ТIекхочийла долу линкаш

Москохан Iаткъам гайта Юккъерчу Малхбале вахана Путин


Путин Владимир ву Вифлеемехь ша тIелоцучу церемонехь берашца лаьтташ, 27Ман2012

Путин Владимир ву Вифлеемехь ша тIелоцучу церемонехь берашца лаьтташ, 27Ман2012

Шемара кризис а, ГIажарийчоьнан заррат программа а яра Путинан а, Нетаньяхун а дагадовларшкахь коьртачех. Делахь а, оцу хаттаршкахула Оьрсийчоьнера кхоччуш жоп ца хезна Израилна. Оццу хенахь, экономикан уьйрашна цунах цхьа а зе хир дац.

Мангал беттан 25-чу дийнахь, оьрсийн президент Путин Владимир Израиле веана. Иза цига вара Официал кхайкхина бахьана, Израилера Натанья олу гIалахь дуьненан боккха шолгIачу тIамехь, Германин дуьхьал тIом беш белла Совет эскархошна лерина хIоллам богIа веана ву аьлла кхайкхийна ду. Офизиал доцу бахьанаш милла тIаьхьа кхиира волуш ду, Оьрсийнчоьно Шемарчу Iедалехьа а, ГIажарийчоьгахьа лелош йолу политика евзича.

Израил - Путин (юккъехь) жуьгташа дехарш дечу пенна уллехь, Байтал-Къуддус, 26Ман2012

Израил - Путин (юккъехь) жуьгташа дехарш дечу пенна уллехь, Байтал-Къуддус, 26Ман2012

Израилан Iедало дукха емал дина Оьрсийн Iедал хIокху тIаьхьарчу шерашкахь. Наха дуьйцург а, Израил Iедалан хетарг дуьйцуш хIара къамел до Израилехьа вехаш волчу журналисто ГIоше Фоада.

ГIоше: "Иза Совет эскарехь дуьненан боккха тIамехь беллачийн хIоллам хIотто вогIуш ву Израилера Натанья гIалахь. Амма шолгIа бахьна, оьрсийн юккъера малхбалера политика юкъахь бойла дIахаийта веана, хIунда аьлча, хIокху тIаьххьаралерчу хенахь дукха емалдо оьрсийн Iедал меттигерчу Iедалаш а наха а, гIаттамхошна дуьхьал Шемарчу Iедалехьа а цхьаьнакхетта къаьмнийн организацинна дуьхьал ГIажарийчоьгахьа оьрсийн Iедал долу дела.

Ткъа шайн Iедал емал дарах оьрсийн Iедал шек доцийла дIахаийта веана Путин. Путин Израиле вогIу аьлча, наха байар саца ца до Шемарчу Iедалехьа а, атом герз дан гIерташ йолу ГIажарийчоьгахь волу Путин Израиле варна шаьш реза ца хилара кхайкхийра меттигера бахархош зорбан хьостанашкахул.

Цу бахьанехь, Израилан коьрта министр, НатаньяхIу Биньямин, Путинан юххе ца велира Натанья гIалахь хIоллам хIотточохь. Цуьнан метта, хIумма политика бакъонаш йоцу, Израилан прездент Перез Шимон вара Путинан дуьхал веана. Бакъду, Израилан коьрта министр, Натаньяху ког лазийна вара. Цунах бахьна дина, Путинца шайн цIахь цхьаьна кхийтира иза, дуьхьал ца воьдуш, цхьа а зорбан хьоста тIе а ца юьтуш."

Маршо радио: ГIоше Фоад, Израилехь бехаш болу Iаьрбех ву, журналистан болх беш.

Урдун -- шен сий деш хlоттийначу бедуинийн гlаролан уллехь чекхволуш ву Путин, 26Ман2012

Урдун -- шен сий деш хlоттийначу бедуинийн гlаролан уллехь чекхволуш ву Путин, 26Ман2012

Мангал беттан 26-чу дийнахь Палестине вахана, Палестинан куьйгалхо, Iаббас Махьмуд юххехь волуш Оьрсийн култура центр дIаеллар йолуш ю Путина. Цул тIаьхьа, Урдунан махка вогIур ву Путин Урдунан паччахь Iабдалла дуьхьал волуш.

Путин Урдуне варан бахьана, Урдунехьа йолу Iиса пайхмара хих ваьккхина, Керст наха хьажалла до, Ал-магIтас олу меттигахь, Оьрсеш гIо лоцуш, йина Ортодокс килс елла вогIуш ву бохуш дуьйцу официал хаамаша. Бакир Абдулхьамид, маршо радион леран, юккъера малхбалера.
XS
SM
MD
LG