ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна дуьхьал «КIайн Албом» арахецна оьрсийн эшаршлакхархоша


Оьрсийчоь -- "КIайн Албоман" хьалхара агIо, 11Манг2012
Оьрсийчоь -- "КIайн Албоман" хьалхара агIо, 11Манг2012

Путинан Iедалан рожанна духьал хьажийначу эшарийн альбом арахецна оьрсийн эшаршлакхархоша а, композиторша а интернетехь. Цуьнан Iалашо ю махкахь боьдучу Iедалшна духьала болчу боламанна гIортор яр.


«КIайн Албом» це йолчу цу проектана юкъахь ю 230 сов йиш. Уьш локхуш бу бевзаш болу а, кхолламаллин а 12 шарахь яхъеллачу Путинан Iедалан рожо къад бина болу эашаршлакхархой

Кху беттан 12-чу дийнахь, иттаннаш эзарнаш наха дакъа а лоцуш, митинг хиллачул тIаьхьа Оьрсийчурчу оппозицино цхьана ханна сацийна Москох митингаш дIаяхьар. РогIера дуьхьалонан акци вовшахтоха дагахь бу уьш гуьйринна ГIадужу-баттахь.

Амма иза дац Путин Владимиран Iедалан рожанна реза боцу нах дIатийна Iан дагахь бу бохург. Оьрсийчурчу бахархошна юкъахь дуьхьалонан цIе гIел ца ялийта, Путинан Iедална дуьхьала хьажийна йолчу эшарийн албом арахецна цара интернетехь.

Цуьнан цIе ю «КIайн Албом». Путинан Iедалан раж емал еш йолу, 230 йишах лаьтташ йолу, албом каро аьтто бу publicpost.ru олучу инетрнет сайт тIехь.

http://publicpost.ru/infographic/id/27/#13]

Цуьнан коьртачу агIон тIехь ду дуьхьалонан боламан симбол – кIайн лента.

Оьрсийчура цхьамогIа бевзаш болу яздархой а, сурташдахкархой а, байтанчаш а бу Путинна дуьхьал болчу боламехь жигара дакъалоцуш. Ткъа «КIайн Албоман» автор волчу Липинский Александра а, Шумов Василийс а дийцарехь, хIинццалц цу гIуллакхана юьстах лаьтташ бара эшаршлакхархой. «КIайн Албом» арахецар и кхачамбацар дIанисдар ду аьлла, хета Липинскийна.

Липинский: «КIайн Албомо» кхоччуш дIайоккхуш ю и къайдарг. Култура, къаьсттина музыка, Iалашо йолуш ю юкъараллехь йолу социалан климат мелла а ден ян. Цо меттах йоху адамийн дика амалш».

Шевчук Юрий ДДТ цIе йолчу эшаршлакхархойн тобан куьйгалхо ву. Иза вевзаш ву зеделларг долу оппозицин жигархо санна. Липинский Александра а, Шумов Василийс а кечйинчу албомана юкъахь ю цуьнан «Маршо, я маршо цахилар» цIе йолу йиш.

«КIайн албомана» юкъахь йолчу эшарийн чулацам гойтуш ю хIара кийсакаш. Цу юкъахь ю Собчак Ксенияс а, Парфенов Леонида а, Троицкий Артемийс а кхин болчу а Путинан Iедалан рожанна реза боцучу бевзаш болчу наха локхуш йолу эшарш.

Карарчу хенахь цу проектан авторш ахча гулдеш бу «КIайн Албом» диск тIехь арахеца.
XS
SM
MD
LG