ТIекхочийла долу линкаш

Путинца Германехьчул кIеда бацара нах Голландехь а


Голланди - Путинна резабоцчийн гуламехь, 08Оха2013

Голланди - Путинна резабоцчийн гуламехь, 08Оха2013

Европерчу шина пачхьалкхе - Германе, Голланде - вахана цΙехьавирзина Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Германехь визит макхйинарг бухарчу нехан протестан гуламаш а хуьлуш, Фемен-тобанера мехкарий, берзина а буьйлуш, хьешана маьттазчу дешнашца чуидинехь, Голландехь цунна товш доцу хеттарш делира бехарчу политикаша а, журналисташа а. Шинхьарчу а бахархоша иштта гайтира шаьш Путинан политикан хадабе мах.



Кхушарлера Нидерландийн, Оьрсийчоьнан доттагIаллин шо дIакхайкхийна ду, хIора пачхьалкхехь вукхуьнан культурана а, Iилманна а лерина цхьанакхетарш дIахьур долуш. И шо дIадолорехь дакъалацар яра Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран голландхойн махка вахаран Iалашо. Амма цул совнаха цхьамогIа шена томехь доцу хеттарш листа а дийзира цуьнан цигахь.

Царех цхьаъ дара Оьрсийчохь, Москохарчу Болотная урамехь дуьхьалонан митингехь дакъалацарна шен петарчохь Iедалхоша лехамаш бинчул тIаьхьа, лаца а лаьцна, шена таIзарш дарх кхера а велла, ведда Нидерландашка дIа а вахана, цигахь тховкIело ехна хиллачу Долматов Александран гIуллакх. Хууш ма-хиллара, иза масех бутт хьалха Роттердамерчу мухIажарийн лагерехь ша-шена тоьхна велла карийнера.

Цхьаболчарна хетарехь, иза ша Нидерландийн Iедало, тховкIело а ца луш, юха а Оьрсийчу дIахьажавахь, цигахь къайлахчу сервисан белхахоша я кхечу Iедалан векалша вуьйр хиларх я набахте вуллург хиларх кхера а велла, дина хила там бу. Адамийн бакъонашларъярхошна хетарехь, Путинан политикан а, цуьнан урхаллин а, оппозицин жигархой халкъан а, пачхьалкхан а мостагIий лоруш, уьш хьийзош йолчу амалан закъалт лара догIу хеназа кхелхина волу Долматов.

Иштта Оьрсийчоьнан президентан дийцаре дан дийзира 2008 -чу шарахь оьрсийн-гуьржийн тIамехь вийначу голландхойн телеоператоран Стан Сторимансан гIуллакх а. Иза гуьржийн Гори-гIалахь вийнера, герз а кхетта. Цуьнан валар теллинчу Нидерландийн арахьарчу гIуллакхийн министраллин векало хIеттахь дIахьедар дира, Сториманс Оьрсийчоьнан кассетийн бомбанийн хIоьънаша вийна, аьлла.

Амма Оьрсийчоьнан агIоно иза, даима ишттачу хьелашкахь ша деш ма-хиллара, дацаре дира, шаьш кассетийн бомбанаш леллане а лелош яц, аьлла. Ткъа, доллу дуьне а теш долуш, оьрсийн эскарша шинна а тIамехь Нохчийчохь дуккхаъ шерашкахь шуьйра лелош яра и бомбанаш, эзарнаш нах боъуш а, чевнаш еш а.

ХIинца а, шена цунах лаьцна хууш хIума дац, аьлла, кIелхьара велира Путин Владимир. Бакъду, шен Iедалехь, ша вуно чIогIа цу гIуллакхе хьожур ву, аьлла, тоьшаллаш дира цо, Москоха цIа ма вирзинехь, ша толлур ду и хIума, аьлла. „Шун коллегаша болх беш, уьш тергалбеш хуьлу со, царах кхоьруш детталучу дагца. Царна доIанаш до ас“, - элира Оьрсийчоьнан президента, ша Iедале веъчхьана цкъа а ца байъинчу кепара журналисташ шен махкахь байина хилар ца хьахадеш а дуьтуш.

Иштта Нидерландашкахь Оьрсийчоьнан президента йийцаре ца йича ца йолуш хиллачех цхьа тема яра шайх ЛГБТ-тобанаш олучу нехан дуьхьалонан акци. Уьш Путин Владимир голландхойн премьер-министрца Рютте Маркаца цхьанакхетачу кхерчана хьалхахь гулбеллера, бес-бесарчу басаршца къарздина, маьттаздаьхна Путинан сарташ карахь а долуш, шайн хьежамийн пропаганда Оьрсийчохь йоьхкуш долу низам тIеэца Iедалхой гIерташ хиларна дуьхьало ян.

Цу хьокъехь Оьрсийчоьнан президенто элира, цу нехан бакъонаш шен пачхьалкхахь цхьанна а кепара хьоьшуш яц, аьлла. Ткъа журналисташа оршот дийнахь Германехь шена хьалха берзина бевллачу „Фемен“ тобанерчу мехкарех лаьцна хаьттича, иза забар ян гIоьртира, ма дика ду, кхузахь ЛГБТ-тобанхой мукъане а берзина бовла ца гIоьртина, аьлла.

Кхузахь хьахон догIу, Германехь Путин Владимирний, Меркел Ангелиний хьалха, нийсса церан меракIела кхаччалц улле а гIуртуш, шайн рогIера маьттаза акци дIаяхьана долу „Фемен“ тобанера зудабераш немцойн махкахь набахте дохка а сахьт дац, аьлла.

Немцойн низамашца, Германехь нахана хьалхахь кхечу пачхьалкхан куьйгалхо сийсазвинчунна я доккха гIуда тоха догIу, я кхо шо хан тоха догIу. Цу тIехула тIе, нагахь санна цу куьйгалхочунна иза сийсазвечо харц цIе а кхоьллинехь, тIаккха цунна пхи шо тоха а тарло.

И бохург ду, немцойн кхелехь Путин, цу мехкарша чIагIдеш ма-хиллара, диктатор вац аьлла, сацам бахь. Амма немцойн кхел - иза Басманийн кхел ца хиларна, и кхерам Украинерчу „дивчинашна“ бац аьлла хета.

Кхин цхьаъ гIовгIа яьржина Путин Владимир Голланде вахар бахьана долуш. Меттигерчу хаамийн гIирсаша коста даржийна, цуьнан шина йоIах цхьаъ, 27 шо долу Мария Путина Нидерландашкарчу Вортсхотен-гIалахь шен везарца Iаш ю, аьлла. И йолчу хIотта дагахь ву Оьрсийчоьнан президент, бохуш, яздо журналисташа.

Даима а шен шина йоIах долу хаарш къайленехь латточу Путинна уггаре а гомачех хIума ду цаьрца доьзнарг гIардалар. Цундела хила мега цуьнан пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс сихонца и кост дацаре дар, цхьа а бух болуш къамел дац иза, аьлла.

ХIетте а шинарий дийнахь а голландхойн газеташкахь ур-аттала Путинан йоI Мария ехаш йолу цIа ду бохучу гIишлонан сарташ а тIехь зорбане дохуш ду.
XS
SM
MD
LG