ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путине Луговой схьавехна Кэмерона


Британи -- Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхийтира Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид Лондонехь,02Марс2012
Британи -- Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхийтира Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид Лондонехь,02Марс2012

Еарин дийнахь официалаy йоцучу визитаца шайн махка веанчу Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхийтира Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид. Цо юха а айира Луговой шайга схьаваларх лаьцна долу хаттар. Британин Литвиненкон гIуллаккхехула йолу позици хийца ца елла элира Кэмерон Дэвида.


Цу хеннахь Британин юстицин министро Кларк Кеннета хаттар дина Оьрсийчоьнан ФСБ-н белахахо хилла волу Литвиненко Александр верах долчу гIуллакхехь духе кхууьш волчу коренер-суьдхочуьнга Радклифф Ширлига, цу гIулкхана дойуш долу ахча бахьана долуш.

Радклиффе яздинчу кехат тIехь Кларка дехар дина, мелла а шуьйра хаам бе, Литвиненко вер толлуш дойур долчу ахчанах лаций аьлла. Цу ахчан барам хила мегаш бу 4 миллион фунт.

Цу гIуллакхана кхоччуш духе кхиар хьокъехь сацам бира Британин Iедалша 2011-чу шарахь ГIадужу-баттахь. Iедало шена тIеийцира цунна финансаш ялар, цу процессана юкъаозийна йолчу Лондонан еъа кIоштана гIо дар Iалашонца.

2000-чу шарахь Оьрсийчура дIавахана волу, Британин Iедалша шайн махкахо хила бакъо елла волу ФСБ-н хилла волу белхахо Литвиненко Александр вийра, дIовш а малийна, 2006-чу шарахь Лахьан-беттахь.

Британин Iедалш хаам бира цунна малийнарг полоний-210 олуш долу, наггахь а бен карош доцу, радиоктиван дIовш хилла аьлла. Кларк Кеннета дийцарехь, Британин Iедалш хало хьоьгуш ду ахчанца. Цундела цо жимбан мега цу гIуллакхана хьажош долчу ахчанан барам.

Литвиненко Александран 43 шо дара, Лондонерчу Millennium Hotel-ехь бар чохь 2006-чу шарахь Лахьан-беттан 1-чу дийнахь цо молуш хиллачу чайх дIовш тоьхначу хенахь. Цуьнца цу бар чохь цхьаьнакхетнарш бара ФСБ-н эпсарш хилла болу Луговой Андрей а, Ковтун Дмитрий а.

Уьш дIасабевллачул тIаьхьа уьш мичча бахача а цара ларш юьтуш хиллера полоний-210 олучу дIаьвшан. Ткъа Литвиненко оццу дийнахь гIелвала волавелира. Иза велира Лахьан-беттан 23-чу дийнахь.

Цу хенахь сих-сиха Маршо Радионна интервьюш а, комментариш а луш хилара Литвиненко. Шена хилларг хIун ду дика кхеташ вацара иза дарбан цIийнехь ша вочу хьолехь Iуьллуш волуш. Литвиненкос ша валале 10 де хьалха иштта элира шен могшаллах лаьцна.

Литвиненко Александр: «Дера ву со дарбан цIийнехь. Со вочу хьолехь а ву дарбанан цIийнехь. Вочу хьолехь!.. ХIун хилла хууш дац хIинца а»

Амма кхин а цхьа кIира даьлча Литвиненко кхийтира шена дIовш малийна хиларах.

Литвиненко Александр: «Со кара а вина, цхьана стага элира шегахь Политковская Анна йийна болчу нахах лаьцна информаци ю аьлла. Соьца цхьаьнакхета лууш вара иза. Иза ГIура-беттан 1-чу дийнахь дара. Со цуьнца цхьаьнакхийтира. Тхойшиъ ресторанехь хиина Iийра. Цо и кехаташ соьга схьаделира. Со цIа вахара, ткъа масех сахьт даьлча суна во хилира. Суна вуно чIогIа дIовш даьлла. ХIинца дарбан цIийнехь ву со».

Кхин а 3 де даьлча лоьраш тийсалуш а болуш велира Литвиненко Александр. Цуьнах лаьцна журналисташка хаам бира Лондоне кхаьчна волчу цуьнан дас Литвиненко Вальтера.

Литвиненко Вальтер: «Селхана бохам беана соьга. Сан къант велла. Иза кхелхина жимчу зарратан бомбанах. Иза дукха жима хиларна, гуш а ца хилла».

Британин талламан сервисо, Скотленд-ярдо хаам бира шаьш Литвиненко верна коьрта шеко йолу стаг лоруш ву Луговой Андрей аьлла. Амма тIаьхьо и стаг Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат хьаржира Жириновскийн партин цIарах. Ткъа Москох реза ца хилира иза Британин Iедалийн кара дIавала.

Луговойс тIе ца дуьту ша и зулам дина бохург
XS
SM
MD
LG