ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депардьёх кхаьрдаш бу Малхбузера зорбан гIирсаш


Францера актер Депардьё Жерар Мордовин коьртачу гIалахь Саранскехь аэропортехь гойтуш ву шен Оьрсийчоьнан паспорт, 06Деч2013
Францера актер Депардьё Жерар Мордовин коьртачу гIалахь Саранскехь аэропортехь гойтуш ву шен Оьрсийчоьнан паспорт, 06Деч2013

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владмира, хууш ма-хиллара, шайн паспорт делла Францин Iедалшна оьгIаз ваханчу Депардё Жерарна. Кху деношкахь и шен дахарехь хилла хийцам базбеш ву актер шен керлачу махкахь. Ткъа цу хеннахьОьрсийчохь бакъйолу демократи карийначу Депардьёх кхаьрдаш бу Малхбузера зорбанан гIирсаш.

ХIан-хIа. И дешнаш Депардье Жерарх лаьцна аьлла дац. Артист а, дуьннена а вевзаш волу кхаьркъамийлархо а иза велахь а. Олуш ма-хиллара, цхьаболу артисташ а, цхьаболу къаьркъамалархой а Соьлжа-гIала „Марша догIийла шу!“ аьлла, дIакхойкхуш бу, кхечарна цигахь „артист хилар“ тIехтохаме лоруш делахь а. Депардьена, масала, артисталла сийлалле лору Соьлжа-гIалахь а.

Шена Оьрсийчоьнан президенто цу пачхьалкхан олалла даларх дукха гIадвахана волу Депардье Жерар Оьрсийчоьне болу безам а, шен цу махкаца йолу уьйраш а, президенте Путине болу ларам а бийцина а ца волу. „Суна дукхе дукха еза Оьрсийчоь, шун адамаш, шу истори, шун яздархой!“ - бохуш яздинера цуо шена оьрсийн паспорт деллачул тIаьхьа цхьана лериначу схьадиллинчу кехатехь.

ЦIеххьана цу кепарчу синхьаамашкахь совваьллачу жухIаргин исбаьхьаллин говзанчас дийцира, ша Францин президенте Олланд Франсуага дIахаийтина, шена Путина везар а, Путинна ша везар а, аьлла. „Ас Олланде элира, Оьрсийчоь - иза бакъйолу демократи ю.

Цу пачхьалкхехь премьер-министро шен вахархочух декъаза, я гIийла, я пайдабоцу стаг эр дац цкъа а“, - аьлла яздира цуо шен Твиттер -агIонна тIехь, даханчу шеран гIура баттахь ша Францехь ясакх ца ялархьама Белге ведда дIавахча, Францин премьер-министро шен лелар декъаз ду аларна нундохуш.

ХIетахь дуьйна Франци-пачхаьлкхан олалла охьадилла араваьлла волу Депардье, лоьхуш санна, карийра и тайпа популистийн гIулчаш вуно хазахеташ волчу Путинна, оцу сохьта ша артистана Оьрсийчоьнан олалла лур ду аьлла дIакхайкхинчу.
Амма ур-аталла Путин а хьалхарниг вацара, ясакхех ведда цIеххьана оппозиционер хилла волу Депардье Оьрсийчу кхайкхинарг.

Уггаре а хьалха цунна тховкIело кховдийнарг шен артисташца йолчу башхачу юкъаметтигашца гIарваьлла волу Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вара. Депардье Iер-вахарна керла меттиг лохуш ву бохург хаамийн гIирсашкахь даьржашшехь цуо дIахьедар дира, артист ша Нохчийчохь вуно даккхийчу сийдаршца тIеоьцур вара, иза резахилахьара, аьлла элира республикан куьйгалхочо хIетахь, масех бутт хьалха ша вина де, я вуьшта, официала аьлча, Соьлжа-гIалин де даздеш ша волчехь хьошалгIахь а хилла, шегара комаьрша совгIаташ а эцна, цIехьа вирзинчу Депардьен хьокъехь.

Ткъа хIинца-м Соьлжа-гIала хилла ца Iаш, ерриге а Оьрсийчоь а ясакхах вадархочунна Депардьена когашка йилина Оьрсийчоьнан президенто. „Дика ду Оьрсийчохь“, - яздо керла ваьллачу Путинан махкахочо интернетехь. Амма бакъ ду, яллане а ясакх ца луш иза вуьсур ву бохург бакъ дац, ясакхаш яла ма - еззара дIа ца еллера бохучу бахьанца Путинс шерашкахь набахтехь валлочу Ходорковскин кхоллам шена юхакарлабаккха ца лаахь.

Бакъду, и тутмакхан кхоллам Путинна дуьхьал аз айдиначарний бен ца кхочуш хиларна, ткха Депардье хIинцале а Оьрсийчоьнан президентан мотт хьекхна халчу хIоьттина хиларна, там бу цунна и саннарг ца хила а. ХIетте а, дукхаъчу тергамхошна хетарехь, цу хьолехь шен дахаран уггаре а кхардаме рол ловзош верг Депардье ву, Путин вац.

„Путин-м шен Iедалехь циникаллин ловзар дIахьош ву, - бохуш яздон немцойн Франкфуртер альгемайне цайтунгехь. - Ткъа а цу ловзарехь ша шех жIухIарг йинарг Депардье ву“, - аьлла. Газетано карладоккху, артистан доттагIашна юккъехь Узбекистанан президентан йоI Гульнара Каримова а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а хилар а, тIаьхьарчун винчу денна леринчу тойнехь, схьахетарехь, дикка кеп хиллачу Депардьес „Сий хуьлда Кадыровн!“ бохуш цIогIа диттина хилар а.
Иштта кхин башха гIадбахна дукхах болу Оьрсийчоьнан бахархойн а бац шайн керлачу махкахочух, бохуш яздо Зюддойче Цайтунгехь.

„Депардьех Оьсрийчоьнан вахархо хиллийла хиинчул тIахьа интренет-машанехь сарташ даьржира, цу хIуманна дуьхьало ян арабевллачу нехан. Цара айъинчу плакаташна тIехь яздина ду, „Тхо мел лакхара а ясакх яла кийча дара, тхуна Францин олалла лахь“, - бохуш. Ткъа Путинан гергара хьаша волчу режиссеро Говорухин Станислава гуттар а дIахадийра цу хьокъехь долу къамел, „Кхин цхьаъ а къаркъан кад тIекхийти-кх хIинца“, - аьлла“.

Иштта яздо немцойн Зюддойче Цатунгехь, нагахь санна, Депардьена ша царь Путинан къайлахчу хIусамашка чу вуьтур ву моттахь, иза гIалат ву, цунна Оьрсийчохь кечйина рол, мел лакхара а, Путинан пачхьалкхан театрехь циркехь нах белочу мокхачу ченан рол ю, аьлла, тIе а тухуш.

Амма Путинан пачхаьлкхан театрехь жухIаргалла лелон кийча верг цхьаъ хилла ца Iа Францин цIеяхханчу артисташна юккъехь. Кху деношкахь Бардо Брижита а дIахьедар дина, ша а ойла еш ю, Оьрсийчоьнан олалла тIеэцнехь хIун дара теша, бохуш.

Цхьана хенахь хазаллин эталон хилла, ткъа хIинца, къаналлехь, дийнатийн бакъонашкахь къийсарца гIараяьллачу Бардос билгалдаьккхира, Путин Владимирна акхарой а, дийнаташ а дукхадеза, цундела ша иза президент волчу махка дIаяха там бу, аьлла.

Дийнаташка гIодаккхархочо ца хьахийра амма, акхарой сел дукхаезаш волу Путин адамаш башха дезарехь гIараваьлла ца хилар я Путинан омрица биначу тIемашкахь Къилбаседа Кавказехь Нохчийчохь бIеннаш эзарнаш адамаш дайъина хилар а, нахана тахана а къиза таIзарш деш хилар а.

Кхетачух тера дац къена мацахлера исбьахьаллин символ, Путинна ша а, Депардье а рогIера дийнат я гIаргIулин „стерх“ олу тайп, я хиллане а хи бухара цо хьалаяккхина йолу шира кхаба санна бен, кхин мехала ца хилар. Цу стерхашна а, цу кхабанаш а санна, цуьнан популистийн ловзаршкахь цхьа декъазчу статистийн рол шайга кхаьчнарг хиларх а.
XS
SM
MD
LG