ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нормандера политика


Франци -- Нормандера даздарш гойтучу телевизионан экранан тIера сурт, Ман 6, 2014
Франци -- Нормандера даздарш гойтучу телевизионан экранан тIера сурт, Ман 6, 2014

Францерчу Норманди лаьттахь шозлагIа Дуьненан тIом дIабаларна леринчу даздаршкахь шийло тIеэцна Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.

БерхIитта пачхьалкхан куьйгалхо ву Франце даздаршка веана. Европера хилла ца Iаш, Цхьанатоьхначу Штаташкара а, Канадера а, Австралера а, Керлачу Зеландера а баьхкина бу уьш. Цу массо а пачхьалкхера салтий бара I944 шарахь Нормандихь ХIитлерна дуьхьал Малхбузера Фронт схьайоьллуш цу лаьттахь охьадисинчу эскаршна юккъехь.

ШозлагIчу дуьненан тIеман уггаре а къизачех а, халачех а тIемаш лаьттина йолчу цу Малхбузенан фронтехь коалицино толам баккхаро, доккхачу декъехь, фашистийн Германи эшар а, тIамех толар а билгалдаьккхира. ХIетахьлерачу Советийн эскарш цу коалицин декъа ца хиллехь а, - уьш кхечу фронташкахь тIемаш беш хиларна а, - амма цу кепарчу даздаршкахь Оьрсийчоьнан президенто дакъалацар Iадат ду, шозлагIчу Дуьненан тIамехь толам баьккхинчу пачхьалкхех цхьаннан куьйгалхочуо санна.

Амма хIинцалерчу даздарийн коьрта хилам я къиза тIеман тийсаларш а, я кIеззиг бен ца бисинчу ветеранийн царех болу дагалецамаш а бац. Я юьйцу ца хезначу кеппара еари сарахь Францехь стигалйахийтина хилла фейерверкаш а яц. Коьрта интрига – иза Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Норманди вар а, цунна кхечу пачхьалкхийн куьйгалхоша дина хьошалла а ду.

Кху тIаьхьарчу масех дийнахь Малхбузера хаамийн гIирсаш пал туьйсуш бара, Путин Владимир муха тIеоьцур те Европин а, Цхьанатоьхначу Штатийн а президенташа? Джи - 7 тобан саммите юккъе ца витина волу Оьрсийчоьнан президент Норманди а ца вуьтуш Iойла ца гинера цхьаболчу Малхбузенан куьйгалхошна, уггаре а хьалха хьешадена Олланд Франсуан.

Цуо ша Кремлан гIентан да кхайкхар бакъдеш элира, цкъа делахь, и хьошалгIа кхайкхар Украинина гуонахьара кризис йолаялле дахьийтина дара. Ткъа, шозлагIа делахь, ша диц ца до, шозлагIчу Дуьненан тIамехь миллионаш Оьрсийчоьнан салтий эгна хилар, аьлла.

Бакъду, цхьа могIа тергамхошна а, журналисташна а дукха гIийла кийтарло хета Францин президенто йинарг. Стешхалла санна лерина дукхахболчу Европерчу хаамийн гIирсаша Олланда цхьана сарахь Цхьанатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президенташца пхьор даар, и шиъ вовшашна ца гайта цкъа хьалха гIулчаш а яьхна.

„Массарна а товш хила луу нускал“, „Шина ловзаргехь хелхавала гIертарг“, „Принципаш хIун ю ца хуу стаг“, „Юьйцу а ца хезна аппетит йерг“ - иштта ю пIераскан дийнахь дуьненан прессехь арайийлинчу артиклашкахь Олланд Франсуан тихкина цIераш.

Амма Францин президент ша цхьаъ вац Путинца Нормандихь цхьаьнакхеттарг. Британин премьер-министран Кэмерон Дэвидан а хилира Оьрсийчоьнан президентаца цхьаьнакхеттар. Бакъду, Олланд санна чу ваьржина, шен тIекарло гайта ца гIиртира иза. Мелхо а, Украинин хьокъехь къамел дархьама Путинца гина волчу Кэмерона цуьнга ур-аттала куьг а ца делира.

Ма -дарра аьлча, еари дийнахь Брюсселехь Джи - 7 саммитехь бина болу сацамаш Оьрсийчоьнан президенте дIабовзийтар яра цу цхьаьнакхеттаран Iалашо. Иза Кэмерона дан а дира, шен Кремлан гIентан деца йолу херо хьул ян а ца гIерташ.

Венерчу Малхбалера Европин институтан Iилман белхахо волчу политологна Чапханов Русланна хетарехь, и цхьаьнакхетар, - хIинцалца схьа шина пачхьалкхан куьйгалхойн цхьаьнакхетар самукъадаьлла саламаш даларца а, марветтавалрца а долалуш хилла долу, сел шийла хилар цхьа а шалхалла йоцу сигнал ю, Малхбузено Кремлан куьйгалхочунна луш.

Чапханов Руслан: „Олланд Путин цхьаьнакхетар цхьа а мехалла йолуш хIума дац. Джи-7 тобан саммитехь церан хилла болу барт муха бу? Оьрсийчоьнна бутт хан елла цара, Украинехь керла хаьржина волу президент Порошенко Петр къобалван а, шайн кхайлаха а, гучуха а Донбассера эскарш арадаха а. Иза ца дахь, бакхйолу санкцеш йийр ю шаьш Оьрсийчоьнна дуьхьал боху цара.

Путинца цхьаьнакхетале Олланд Обамица вовшахкхеттера. Обамас цуьнга дIаала аьлла йолу месседж а, Кэмерона цуьнга дIакхачийна долу хабар а цхьаъ ду – аш лелочунна тхо реза дац, и шуьга лелайойтур а яц бохург.“

Францехь Оьрсийчоьнан президентан иштта Германин канцлерца Меркел Ангелица а цхьаьнакхетар хилира. Цу шиннан къамел гочдархой, пресс-секретараш бен декъа а боцуш, къайлаха дIадаьхьнехь а, амма кхеташ ду, башха да воккха вен хIума Путин Владимирна цигахь а хезна хир доцийла. Иза кхеташ ду, хьалхарчу дийнахь Меркелс Оьрсийчоьнна дуьхьал экономикан санкцеш йохург хиларх шеко яц, цу пачхьалкхо Украинера питанаш совца ца дахь аьлла дIахьедар дар тидаме эцча. „Тхаш куьйгаш деха ду, Европа-континента тIехь маршонаш а, бакъонаш а ларйарх гIуллакх хьакхалуш делахь“, - элира цуо.

Хьалхехьуо „Маршо“ радионо хьахийна ма-хиллара, Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака Путин Владимир Нормандихь тергалвийр вац.
Азимова Сийлаха
XS
SM
MD
LG