ТIекхочийла долу линкаш

КхоазлагIа а президент хIоьттина Путин Владимир


Оьрсийчоь -- Президент дарже хIуттуш волу Путин Владимир а, цу даржера дIаволуш волу Медведев Дмитрий а Кремлехь инаугурацехь, 07Стиг2012

Оьрсийчоь -- Президент дарже хIуттуш волу Путин Владимир а, цу даржера дIаволуш волу Медведев Дмитрий а Кремлехь инаугурацехь, 07Стиг2012

Москох, Кремлан Доккхачу ЦΙа чохь дΙабаьхьна ши бутт хьалха Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь толам баьккхинчу Путин Владимирна тажтилларан барам. Диъ шо даьллачул тΙаьхьа юха а, кхоазлагΙа, Кремлан коьрте кхаьчна иза, амма хΙинца шен даржехь Ιан низамо цунна кхачош ду 6 шо.


Путин Владимира кхоазлагIа а президент дIахIуттуш чIагIо йира, Оьрсийчоьнан конституцина тIе куьг а диллина.

Путин Владимир: Аса чIагIо йо Оьрсийчоьнан Федерацин президентан декхарш кхочуш деш, лара а лара, лар а ян бакъонаш а, маьршонаш а адаман а, махкахочуьнан а.

Медведев Дмитрийгара керла хаьржина волчу президенте бакъонаш дIаяла ийшира 8 минот. Инаугураци еш йолу церемони дIаяьхира, ондда кхерамазалла ларйеш а йолуш. Иза йолаелира дийнахь 12 сахьт даьлча. Путинан машенийн ковр Кремле еара, наггахь а бен схьадоьллуш доцучу, Спасские олучу кевнехула.




Кремле кхайкхинчу хьешашна юкъахь вара Путинца президентан дарж къовсуш хилла волу 4 кандидат а, Советан пачхьалкхан президент хилла волу Горбачев Михаил а, Италин премьер-министр хилла волу Берлускони Сильвио а, Ельцин Борисах йисина йолу Ельцина Наина а.

Медведевс шен вист хиларехь баркалла элира 4 шарахь президентан даржехь шена болх беш гIо динчу нахана. Путин зеделларг долу политик ву, бохуш, вара иза.

Медведев Дмитрий: Со хазахеташ ву тахана президент Путин Владимир Владимирович хIуттур хиларна, вайн пачхьалкхан дукхах болчу махкахоша гIортор еш волу зеделларг долу стаг, доьналла долу кьуйгалхо.

Путина, ша чIагIо йинчул тIаьхьа дош делира демократи кхиор а ю ша, адамийн бакъонаш лар а йийр ю ша, аьлла.

Путин президентан дарже дIахIуттучу хенахь цкъа а ца хиллачу кепара дукха полицин белхахой бара Москох юккъехь. Оьрсийчоьнан коьртачу гIалахь оцу миноташкахь дIайоьлхуш яра дуьхьалонан акциш.

Путинан кхоалагIа хан - набахтехь йоккху хан, бохуш, кхайкхамаш бора цара.

Оьрсийчоьнан чоьхьарачу гIуллакхийн министраллан Москох урхаллан векалша бинчу хаамца, 120 стаг дIалаьцна гIалин юккъехь, бакъо а йоцуш, пикет дIаяхьа гIоьртина, аьлла. Царна юкъахь вара ПАРНАС олучу партин куьйгалхойх цхьаъ волу Немцов Борис а, вевзаш волу бакъонашларярхо Пономарев Лев а, кхиберш а. ТIаьххьара болчу хаамашца, и нах дIахецна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG