ТIекхочийла долу линкаш

Путина куьг таIийна "боберийн" низамна


Оьрсийчоь -- Новгородерчу боберийн хIусамехь еха жима йоI, 19ГIур2012

Оьрсийчоь -- Новгородерчу боберийн хIусамехь еха жима йоI, 19ГIур2012

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира куьг таIийна Iамеркехь тIеэцначу «Магнитский Сергейн низамна» жоп луш Оьрсийчоьнан парламенто тIеэцначу низамна. Цу низамца а догIуш, Iамеркахошна доьхкуш ду Оьрсийчура бераш шайн доьзалшка эцар. Ткъа иштта болх бан магош дац Iамеркан паспорт долу белхахой болчу Iедалшца йоьзна йоцучу организацишна.

ПIерскана дийнахь Путин Владимира цу низамна тIе куьг таIийна хиларх лаьцна хаам бира Кремлан зорбанан сервисо. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владмиран зорбанан секретаро Песков Дмитрийс бинчу хаамца, хIинца иза болх бан долалур ду 2013-чу шарахь Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйна.

Путин Владимира Еарин дийнахь дIахьедар динера, шена цхьа а бахьана ца го и низам тIе ца чIагIдан аьлла. Хьалха а вара Оьрсийчоьнан президент Iамеркехь тIеэцначу «Магнитскийн актанна» дуьхьал шайн жоп дала деза шаьш бохуш. Амма боберин низам Пачхьалкхан Думо кечдина бохуш чIагIдора цо. Делахь а журналисташна а, эксперташна а хетарехь, иза кечдинарг ю президентан администраци.

Буберашна дуьхьа йолу артикл йоцург цу низаман тIехь ду «Магнитский актана» делла долу жоп. Вуьшта аьлча, Оьрсийчоьнан Iедалша шайн махка бахка визанаш а лур яц, шайн пачхьалкхерчу банкашкара чоьташ дIа а къовлур ю, бахамах пайда эцар а доьхкур ду Оьрсийчура бахархойн бакъонаш талхош бу аьлла, шайна хетачу Iамеркерчу Iедалхошна.

Цул сов, Путина куьг таIийначу низамца а догIуш, Оьрсийчохь болх бан бакъо хир яц Iамерко ахча лучу Iедалшца йоьзнчу организацийн. Иштта доьхкуш ду Iамеркан паспорт долу нах болчу организацишна Оьрсийчохь болх бар а.

«Антимагнитскийн» аьлла цIе тиллинчу Оьрсийчохь тIеэцначу низамо баккхийн къийсамаш лелхийтина цу махкарчу юкъараллехь. Оьрсийчоьнан социалан хаттаршкахула йолчу вице-премьеро Голодец Ольгас леррина кехат яздинера Путин Владимире, цу тIе куьг ма таIадахьара аьлла дехар деш.

Цул хьалха цу низамна критика йира Оьрсийчоьнан кхаа министро, ша аьлча арахьарачу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс а, дешаран а, Iилманан а министро Ливанов Дмитрийс а, ткъа иштта схьадиллина долчу Iедалан хаттаршкахула волчу министро Абызов Михаила а.

Амма цу хьокъехь комментари еш, Путин Владимиран зорбанан секретаро Песков Дмитрийс дIахьедар дира дукхах болу министрш реза бу цу низамна аьлла.
XS
SM
MD
LG