ТIекхочийла долу линкаш

Путин Емалво Интернетерчу Видеогайтамаша


Оьрсийчоь--Бутусов Вячеслав; оьрсийн иллиалархо, 24ГIу2008

Оьрсийчоь--Бутусов Вячеслав; оьрсийн иллиалархо, 24ГIу2008

ДIадахначу шеран тΙаьххьарчу беттанашкахь, къаьсттина цигахь хиллачу парламентан харжамийн хатΙо, леллачу харцонаша нах меттахбаьхначул тΙаьхьа дукха видеогайтамаш кхоьллина Оьрсийчохь интернетах пайдаоьцучу могΙарчу бахархоша а, журналисташа а пачхьалкхан дай емал беш. Путин Владимир ву дукхахйолчу сайташкахула баьржинчу гайтамийн «турпал».


Интернето дерриг цивилан дуьне дΙалоцучу хенахь цунах пайда кIезиг оьцучу пачхьалкхех яра Оьрсийчоь. И сурт хийца гΙерташ дикка къа а хьийгира, масала, Оьрсийчоьнан цкъачунна къона ларалучу президента Медведев Дмитрийс. Цуьнан лаамца яржо йолийра интернет школашкахь а, хьукматашкахь а. Ша а вара иза хьалхе дуьйна а цунна чухула шен твиттер-агIо лелош.

Харжамаш чекхбевллачу деношкахь резабоцу оьрсий гΙаранашка бевлира. Къаьсттина аьрзнаш дора наха интернетехула вовшашца латточу уьйрашкахь. Оцу юкъа а воьлла, харжамаш цΙена дΙабаьхьна, харцо ю царна дуьхьал къамелаш дар, яздира оцу шен твиттер тΙехь президента. Эццахь карзахбевлира Москохара а, кхечу гΙаланашкара а нах, интернетах пайда оьцу интеллигенци. Цара емал ван волийна Медведев Дмитрий тΙепаза вайра интернетера цул тΙаьхьа, хаалуш вац оцу хенахь дуьйна схьа хΙинца а.

Амма нах уггаре а дарбинарг дара Путин Владимира харжамашна резабоцуш шаьш Москохарчу майданашка кхойкхучу оппозицин лидершка, суна тΙеюьйла бандерлогаш, аьлла, уьш маймалийн могΙара бахкар а, цо резабоцчийн кΙайн цуьргашна кхин а там боцу цΙе тиллар а - эвхьазалло яржочу цамгарх зуда, борша стаг ларлуш, цара лелаечу коьчалех и цуьргаш дΙатардича.

Гуш ма-хиллара, Путинан а, цуьнан гонан а шайн некъаш бу резабоцурш дΙалакъон - Ιедалан мукъ бу церан карахь, цара цунах пайда а оьцу кест-кеста. Ткъа цунна а, цуьнан куйьгалаллин шога кепашна а дуьхьалболчара интернетах алссам пайда оьцу хΙинца.

Деношкахь баржийна интернет-мазанехула Путин Владимирна, и даржера дΙаваьлла зама тΙееъначух тар а дина, кхел ен сурт хΙоттаде видеогайтам. Телевизионехула репортаж ю гойтуш, и бакъдерг долуш санна, Путине дов хоттучу кхелера.



Эшаршкахь къаьсттина гезвоху оьрсаша Путин Владимир. Алсам яьржинчех ю «Хьерадевллачу тхан цΙийно кхаьжнаш тосу Путинна» цΙе йолу «Рабфак»-тобано лоькху йиш.

«Рабфак» цхьалха яц Путин Владимир емалвен эшарш лоькхучохь, тайп-тайпана видеогайтамаш Ютубе а, кхечу интернетан сайташ тΙе а йохучу кху муьрехь.

Бакъду, юха а президентан гΙента хаа гΙертачу, цхьаболчара «къоман лидер» шех олуш волчу Путина юкъ-кара гойту, ша оцу хΙуманех вешаш воцийла. Ткъа ца хууш хуьлийл-м дац цунна, дуккхаъчу Ιаьрбан пачхьалкхашкахь стохка а, лурчаха а хилла революцеш кечйинарг интернет юйла...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG