ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан эксперташ: Путинца юкъаметтигаш лело хала ду


Оьрсийчоь -- Кремлехь министрийн кабинетан шорйинчу кхеташоне воьдуш ву Путин Владмир, 31Деч2013

Оьрсийчоь -- Кремлехь министрийн кабинетан шорйинчу кхеташоне воьдуш ву Путин Владмир, 31Деч2013

Iамеркан президентан Обама Баракан администрацино сацам бина шен Оьрсийчоьнца йолчу юкъаметтигийн бух хийца. Цуьнан бахьана ду Медведевн метта президентан гIаьнта Путин Владимир хиина хилар.

Иштта ойла йолуш ду Цхьаьнатоьхначу Штаташкара Brookings институтан Iилманан ши белхахо ХIилл Фиона а, Гедди Клиффорд а. Цершинан «Мистер Путин: Кремлера оперативхо» цIе йолу жайна кечдеш ду зорба тоха.

Эксперташа ХIилл Фионас а, Гедди Клиффорда а яздина жайна зорбане дер ду Чиллан-беттан 6-чу дийнахь. Цу тIехь цу шина Iилманчо толлуш ду кху тIаьхьарчу 12 шарахь Оьрсийчоьнан коьртехь лаьтташ волчу Путин Владимиран дахар.

ХIилл Фионас а, Гедди Клиффорда а хьехар до Къайчу ЦIенна цкъа дуьххьара Путин мила ву хьажа а, цунна луург талла а деза бохуш.

Политикаш а, эксперташ а цакхеташ дерг ду Путинан тайп-тайпана имиджаш хилар. Цкъа иза хуьлу вай "боевик" олучу кинон турпалхо, тIаккха цунах хуьлу луьра автократ, иштта дIа кхин а бохуш, дуьйцу «Мистер Путин: Кремлера оперативхо» жайнан авторша.

Авторийн шайн верси ю. Царна хетарехь, «Путин, шена бахам гулбина ца Iаш, Оьрсийчоьнан пачхьалкх онда хилийта лаарна тIехь лаьтташ ву». ХIинца Путин Оьрсийчоь чIагIъеш ву чоьхьар дуьйна. Цо кхайкхамаш бо шайн бахархошка патриоташ хиларе. Путина хестабо шайн историн орамаш а, ламастан мехала дерг а.

ХIилл Фионина а, Гедди Клиффордна хетарехь, Путинан 2013-чу шарахь йолу уггаре а коьрта Iалашо ю Оьрсийчоь арахьа хуьлуш долчух мелла а ларъяр. Церан хьиспехь Путинан догдогIуш хIума дац «махкал арахьара хуьлу авантюраш, къаьстина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташца конфронтаци латтор".

Бакъду, Путин дуьхьал ву Iамерко Шемаца а, ГIажарийчоьнца дIахьош йолчу политикана. Амма авторшна хетарехь, цуьнан бахьана Оьрсийчоьнан президент Iамерканна дуьхьал хилар дац. Путинна кху дуьнентIера хьал цхьанаэшшара латтийта лаьа.

Путинна луург ду, цхьа а декхарш а, тIедилларш а доцуш Оьрсийчоь йитар, иза шен евразин регионехь дIатебна Iар, хала хенаш токхуш йолчу Малхбузенца интеграци а ца еш аьлла, хета ХIилл Фионина а, Гедди Клиффордна.

Цара дийцарехь, Путин тешо гIерташ ву Малхбузера политикаш царна Оьрсийчоь алсам оьшуш хиларх, Оьрсийчоьнна Малхбузе оьшучул а.

Путинах лаьцначу жайнан авторша дийцарехь, и дерриг а бахьана долуш Вашингтонан аьтто хир бац Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнца мехала берташ бан. Царна хетарехь, Путин реза хир волу барт балур бац цхьана а администраце: «Москох реза хир ю Iамеркан дахар халоне ца даккха, нагахь Цхьаьнатоьхна Штаташ реза хилахь Оьрсийчохь адамийн бакъонаш йохорна тидам а ца беш дита».

«Мистер Путин: Кремлера оперативхо» жайнан авторша варе до цхьа хIума. Иза ду Путинна Iамерка шайн чохьарчу гIуллакхашна юкъагIерташ ю аьлла хетар.

Авторша билгалдаккхарехь, шена хетарг дIакхачош Путин ца соцу цхьана а хIуманна хьалха. Цунна тоьшалла ду дукха хан йоццуш цо Iамеркахошна дехкар шайн бобераш шайн доьзалшка эцар.

Путинца юкъаметтигаш лело хала ду, цунна хаа шена оьшург хIун ду, жамI до эксперташа.
XS
SM
MD
LG