пушкинан ирташ гочйинчу яздархочуьнца Хатаев Хьусайнца. Адам санна цуьнан мах хадош долийра цо шен вистхилар.

Хатаев Хьусайн: «Нагахь санна пушкинан адам санна мах хадош хилча, цуьнан цхьацца кхачамабацарш хааделла. Масала цо полякаш гIевттина а болуш, цо цхьанга кехат яздо цхьана хьенехе: » Цу полякий-м легаш Iийда дезара Мицкевич Адамин къа ду-кх». И Адам цуьнан доттагI хилла. Кхечанхьа цо Ермолов вазвеш язйина манифест санна хIума ю цуьнан… Суна шалхалла а хааелла цуьнца.

Цо боху ша маршо хестаяр бахьнехь Оьрсийчохь дехачу къаьмнаша охьавуьллур а вац ша. Цо байт а язйина «херцаршна-хьакълагIашна тIехь дIаязйийр ю вайн цIерш бохуш. Маршонна тIера и байтанча хилла аьлчи ас масал даладо Байрон. Кхечеран маршо хьошуш Iедалехь болчарна хастамаш беш, тIехIиттина вац Байрон. Мелхо иза кхечеран маршо ларьеш туркошна дуьхьал леташ, вела-кх…

Пушкинах юьхьша бохучу маьIнехь аьлчи, ша оьрсийн байтанча хиларна гIехьчул гIайгIане а волуш, ша кхечу къоман хиллехь шен сий-ларам дика бийр бара бохуш арз-леткъам беш а хилла иза. ТIаккха а оцу оьрсийн маттана ваьцца стаг ву иза. Цкъа ца хиллачу кепара оьрсийн ойла шорьеш, лакхаяьккхина цо… Оьрсийн дог-ойла чIога гIаттийна стаг а ву иза.Оьрсийн мотт тобеш , хазбеш, табеш ца моьттачу кепе дIабигна-кх цуо»

Хатаевс Пушкинан дукха байташ гочйина.

Хатаев Хьусайн: «Иза меттан а, оьрсийн литературан лакхе яьккхина говзанча хиларна цуьнгара масал эца йиш хилча, тхан матте цуьнан ирташ яхаелча, тхан тхайн маттах дашар хуьлу. Иза тоьшалла а ду тхайн маттахь цуьнан санна чаккхенаш ловзуш а йолуш, классика барамаш а ларбеш, цуьнан санна мукъам болуш хIума язлой хиъча, тхуна мел маьIне ду иза. ТIаккха тхуна тхайн мотт дош а хета, беза а хета, цецдовлуш хIума а хуьлу».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG