ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь хиллачу тIематасадаларна комментари йина Путина


Ле Пен Марин а (Marine Le Pen), Путин Владимир а.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Францин президентан харжамашкахь кандидат йолчу Ле Пен Маринца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь комментарий йина Нохчийчохь Росгвардин декъанна тIелатар дар хьокъехь. Иза «беза хилам бу» аьлла цо. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло.

Цу агенталло даладо Путинан дешнаш: «Тахана Къилбаседа Кавказехь, Нохчийчохь тхуна а хилла беза хилам. Террорхоша тIелатар дина тхан Къоман гвардин цхьана декъанна".

Оьрсийчоьнан президенто дIахьедар дина, терроризмаца къийсам латтош ницкъаш цхьаьнатоха беза аьлла.

Хьалхо, оха хаам бина ма хиллара, Новр-гIалахь хиллачу тIематасадаларехь вийна 6 эскархо а, ткаъ иштта кхелхина тIелатар дина 6 тIемало а. Кхин а кхоъ эскархо чевнаш хилла ву.

XS
SM
MD
LG