ТIекхочийла долу линкаш

ХIун ТIаьхье Хир ю Путин Юха а Президент ХIоттаран?


Оьрсийчоь -- Зуда хIуманаш оьцуш ю Москох Путин Владимиран сурт хьалхарчу агIонна тIехь долу журнал коре хIоттийначу киоскехь,05Заз2012

Оьрсийчоь -- Зуда хIуманаш оьцуш ю Москох Путин Владимиран сурт хьалхарчу агIонна тIехь долу журнал коре хIоттийначу киоскехь,05Заз2012

КхоалгIа а президентан даржехь Кремле юхавирзина Путин Владимир. И бахьана долуш хаттар кхоллало, цо хIун даре ладегIа деза хIинца, олий. Маршо Радион корреспонденто Уитмор Брайана интервью йина "The Economist" олучу хIора кIирнах Британехь арадолучу журналан корреспондентца, «Iехор: Шпионаш а, Пуьташ а. Муха Лейо Оьрсийчоьно Малхбузе» цIе йолчу книган авторца Лукас Эдвардаца.


Маршо Радио: Хила мега,аьлла, хеташ ма-хиллара Путин Владимира кхин цкъа а толам баьккхина президентан харжамашкахь. Амма оппозици реза яц цу гIулкхана. КхидIа хIун хир ду, аьлла, хета хьуна?

Лукас Эдвард: Суна хетарехь, Путина тоьлла цхьана тIемантасадаларехь, амма иза эшна берриг а тIамехь. ТIамехь иза эшаран ши агIо ю. Президентан харжамийн кампани дIайоьдуш цу дийра ду баьхна долу хIуманаш далур долуш дац.

Мехкадаьттан черман мах 110 доллар а болуш, цуьнга далур дац цо дийр ду баьхнарг. Цундела цуьнан агIончийн дог дера ду цунах.

Иза эшна тIамехь, хIунда аьлча, цуьнан аьтто бац дуьхьалонан акцишкахь дакъа лоцуш болу нах тешо, Оьрсийчохь модернизаци а, маьрша политикан система а кхуллуш ю бохучух.

Маршо Радио: Путин юха а президентан дарже дIахIоьттича хIун хир ду, аьлла, хета хьуна Оьрсийчоьнан а, Малхбузен а юкъаметтигашкахь?

Лукас Эдвард: Суна хетарехь, Малхбузено къасто дезаш долу хаттар ду, Путина харжамийн кампани дIахьуш шозза, цкъа «Лужники» стадионехь а, юха «Московские новости» газета тIехь а Малхбузенна дуьхьала хьажийна дийцина долу хIуманаш харжамхойн лергашна хьажийна дара, я уьш баккъалла а цуьнан ойланаш ю бохург.

Маршо Радио: Хьуна хIун дара, аьлла, хета иза?

Лукас Эдвард: Суна иза цунна хетарг ду, аьлла хета, Медведев куьйгаллехь волуш дIадаьлла долу. Суна хетарехь, иза кхийтира 2007-чу а, 2008-чу а шерашкахь, мелла а къеда хила веза бохучух.

Медведевс иза дика дира. Цундела Iамеркица юкъаметтигаш юхадIанисяр санна долу хIуманашка кхача аьтто белира цуьнан.
Амма, суна хетарехь, Путинна хеташ дерг Малхбузенна дуьхьала ду.

Цу тайпа къамелаш до цо Малхбузенна тIеIаткъам бан гIерташ, 2004-чу шарахь Бесланехь бохам хиллачулла тIаьхьа ша ма-дарра. Суна хетарехь, тIейогIучу хенахь вайна и тайпа хIуманаш алсам гур ду, кIезиг гур дац.

Маршо Радио: Оьрсийчурча элитан декъашхоша, масала, финансийн министр хилла волу Кудрин Алексей санна болчу наха билгалдоккху Путин реформаш ца йича вер ца хилар, шайна юкъахь мехкадаьттанах йозуш йолу экономика кхечу новкъа яккхар а, маьрша политикан система кхоллар а долуш. Иза хир ду, аьлла, хетий хьуна?

Лукас Эдвард: Нагахь иза баккъалла а реформаш ян лууш хиллехь цуьнан иза дан 8 шо дара. Доза доцуш ахча а дара цуьнан. Амма цо реформаш ца йира.

Цул сов, кхин а 4 шо даьккхира цо мел къеззиг а реформаш ян йеза, бохучу, нахаца. Амма иза ца хилира. Цундела суна хала ду ала иза хIинца хир ду, аьлла.

Маршо Радио: ХIун гича аьтто хир бу вайн Путин муьлхачу агIор дIайига гIерташ ву пачхьалкх бохучунна тIаьхьакхиа?

Лукас Эдвард: Жим-тIама хIун хуьлуш ду, бохург, ган аьтто хир бу вайн министрийн кабинет кхуллуш. Я хьалхалера динозавраш хир бу цигахь, я либерал ву, аьлла, хеталуш волу Кудрин Алексей санна болу нах хир бу цигахь.

Амма баккъалла а болу къийсам кирхьана тIехьа дIабоьдуш хир бу. ХIунда аьлча, Путинна гонах болчу нахана, я цунна тIехьа лаьтташ болчу нахана къордо а мега ша-дерриг а.

Цара цхьа шен кепара пачхьалкхан бахам лечкъон машен кхоьллина, иттаннаш миллиардаш долларш царна дохьуш йолу. И машен сацийта лууш бац уьш.

Маршо Радио: Кхин новкъарлонаш ю, аьлла, хетий хьуна реформаш ярна?

Лукас Эдвард: Кхузахь коьртаниг ду муьлхха а реформаш дIахьуш низам коьрта хилар а, маьрша информаци лелар хилар а.

Нагахь пачхьалкхехь и ши хIума дIанислахь Путине а, цуьнан гоне а цаьрна жоп дала хала долу хаттарш лур ду.

Оццула хьал долуш муха хилла шу, аьлла, хоттур ду. Мича хьажош ду ахча, хьа байина махкахь нах, бохург, хоттур ду.

Маршо Радио: Оьрсийчура элита екъаелла ю, реформех лаьцна долчу хаттарехь а, Iедалшна тIеIаткъам бан гIертарехь а. Цуьнан тIаьхьалонаш муха хир ю?

Лукас Эдвард: Элита цигахь даиман а яра екъаелла. Цигахь даиман а бара цакхетамаш. Элита жимма тера ю берзалойн ардангах.

Берзалоша вовшашна ка детта, амма хьалха яьлла йоьдучу берзана тIаьххье дIайоьлху уьш. Ткъа хIинца куьйгалхо къена а, тишвелла а ву. ХIинца берзалой тIаьхьакхиа гIерташ ю шайх цхьаъ коьрта хила гIортахь иза муха хир ду бохучунна, во-м хир дац-те иза шена, бохуш.

Иштта вовше дIасатеттар даиман а хуьлуш ду, амма хIинца иза жигара даьлла, Путин гIийла гуш хилар бахьана долуш.
XS
SM
MD
LG