ТIекхочийла долу линкаш

Путина а, ЭрдохIана а барт бина шайн юкъаметтигаш тоян


ЭрдохIан Реджеп а (аьрро), Путин Владимира а комбосурт.

ЭрдохIан Реджеп а (аьрро), Путин Владимира а комбосурт.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а, Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа а телефонехула барт бина цхьаьнакхета. Цунах лаьцна хаам бина Туркойчоьнан куьйгалхочуьнан сайт тIехь.

Тукройчоьнан президентан ЭрдохIан Реджепан сайт тIехь динчу дIахьедар тIехь аьлла ду шина лидеро барт бина хиларх лаьцна, юкъаметтигаш латто а, цхьаьнакхета а. И цхьаьнакхетар маца хир ду цкъачунна аьлла дац.

ВВС-но дийцарехь, Путин Владимира шен ЭрдохIан Реджепаца хилла дагадовларш дIадирзича дош делла, Оьрсийчоьнан Iедало туркойн министраллашца дийцарш дIахьура ду аьлла, шина пачхьалкхана юкъахь йохка-эцар а, экономикехь юкъаметтигаш а юхаметтахIиттор Iалашонца.

Цул сов, Кремл дагахь ю Оьрсийчура туристашна Туркойчу баха доьхкаш бина сацам юхабаккха. Кремлан зорбанан сервисо бинчу хаамца, Оьрсийчоь лууш ю Туркойн пачхьалкхо Оьрсийчоьнан махкахойн кхерамазалла ларъян кхин а алсам гIулчаш яхар.

ЭрдохIанца къамел деш Путина емалдина 41 стаг а вуьш, Истанбулерчу Ататаюркан цIарах йолчу дуьненаюкъарчу кеманпортан тIелатар дар. Шина а президенто юха а дIахьедар дина Оьрсийчоь а, Туркойчоь а кхин дIа а дагахь ю терроризмаца къийсам латтон аьлла.

Кхаарин дийнахь хаьлхо Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро Песков Дмитрийс хаам бинера, Путина а, ЭрдохIана а телефонехула къамел дина аьлла. Цу тайпа дийцарш дуьххьара хилла цу шина лидерна юкъахь стохка Лахьан-баттахь дуьйна Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а юкъаметтигаш телхинчул тIаьхьа.

Оьрсийн а, туркойн а юкъаметтигаш тояларехьа гIулч яьккхина Оршот дийнахь, ЭрдохIана Путине кехат дахьийтинчул тIаьхьа. Цу тIехь Туркойчоьнан куьйгалхочо шаьш халахеташ хилар хаийтинера Оьрсийчоьнан тIеман кеманца инцидент хилар бахьана долуш. Песковс дийцарехь, ЭрдохIана оьрсийн пилот верна къинтера довла шайна аьлла Путине.

Кремло динчу дIахьедарна тIехь аьлла ду Оьрсийчоьнан пилот верна жоьпе озийна волу Туркойчоьнан вахархо бехке хилар толлуш нийсо лелоре сатесна ду шаьш аьлла.

Карарчу хенахь дIаяьхна яц Оьрсийчоьно Туркойчоьнна дуьхьал кхайкхийна йолу экономикан санкцеш. Цаьрца а догIуш, дихкина ду Туркойчоьнан сурсаташ Оьрсийчу дар. Ткъа иштта дихкина ду туркойн компанешна а, бахархошна а Оьрсийчохь болх бар. Цул сов, шайн кема чудаийтина аьлла Оьрсийчоьнан Iедалша дихкина шайн туристашна Туркойчу садаIа баха.

Шемахь дIахьочу тIеман операцехь дакъалоцуш долу Су-24 олу бомбанаш туху кема чудаийтира туркойн тIелетачу кемано стохка Лахьан-баттахь. Туркойчоьно дIахьедар дира цу кемано шайн доза дохийнера аьлла а, ша варе дар тергал а ца деш дIадоьдуш дара иза аьлла а. Оьрсийчоьно иза бакъ дац бохуш чIагIдора.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG